Костоев, Ширвани Устарханович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ширвани Устарханович Костоев
ГӀуллакхан тайпа военнослужащий
Вина терахь 1923
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1949 шеран 6 август({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Кхелхина меттиг
СовгӀаташ
Российн Федерацин Турпалхо
Российн Федерацин Турпалхо
ЦӀен Байракхан орден Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден ЦӀен Седан орден

Ширва́ни Устарха́нович Косто́ев (1923, Галашкие, Ламанхойн Автономин Советийн Социалистийн Республика1949 шеран 6 август, Елгава) — лакхара лейтенант, штурман авиацин полкан декъан командир, Сийталхь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Российн Федерацин турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1923 шарахь Нохч-ГӀалгӀай АССР Галашкие юртахь. 1941 шарахь ЦӀен эскарехь тӀеман гӀуллакх доладелира. 1942 шарахь цо чекхйаьккхира Краснодаран тӀеман авиацин пилотийн школа. Школа чекхйаккхча иза вара Поволжьехь а, Сибарехь а йолу сов авиаполкашахь.

1942 шо дуьйна иза фронтехь вара. ТӀамтӀехь цо лелийра Ил-2 цӀе йолу кема. Иза 100 сов вахара мостагӀийн эскарашна бомбанаш тоха, цунна кхуза чевнаш йинера, амма иза йуха а тӀамтӀе вогӀура.

Курски латарехь Костоевс хӀаллак йира 11 мостагӀийн танк. Цхьана дийнахь иза шен кемантӀехь йухавогӀуш цун тӀелетира кхоъ немцой кема. Костоевс цхьа кема чудаитира, амма цуьн кеманан а дика зен динера. Цуьна дийзира ца ваьлла кема охьахаийта. Кхано йагарйича цуьна кеман кхетта хиллера 17 дӀаьндирг.

Костоев дакъа лецира Белорусси а, Прибалтика а, Малхбале Прусси а паргӀатйоккхуш. 1945 шарахь Кёнигсберган уллехь цо хӀаллак дира 125 салтий а, эпасар а тӀехь болу немцойн хӀордан кема. Циггахь цо кхи цхьаъ мостагӀийн кема чудаитир. Цул тӀаьхьа цо Берлин паргӀатйоккху операцехь дакъа лецира. Германи эшин йаллале цо кхи цхьаъ кема чудаитир.

Цунна Советски Союзан Турпал цӀе йала йеза аьлла цуьнан хьакимаш кехаташ кечдинера, амма цхьа а бахьан ца дуьйцуш цунна и цӀе ца йелира. Куьгалхошна Костоев везара, цундела нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бохуш хенахь иза эскерехь витира. 1945 шарахь иза шен гергарниш болчу Алма-Ата улле вахар, царна шега далуш долу накъостал а дийра.

ТӀом чекхбелча иза Прибалтийски тӀеман округехь висира. Цигахь иза вара зерхо-кеманхо. 1949 шеран 6 августехь иза велира. Костоев дӀавоьллира Латвехь Елгава гӀалин уллехь.

1995 шеран 6 июлехь цунна йелира Российн Федерацин Турпалан цӀе.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Мидал «Дашо седа»;
  • Ц1ен Байракхан орден;
  • Сийталхь-Боккха Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден;
  • Сийталхь-Боккха Даймехкан тӀеман 2-чу даржан орден;
  • Ц1ен Седан орден;
  • мидалш.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]