Кунта-Хаджи Кишиев

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кунта-Хаджи Кишиев
Дин ислам
Вина терахь 1800
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1867 шеран 19 май({{padleft:1867|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Кхелхина меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кунта-Хаджи Кишиев - вайнаха чlогlа лоруш,вайн дозанал арахьа дехачу кьаьмнашна а вевзаш воккха Эвлия,Шайх,Устаз ву. Кунта-Хьажа вина 1812-чу шеран 11-чу июлехь Иласхан-юртахь. Нохчийн Муфтис Межиев Салахьа-Хьажас дуьйцу:" Кунта-Хьажин дай Кьурайшин цlийнах, Турпал-lелин тlаьхьенах болуш хилла. Шемара Абаз баьхкина, Абазара Гlирма баьхкина, Гlирмара Гlумха баьхкина,Гlумхара Гlоьрдала баьхкина, Гlоьрдалара Мелчу-хе баьхкина, Мелчу-хера Иласхан-юрта баьхкина, цигахь Хьаьжа дуьненчу ваьлла" - бохуш.Цхьаболчу наха олуш долу:"Шемара Абаз баьхкина - Абзой хилла", иза таллам бан безаш ду.