Кузнецова, Мария Степановна
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Кузнецова Мария Степановна | |
---|---|
Файл:Кузнецова Мария Степановна.jpg Кузнецова Мария Степановна | |
ГӀуллакхан тайпа | йуьртан бахам |
Йина терахь | 1910 шеран 5 январь |
Йина меттиг | Елизаветино эвла, Аткарскан уезд Саратовн губерни |
Кхелхина терахь | 1986 шеран 12 ноябрь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | Саратов |
Гражданалла |
![]() |
СовгӀаташ |
Кузнецова Мария Степановна, маре йахале — Иванова (1910 шеран 5 январь— 1986 шеран 12 ноябрь) — советийн йуьртан бахаман хьалхелелорхо, ССРС Советийн бахаман министраллин Саратовн областан, Аткарскан кӀоштан хӀулелон «Елизаветинский» совхозан звеньевая, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1948).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Йина оьрсийн ахархойн доьзалехь. 11 шо долуш да-нана делла буо йисира, кхиош йара девашас. Ишколехь дешна йацара, грамота ледара йолуш йара.
Къахьега йолайелира 15 шо долуш. 1929 шарахь "Елизаветинский" колхозан йукъайахара, 1941 шарахь цунах совхоз йира изза цӀе йолуш. Болх бан йолайелира могӀара колхозхочуьнна тӀиера, тӀаьхьа хилира арелелоран бригадан зӀенхо, кхиадора кӀа. 1947 шарахь цуьнан зӀено кхиийра лакхара буьртиган ялта. 9,97 гектар майдан декъан тӀиера гулдира 31,08 центнер хӀора гектаран тӀиера "Саратовская 29" цӀе йолу сорт кӀа[1].
ССРС Лакхара Советан Президиуман 1948 шеран 26 февралан омарца, совхозо 1947 шарахь пачхьалкхан йуьртан бахаман сурсаташ дӀадаларан план кхочушйеш, лакхара кӀен ялта кхиорна а, 1948 шеран бӀаьста дӀаден буьртиган культурийн хӀу латторна а Кузнецова Мария Степановнин йелира сийлахь цӀе Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо Ленинан орден а, ««Марс а, жӀов а» мидал» а луш.
Лакхара совгӀаташ дӀаделира даздаран гуламехь Саратовхь 1948 шеран 17 майхь.
1959 шарахь доьзал бахьнехь кхелхира гуттаренна йаха Саратов гӀала. 1960 шарахь балха йахара гӀишлошйаран кхолламе пхьегӀаш йуьлург, йуьург йийриг, кухнера белхахо. 1963 шеран мартехь дуьйна – "Саратовтехснабнефть" конторан белхахо. 1967 шарахь садаӀа хьакъдолуш пенсе йахара[2].
Елла 1986 шеран 12 ноябрехь. ДӀайоьллина Саратов гӀалан Елшански кешашкахь.
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Дешин седа «Марс а, жӀов а» (03.04.1948)
- Ленинан орден (03.04.1948)
- кхин мидалш.
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Елизаветино эвлара Турпалхойн аллей тӀехь Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун Кузнецова Мария Степановнин сий деш хӀоттийна мемориалан у[3].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Ветеран вернул забытое имя Героя Труда (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). atkarskgazeta.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 31 майхь. Теллина 2019 шеран 31 майхь.
- ↑ ТРУДОВАЯ СЛАВА. Агропромышленный комплекс - Кузнецова Мария Степановна (5.01.1910-12.11.1986). trud-slava.ru. Теллина 2019 шеран 31 майхь.
- ↑ Мемориальные доски в честь Героев Социалистического труда Марии КУЗНЕЦОВОЙ и Валентина НИКИТИНА торжественно открыли на Аллее Героев. - 4 Мая 2016 - МОУ-СОШ с. Елизаветино Аткарский район Саратовская обл.. mvpkkaskad.at.ua. Теллина 2019 шеран 31 майхь.