Кучеряба, Тихон Александрович
Тихон Александрович Кучеряба | |
---|---|
Вина терахь | 1910 шеран 29 июнь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1978 шеран 15 март (67 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
Эскаран тайпа | авиаци |
Дарж | Советийн гварди, подполковник |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Тихон Александрович Кучеряба (1910 шеран 29 июнь, Николаевка, Херсонан губерни — 1978 шеран 15 март, Харьков) — гвардин подполковник, кеманхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кучеряба вина 1910 шеран 29 июнехь Николаевка юртахь (хӀинца Украинин Одессан областан Ширяевски кӀошт). Школан 9 класс чекхйаьккхича иза совхозехь болх бан волавелира. 1932—1934 шерашкахь иза вара ЦӀен Эскарехь. ЦӀа вирзича цо Соьлжа-ГӀалахь школа а, аэроклуб а чекхйаьккхира. 1938 шарахь цо чекхйаьккхира аэроклубийн комиссарийн курсаш, 1940 шарахь — политикан дӀахӀоттаман курсаш[1].
ТӀом болабелча иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1942 шеран октябрь дуьйна иза фронтехь вара. Цкъа хьалха кхаччалц цо гӀаш эскаршахь политрук волуш тӀом бира. Иза кеманхо Ӏамарна бахьнехь иза 1943 шеран мартехь иза дехьавеккхира 230-гӀа штурман дивизин 43-гӀа гвардин штурман авиаполке. 1943 шеран аьхкехь иза Ӏамийра Ил-2 штурмовик леладан[1].
ТӀом чекхболуш хенахь гвардин капитан вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 4-гӀа хӀаваан армин 230-гӀа штурман дивизин 43-гӀа гвардин штурман авиаполкан эскадрильян куьйгалхо вара. ТӀеман хенахь цо бира мостагӀийн танкийн а, салтийн а, лараме объекташна а бомбанаш тӀетоха 120 тӀеман тӀемавалар. Цо хӀаллак йира 21 хӀаваан йоккха топ а, 34 аренан йоккха топ а, 19 танк а, 24 эчиг некъан вагон а, 7 катер а, 18 бензинан цистерна а, 6 чӀагӀйина герз детта меттиг а, 370 гергга немцойн салтий а, эпсар а[1].
1946 шеран 15 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин капитанан Кучерябас тӀема хенахь гайтина майраллина бахьнехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
ТӀом чекхбеллача Кучерябас Советан эскарехь болх бира. 1949 шарахь цо чекхйаьккхира Эпсарийн лакхара тӀемаваларан тактикан курсаш. 1957 шарахь подполковникан даржехь Кучеряба тӀаьхьаллоне веккхира. Иза Харькове ваха дӀавахийтира. Иза велира 1978 шеран 15 мартехь[1].
Николаевка юртахь цо даьшна школан тӀехь хӀоттина мемориалан у[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 6 Кучеряба, Тихон Александрович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Воробьёв В. П., Ефимов Н. В. Герои Советского Союза. Справочник — СПб., 2010.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Адамаш абатца
- Бинарш 29 июнехь
- Бинарш 1910 шарахь
- Бинарш Российн имперехь
- Белларш 15 мартехь
- Белларш 1978 шарахь
- Белларш Харьковхь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден йелларш
- «ТӀеман кхиамийн» мидал йелларш
- «Кавказ ларйаран» мидал йелларш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал йелларш
- «Кёнигсберг йаккхарна» мидал йелларш
- ССРС ТӀеман Ницкъийн ветеранан мидал йелларш
- Белларш 29 июнехь
- Белларш 1910 шарахь