Чулацаман тӀегӀо

Куокканен, Рауна

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Куокканен Рауна
фин. Rauna Kuokkanen
Йина терахь 1971({{padleft:1971|4|0}})
Йина меттиг Утсйоки
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа Ӏилманча, профессор
Ӏилманан кхоче политологи
Белхан меттиг Торонтон университет, Лакхара саамийн ишкол[fi]
Альма-матер Оулун университет
Ӏилманан дарж доктор наук
СовгӀаташ а, премеш а

Куокканен Рауна (фин. Rauna Kuokkanen, йина 1971 шарахь, Утсйокехь) — финнийн Ӏилманча-политологи, Финляндин саамийн векал. Политологин а, экологин оьздангаллин а областехь Ӏилманан талламаш беш йу, доккхаха долчу декъана, белхийн тематика йоьзна йу орамера къаьмнийн проблематикица. Кхин а йевза къилбаседасаамийн маттера ингалсан матте гочдархо санна.

Куокканен Рауна йина 1971 шарахь Финляндин къилбаседера Утсйокехь саамийн доьзалехь, цуьнан да — редактор Эйно Куокканен (вина 1945), нана — гӀарайаьлла саамийн йаздархо а, хьехархо а Палтто Кирсти (йина 1947)[1].

Лакхара дешар дешна Оулун университетехь «саамийн мотт а, литература а» говзалла Ӏамош. Педагогикера докторан диссертаци даьккхира Канадехь, Британин Колумбин университетехь[2].

Торонтон университетехь (Канада) политологин профессор йу. Каутокейнора (Норвеги) Лакхара саамийн ишколан[fi] деканан декхарш кхочушдийриг.

Дукха шерашкахь саамийн бакъонаш ларйира, лелайо шина маттахь блог (къилбаседа саамийн а, ингалсан а меттанашкахь)[3]. Была основателем и председателем организации молодых саамов Финляндии Suoma Sámi Nuorat[4].

2001 шарахь Куокканена редакцица зорба туьйхира саамийн литературин хӀокху заманан антологи Juoga mii geasuha. 2011 шарахь Куокканен Раунас шен нанас йаздина берийн жайна гоч а дина, ингалсан маттахь жайна зорба туьйхира, цуьнан цӀе — The White Stone (къ-саамийн. Vilges geađgi)[4].

Цхьадолу белхаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Hirvonen, 2010.
  2. Rauna Kuokkanen CV(ингалс.)(къ/седа-саам.)
  3. Marten, 2009.
  4. 1 2 Rauna Kuokkanen, University of Toronto Архивйина 2015-07-07 — Wayback Machine: Краткая биография, список публикаций.(ингалс.)

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]