Чулацаман тӀегӀо

Ксеригордонан гуо лацар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ксеригордонан гуо лацар
Коьрта конфликт: Ахархойн жӀарахойн тӀелатар
Ахархойн жӀарахойн тӀелатар дохар
Терахь 1096 шеран сентябрь
Меттиг Никейн уллера Ксеригордон
ЖамӀ Сельджукийн толам
МостагӀий

Ахархой-жӀарахой

Конин султанат

БӀаьччаш

Рено де Брей

Кылыч-Арслан I
Эльханеш

Массон ницкъаш

6,000

15,000

Белларш

6,000

дукха бац

Ксеригордо́нан гуо ла́цар — коьртехь Рено де Брей волу Ахархойн жӀарахойн тӀелатарехь ахархоша-жӀарахоша дӀалаьцна Ксеригордон гӀопан, инарла Эльханешан баьччаллица, сельджукаша гуо лацар. ГӀап ларйархой хи доцуш бисина, гуо лацаран бархӀ де даьлча карабахара 1096 шеран 29 сентябрехь. Ткъа цхьаболу жӀарахой реза хилира ислам тӀеэца, ткъа ца эцнарш байира.

Хьалхара истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ахархойн-жӀарахойн эскар охьадоьссира 1096 шеран 6 августехь Жима Азехь, лагерца севцира Никейн къилбаседа-малхбузехьа Циветотехь, оцу хенахь Никей Конин султанатан коьрта шахьар. Къона султан Кылыч-Арслан I оцу хенахь малхбалехьа тӀамтӀехь вара, ДанишмендгӀаьрца.

ЖӀарахойн коьрта эскаре хьожуш низам доьхна ахархой-жӀарахой лулара йарташна тӀелета буьйлабелира. Уьш тобанашка гуллуш, цхьана хенахь тола а туьйлира совцо гӀерта Никейн гарнизонал. Рено де Брей коьрте хӀоьттира 6000 немцочун тобанан (лангобардаш а, алеманнаш а), царна йукъахь 200 гергга къонаха а вара. Рено реза вацара Никей гергара талорийн жамӀашна, иза кхин а гена Ксеригордоне, гӀап малхбалехьа деа дийнан новкъахь, вахара цигахь тӀелатаран бух билла. 1096 шеран 18 сентябрехь Ренос атта иэшийра Ксеригордонан гарнизон.

Кылыч-Арслан I-чо жӀарахой совцор тӀедиллира инарлин Эльханешан 15 эзар эскаран баьччалла, эскар лаьттара коьртаниг дошлойн пхарчхойх.

Эльханеш кхечира Ренос Ксеригордон дӀалаьцначул тӀаьхьа кхо де даьлча, 21 сентябрехь, гӀопан гуо лецира. Туркойн дошлой леларан сихалло немцой бохийра, уьш гуо лацаре хьоьжуш бацара, цундела йуъчуьнца а, молчуьнца а кечам ца бинера. Цул сов, гӀопехь тӀаьхьлон дитина хи а дацара:

Тхан нах чӀогӀа хьогах болуш шайн говрийн а, ишакийн а цӀий муьйлура, кхечара шайн доьхканаш а, йовлакхаш а чухоьций, уьш Ӏуьйдуш хи мала гӀертара… цхьаболчара хьатӀ канаш чу а тоьлуш, иза муьйлура, ткъа кхечара тӀуьна латта охкий, букъ тӀе буьйшура харш чу, хьогаллин бала байа а, дегӀ шелдан а[1]

ЖӀарахошна гӀо ца кхечира. Цхьаболчу талламхоша гойту, туркоша ши шпион вахийтанера, Ксеригордонехь хьалха санна кхерамаза ду, Никей Рено де Брейс дӀалаьцца аьлла Циветотера жӀарахойн лагерехь эладит хеца. Кхечара билгалдоккху, жӀарахойн тхьамданашна йукъахь барт ца балора, тӀаьххьара, октябрехь Ксеригордоно тӀом сацийна, гӀала дӀайелла аьлла хабар кхаччалц.

БархӀ дийнахь жӀарахоша дуьхьало йира хьогаллина а, туркойн пхерчийн догӀанна а, кӀурин атакашна а. ТӀаьххьара немцойн тхьамдано карадахар кховдийра. ГӀап дӀайелира 1096 шеран 29 сентябрехь а. Цхьаболчу жӀарахоша тӀеийцира ислам дин, иман ца диллинарш леш бира, цхаберш байира.

Рено де Брейх болу хаамаш чолхе бу. Цхьаболчара гойту, иза вира гуо лацаран йуьххьехь, туркойн хин шаьлгаш схьадаха гӀерташ волуш, кхечара — иза велла гуонехь йа ислам тӀеэцна.

Ксеригордон йоьжначул тӀаьхьа Кылыч-Арслан I-чо шен эскар дахийтира ахархошна-жӀарахошна Циветота гергахь Никейн новкъахь кӀело йан.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. August. C. Krey, The First Crusade: The Accounts of Eyewitnesses and Participants, (Princeton: 1921), 71-72

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]