Ков:Мухьаммад/Керла яззамаш

ХӀара агӀо Википеди чуьра йу — маьрша энциклопеди

Пана арахь маьркӀажехь жинин къамел а хезна, динах адамашна а, жинашна а довзийта АллахӀ-дала хӀоттийна ша пайхамар хилар вайн пайхамарна гучудаьллачул тӀаьхьа, кхин а йоккха къайле гучуйоккху цунна АллахӀ-дала. Иза ду, Мухьаммад-пайхамар АллахӀ-дала шен стигланашка хьалаваккхийтартарх а, цигахь долу Ӏаламаташ цунна гайтарх а дерг. И Делан хилам кхочушхилла, шех тераниг кхин адамашна гина йоцучу, тамашийна еанчу буьйсанна. Цхьа а тайпа адамийн а, даьхнийн а, акхаройн а, Ӏаламан а тата-гӀовгӀа йоцуш еана и еза буьйса. Атталла механ а, хин а тата хезаш доцуш тийна хилла. Буьйса ши дакъа хилла екъаеллачу хенахь, набарна вижина а волуш Мухьаммад сама волу аз хезна: «Самавала, хӀай набарна вижнарг!» Мухьаммад-пайхамар набарах ваьлча, цунна хьалха лаьттара АллахӀ-делан деза Джабраиль-малик. Декхна синтеме дара цуьнан тӀемаш. Ткъа духар, уггаре а дезачу тӀулгаша къарздина а, дашон тайца тегна а дара. Цо Мухьаммадна ялийнера кӀайн говр. Дала адамашна гайта мел кхоьллинчу хӀуманал хаза а, товш а яра иза. Цуьнан юьхь адамчух тера яра, беснеш говран яра; бӀаьргаш лепара седарчех. Лечанчийх тӀемаш дара цуьнан, серлонан зӀаьнарех лепаш а долуш, цуьнан дерриге а дегӀ дара исбаьхьачу дезчу тӀулгаша хьулдина. Иза кхел-бекъа яра, бӀаьргаш кхолош нуьре а, дуьйцу ца хезначу кепара чехка а хиларна, шех аль-Буракъ аьлла (ткъес) цӀе тиллина йолу.

Оцу тамашийначу говрана тӀехаа Мухьаммад гӀоьртича Буракъ дӀаиккхира, тӀехьарчу когашна тӀе а хӀуттуш.

— Собаре хила хьо хӀай, Буракъ! — дист хилира Джабраиль-малик. — Ахьа ларам бехьа Делан элчанан, шен сийдеш АллахӀа лерина кхин стаг цкъа а ца хиллау.

— ХӀай, Джабраиль, — йист хилира Буракъ, — Делан доттагӀ ИбраьхӀим ца Ӏийна шен букъ тӀехь, шен кӀант ИсмаьӀил волчу ша воьдуш? Дала шен вели веш, шапаӀатан да винарг, цӀена дин довзаран некъ ша хӀоттийнарг вуй хӀара?

— ЦӀена бакъ дерг ду иза хӀай, Буракъ! ХӀара ву ӀабдуллахӀин кӀант Мухьаммад, Ӏаьрбийн ирс долуш хиллачу Къурайшин тайпанах, Делан цӀенчу динан ша охӀла а волуш. Адам-пайхамаран тӀаьхьенан корта бу хӀара, Делан элчанашна юкъахь массарел а сийлахь верг, массо а пайхамар тӀегӀачвеш Делан МухӀар ду хӀара. Кхуьнан шапаӀате сатесна хир ду Дала мел кхоьллина хӀума ялсаманен новкъахь. Шен аьтто агӀор тешначарна Дала елла нуьре Ӏарш йолуш, ца тешарца дӀабирзинчарна кечйина жоьжахатен сийна цӀе шен аьрру агӀор а йолуш.

— ХӀай Джабраиль! — дехар дира Буракъа, — хьайна а Мухьаммадна а юкъахь болчу бакъ тешаман дуьхьа, дехахьа цуьнга, вайн волчу Далла хьалха къематан дийнахь шена теш хӀотта, алий.

— ХӀай, Буракъ! хьо хилалахь тешна, — вист хилла Мухьаммад, — вайн Деле къинхетам аса хьуна боьхур бу, Ялсаманин неӀ хьуна йиллина хир ма ю. И дешан аьлла Делан элча валарца нуьре Буракъ цунна улло еара, тӀехаа аьтто беш иза дӀахӀоьттира.

Хьалхарчу стиглане хьала уьш кхаьчча, Джабраило ков туьйхира стигланан:

— Мила ву? — аз хезира чоьхьара.

— Джабраиль ду, — жоп делира Малико.

— Хьоьца верг мила ву?

— Мухьаммад ву.

— Ша Делан элча хилар къобалдина тӀе эцний цо?

— ХӀаъ. Аса тоьшалла до цунна.

— Делахь, марша догӀийла шу.

Стигланан кевнаш делладелира. И шиъ хьаладаьлла стигал цӀенчу цӀаста яра, цуьнан къегачу бухахь кхозура дашочу зӀенаш тӀехь къега седарчий. ХӀора а седанна тӀехь Ӏаш дара маликаш.