Кузнецова, Галина Кузьминична

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кузнецова Галина Кузьминична
Йина терахь 1912 шеран 20 июнь({{padleft:1912|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Йина меттиг Петарбух,
Российн импери
Кхелхина терахь 2005 шеран 4 январь({{padleft:2005|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (92 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, Росси
Корматалла: актриса
Гражданалла:  Российн импери
 ССРС Росси
Жигара шераш: 1931−1978
СовгӀаташ:
Орден «Сийлаллин Билгало»
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»

Кузнецова Галина Кузьминична (19122005) — советийн а, российн а театран актриса, хьехархо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1912 шеран 20 июнехь Петарбухехь.

1931 шарахь Кузнецовас чекхйаьккхира Ленинградан хореографин доьшийла (хӀинца Балетан А. Я. Ваганован цӀарах академи), дийшира Ваганова Агриппина Яковлевна йолчохь.

1931—1940 шерашкахь болх бира Ленинградан академин операн а, балетан а С. М. Кировн цӀарах театрехь а (хӀинца Мариински театр), 1940—1959 шерашкахь — ССРС Пачхьалкхан академин Йоккха театрехь.

Цул тӀаьхьа болх бира Новосибирскан операн а, балетан а театрехь, Польшера Варшаван операн а, балетан а театрехь балетмейстер-репетитор даржехь; хьийхира Вл. И. Немирович-Данченкон цӀарах МИАТ Ишкол-студехь (1960—1962), Йерригроссийн гастролийн-концертан бюрохь (1962—1965), Москохан опереттан театрехь (1967—1968), Москонцертехь (1971), Мисрара КъахӀиран оперехь (1972—1973), Варшаван операн а, балетан а театрехь (1973—1974), Германера Берлинан Штаатс-оперехь (1974—1978).

Йелла 2005 шеран 4 январехь Москохахь. ДӀайоьллина Новодевичьи кешнашкахь (дакъа 10, могӀа 8).

Кузнецова Галинех лаьцна йаздина актёра а, режиссёра а Тихомиров Павела шен жайнахь «Актёрийн цӀа. ТӀаьххьара тӀараштохар» коьртехь «Дахар а, бӀаьрхиш а, безам а…», Москох : Алгоритм, 2012.

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Ваша — Ленинградан драман А. С. Пушкинан цӀарах театран артист Кузнецов Георгий Кузьмич (1908—1947).
  • Кхузза марехь хилла:
    • хьалхара майра — хелхарча а, балетмейстер а, ССРС халкъан артист, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо Чабукиани Вахтанг Михайлович;
    • шолгӀа майра — циркан артист Макеев Владимир Капитонович, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь тӀепаза вайра[1];
    • кхоалгӀа майра — операн йишлакхархо а, режиссёр а, ССРС халкъан артист Канделаки Владимир Аркадьевич.
  • ЙоӀ — Йоккха театран артистка Канделаки Натэлла Владимировна.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • СовгӀаташ дина «Сийлаллин Билгало» орденца, «Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран», «Къинхьегаман ветеран», «Ленин Владимир Ильич вина 100 шо кхачаран» мидалшца.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]