Карлаболу ницкъ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Topaz Solar Farm станци

Карлаболу ницкъ я карлайолу («баьццара») энерги- карлайолу хьостанах йоккху энерги ю. Иштта ницкъо маьӀданан (лаьттара йоккхучу) ягорг санна дукха парникийн газ а, Ӏалам бехдеш йолу хӀуманаш а ара ца хоьцу. Адамаш дукха а шерашкахь дуьйна пайдаоьцура ламастан могӀан ницкъах а, гидроэнергетиках а, биоярогах а, маьлхан энергих а. ТӀаьххьарчу заманахь дукхачу пачхьалкхашкахь даьржаш а, гӀарадолуш а ду ишттачу ницкъан массийн арахецар.

«Баьццара» энерги Ӏаламан гӀирсах йоккхуш ю, масала: маьлхан нуьрах а, хин Ӏоврах а, могӀах а, хӀорд тӀекхетарах а, геотермалан йовхонах а, уьш карлаяккхалуш ю, иштта биоягоргах а: дечигах а, ораматийн даьттанах а, этанолах а.

2018-чу шарахь карлайоккхучу ницкъашца кхачо йира дуьненна хьашташна 26-чу проценте кхаччалц[1].  

Кхиаран тенденцеш[нисъе бӀаьра | нисъе]

2006-чу щарахь карлайоккхучу энергица гергга 18 % хьашташна кхачам бира. Ткъа царах 13 % ламастан биомассах- дечиг дагадарца-яьккхина яра.

2010-чу шарахь дуьненан 16,7 % энерги яйар карлабоккхучу ницкъо кхочуш йира. Ткъа 2015-чу шарахь и гайтам 19,3%-е кхаччалц хьалабелар.

Ламастан биомассан дакъа тӀаьхь-тӀаьхьа лахлуш ду, ткъа кхузаманан карлайоккхучу энергин гайтам лакхаболуш бу.

2004—2013 шерашкахь Европин бертахь арахоьцуш йолу карлайоккху электроницкъ баран гайтам 14 % тӀера 25 % тӀекхаччалц лакхабаьлла[2]. 2018-чу шарахь Германехь «баьццарчу» хьостанашца 38 % электроницкъ арахецна[3].

Хьостанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. World gross electricity production, by source, 2018 – Charts – Data & Statistics - IEA
  2. Евгения Сазонова, Алексей Топалов Европа устала от солнца и ветра. 2016-02-07. Газета.ru. Теллина 2016 шеран 7 февралехь.
  3. Андрей Гурков Deutsche Welle 03.11.18 Плохая погода для «Газпрома»: газ проигрывает в ФРГ ветру и солнцу