Къудс-ГӀалин гуо лацар (1099)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къудс-ГӀалин гуо лацар (1099)
Коьрта конфликт: Дуьххьара жӀарахой тӀелатар
Siege of Jerusalem 1099 (1).jpg
ЖӀарахой Къудс-ГӀалин пенаш кӀелахь, миниатюра, XIII бӀешо
Терахь 1099 7 июнь15 июль
Меттиг Къудс-ГӀала
ЖамӀ ЖӀарахойн буьззина толам
МостагӀий

Cross of the Knights Templar.svg ЖӀарахой

Rectangular green flag.svg ФатимагӀар

БӀаьччаш

Gules a fess argent.svg Бульонан Готфрид
Blason Languedoc.svg Тулузин Раймунд
Blason duche fr Normandie.svg Нормандин Роберт

Ифтихар ад-Даулат

Массон ницкъаш

1200—1300 къонах
12 000 гӀашло[1]

Гарнизон — 1000 стаг[1]
маьрша бахархой 60 000 стаг[2]

Белларш

Хууш дац

40 000 сов[1]

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Къудс-ГӀалин гуо лацарДуьххьара жӀарахой тӀелатаран коьрта хиламех цхьаъ. Хилла 1099 шеран 7 июнера 15 июль кхаччалц, иза бахьнехь гӀала дӀалаьцна жӀрахойн эскарша. Гуо лацарехь баьллачу аьттоно чекхдаьккхира Дуьххьарлера жӀарахойн тӀелатар, кхоьллира Жимачу Азехь жӀарахойн пачхьалкх.

Цул хьалхара хиламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

XI бӀешо чекхдолуш, Малхбузен Европехь цхьа могӀа бахьнашца (уггаре хьалха экономикин а, демографин амалан) Ӏийса пайхамаран وصلة= каш мукъадаккхаран Ӏалашонца жӀарахой тӀелатаран хьал хӀоьттира[3]. 1095 шеран 26 ноябрехь, Урбан II-гӀа папас, Клермонан килсан гуламехь, кхайкхам бира Малхбале гӀой Къудс-ГӀала мукъайаккха бусалбачеран куьйга кӀелара, цига баханчеран къинош ша дӀадохур ду, доьзалаш а, бахам а Ӏалашбийр бу, декхарех мукъабохур бу аьлла. И ойла йаьржира йерриг Малхбузен Европин керстачеран пачхьалкхашкахула. Сихбелла кечдина къечу нехан тӀелатар чекхделира дуьззина иэшарца — берриш аьлча санна цуьнан декъахой хӀаллак бира сельджукаша[4]. ТӀаьхьо араделира норманнийн, французийн, германхойн къонахийн феодалийн эскар. Эскар цхьалла йолуш дацара, хӀунда аьлча хӀора феодало йукъаозийнера шех-шех бозуш болу нах, ткъа церан коьртера тӀеман баьччаша тхьамдалла къуьйсура вовшашца[5].

Цул хьалхара хиламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1097 шеран бӀаьста вовшахтоьхна эскар дехьаделира Босфорах, Азин агӀорхьа, цу тӀе тӀелатаран куьйгалхоша байӀат дира византин императорна Алексей I Комнинна шеш схьадаха тарло латташна[6]. ТӀаьхьарчу шина шеран дохаллехь эскар меллаша къилбехьа дӀатеӀара. византийн тобанийн гӀоьнца церан аьтту белира Никей схьайаккха, ткъа тӀаьхьуо Дорилейра тӀамехь руман султанан Кылыч-Арслан I-чун эскар хӀаллак дан. Дика чӀагӀйина а йолу, луьста адам долу Антиохин тӀекхаьчча, жӀарахоша цуьнан гуо лецира, йаккхий халонаш а лайра[7]. Къудс-ГӀала дахарх кхин а ах шо даьлча бен гӀуллакх ца хилира, Антиохи чаккхенца йоьжначул тӀаьхьий бен, 1098 шеран 28 июнехь. Оцу масех баттахь эскаран баккхий иэшамаш хиллера — августехь керстачеран лагерехь долу ун доладелира, цуо масех эзар стаг вийра, царна йукъахь папин легат а, жӀарахойн синмехаллин тхьамда а волу епископ Монтейлан Адемар[8] а.

ТӀелатар дӀадахьар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къудс-ГӀала йаккхарх лаьцна 1099 шеран эрмалойн колофон[9]

ЖӀарахойн тӀеман баьччин хьаькмашна йукъахь барт бацара. Византийн императорца Комнин Алексейца бинчу бертан тешаме волу провансалан маркграф Тулузин Раймунд, йехачу хенахь къобал ца дора Тарентан Боэмундан Антиохин куьйгалле хӀоттар, амма тӀаьххьара а нийсархойн Ӏаткъамца иза йита йийзира цунна. Боэмунд кхайкхийра Антиохин эла, цул тӀаьхьа сацам бира керлачу пачхьалкхехь урхалла дан саца, тӀелатарна йукъара вала[10]. 1098 шарахь ша кхоьллинчу Эдессин графаллехь урхалла деш волу Булонан Балдуин а вацара Къудс-ГӀалин тӀелатарах дӀакхета гӀерташ. Оцу муьрехь тӀелатар сацийра французийн паччахьан вашас Гуго де Вермандуас а, Блуан графо Этьена а, уьш шайн эскаршца даймахка цӀа бирзира[11].

1098 шеран ноябрехь Тулузин граф Раймунд а, цуьнан куьйга кӀелара Провансан къонахой а новкъа бевлира Антиохера къилба-малхбалехьа МаӀарратехьа, 23 ноябрехь гӀалин гуо лецира. Раймундан омарца гуонахьара хьун чуьра даьккхина дечигах дира гуо лацаран герз, царна йукъахь йеа гӀотан бӀов а, лакхарчу гӀотан тӀера жӀарахоша кхуьйсура гуонехь бисинчарна тӀулгаш. МаӀарратан гарнизоно чӀогӀа дуьхьало йора, шайн рогӀехь кхуьйсура керстачеран лагере тӀулгаш, пхерчий, желтойн цӀе. Дукха хан йалале гуо лацарна тӀекхийтира Тарентан Боэмундан норманнийн эскар — Раймундан генара схьа мостагӀ волу, цунна ца лаара, вукхунга МаӀаррат шега йаккхийта, — тӀаккха 1098 шеран 11 декабрехь шина агӀора тӀелетта МаӀаррат, йуьйжира, цул тӀаьхьа жӀарахоша гӀалин талораш дира, берриш аьлча санна хӀаллакбира бахархой. ГӀала йаьккхинчул тӀаьхьа норманнашна а, провансалхошна а йукъахь къийсамаш буьйлабелира, герзаш а детташ[8].

Толам баьккхинчул тӀаьхьа[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЖӀарахой карийначу сийлахь реликви — Ӏийса пайхамар وصلة= тӀетоьхна хиллачу жӀар йолчохь

1099 шеран 15 июлехь Къудс-ГӀала йаккхар билгалдаьккхина XII бӀешеран йуьххьера дерриг историн хьосташкахь, царна йукъахь оьрсийн «Хенан шерийн повестехь»[1] а. ГӀала йоьжначул тӀаьхьа керла кхоьллина Къудс-ГӀалин паччахьаллин урхалча хилира Бульонан Готфрид. Готфридан ца лиира шех паччахь олийта Ӏийса пайхамаран وصلة= коканийн таж тиллинчу гӀалахь, цундела 1099 шеран 22 июлехь тӀеийцира Ӏийса пайхамаран وصلة= каш лардархо (лат. Advocatus Sancti Sepulchri) дарж. 1 августехь хаьржира дуьххьарлера Къудс-ГӀалин латинан патриарх. Иза хилира Шокесан Арнульф, Нормандин Робертан капеллан[12]. 5 августехь, тамашена хӀума долуш дийна бисина гӀалахой лебина, Арнульфан хиира сийлахь реликви — Ӏийса пайхамар وصلة= тӀетоьхна Денбеш йолу ЖӀар – мичхьа лаьтта, цуо керла динан айам бира[13].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 Заборов, Михаил Абрамович Крестоносцы на Востоке. Глава 2. Теллина 2011 шеран 23 августехь.
  2. Раймунд Ажильский История франков, которые взяли Къудс-ГӀала(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2011 шеран 23 августехь.
  3. Ле Гофф, Жак. Цивилизация Средневекового Запада. — Екатеринбург: У-Фактория, 2005. — С. 83—85.
  4. Эпоха крестовых походов / под редакцией Э. Лависса и А. Рамбо. — М.: АСТ, 2005. — С. 349—350.
  5. Харперская энциклопедия военной истории Дюпюи Р. Э. и Дюпюи Т. Н. Все войны мировой истории. Книга 2. 1000—1500 гг. — М.: АСТ, 2004. — С. 95.
  6. Егер, Оскар. Всемирная История Том 2. — М.: АСТ, 1999. — С. 271.
  7. Харперская энциклопедия военной истории Дюпюи Р. Э. и Дюпюи Т. Н. Все войны мировой истории. Книга 2. 1000—1500 гг. — М.: АСТ, 2004. — С. 97.
  8. 1 2 Эпоха крестовых походов / под редакцией Э. Лависса и А. Рамбо. — М.: АСТ, 2005. — С. 359.
  9. Robert W. Thomson. The Crusaders through Armenian Eyes // The Crusades from the Perspective of Byzantium and the Muslim World / Edited by Angeliki E. Laiou and Roy Parviz Mottahedeh. — Dumbarton Oaks, 2001. — P. 72—73.
  10. Дуглас Д. Ч. Норманны от завоеваний к достижениям. — СПб.: Евразия, 2003. — С. 237—238.
  11. Успенский, Фёдор Иванович История крестовых походов Глава 2(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 31 январехь. Теллина 2011 шеран 18 сентябрехь.
  12. Сычёв Н. Книга династий. — Москва: АСТ, 2005. — С. 350, 359.
  13. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Егер тIетовжаран йоза йаздина дац

Историн хьосташ а, литература а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Историн хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Эпоха крестовых походов / под редакцией Э. Лависса и А. Рамбо. — М.: АСТ, 2005. — 1086 с. — 3000 экз. — ISBN 5-17-017968-5.
  • Ле Гофф Ж. Цивилизация средневекового Запада. — Екатеринбург: У-Фактория, 2005. — 568 с. — 3000 экз. — ISBN 5-94799-388-0.
  • Заборов М. А. Крестоносцы на Востоке. — Москва: Наука, 1980. — 320 с.
  • Все войны мировой истории Книга 2. 1000—1500 гг / Харперская энциклопедия военной истории Дюпюи Р. Э. и Дюпюи Т. Н.. — Москва: АСТ, 2004. — 517 с. — ISBN 5-17-013493-2.
  • .
  • Ришар Ж. Латино-Иерусалимское королевство / Пер. с фр. А. Ю. Карачинского; Вступ. ст. С. В. Близнюк. — СПб.: «Издательская группа Евразия», 2002. — 448 с. — 2000 экз. — ISBN 5-8071-0057-3.