Казанан килс (Петарбух)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сийлахь меттиг
Казанан килс
оьрс. Собор Казанской иконы Божией Матери
Spb 06-2012 Nevsky various 02.jpg
59°56′03″ къ. ш. 30°19′28″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Оьрсийчоь
ГӀала Петарбух
Лаьтта меттиг Санкт-Петербург
Дин Ортодоксан керсталла
Епархи Санкт-Петарбухан
Тайпа Зиярт
Архитектурин хатӀ Ампир а, классицизм а
Архитектор

Воронихин А. Н. а,

Колодин И. Ф. а.
Йиллина терахь 1801 шо
ГӀишлоъяр 18011811 шераш
Статус Wiki Loves Monuments logo - Russia - without text.svg ОТӀО № 7810539000№ 7810539000
Материал Кибарчиг
Сайт kazansky-spb.ru
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Казанан кафедралан килс (оьрс. Каза́нский кафедра́льный собо́р) я Делан Ненан Казанан цӀунан зиярт (оьрс. Собор Казанской иконы Божией Матери)- Петарбухехь уггар яккхийчарах килсах цхьаъ ю.

Килсан гӀишло йина Невски урамехь 1801-1811-чу шерашкахь. Проект йинарг Андрей Воронихин вара. Ӏаламаташ деш йолу Делан Ненан Казанан цӀу ларъяран Ӏалашо яра цуьнан.

1812-гӀа шеран оьрсийн-французийн тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа оьрсийн тӀеман сийлаллин хӀоллам санна маьӀна долуш меттиг ю хӀара.

1813-чу шарахь килсан чохь дӀавоьллина Кутузов Михаил Илларионович, иштта циг чохь Кутузовс тӀамца схьаяьхна гӀалийн догӀанаш а, тӀеман хӀонсаш а ю.

1932-чу шарахь цунах динан а, Делах цатешаран а музей йира. 1991-ра шо дуьйна килсан хьолехь (статусехь ду, иштта музейн экспозици а яра циг чохь. 2000 шо дуьйна Оьрсийн Ортодоксан Керстанийн Килсан Санкт-Петарбухан кафедралан зиярт ду. 2019-чу шеран бекарг (март) беттан 9-гӀа дийнахь дуьйна килсан игумен ву Санкт-Петарбухан а, Ладожан а митрополит Варсонофий (Судаков).

Зиярто цӀе елла Казанан майданан а, Казанан ураман а, Неван дельтехь йолу Казанан гӀайренан а, иштта Невски проспект а, Грибоедован татол а вовшахкхетачохь долу Казанан тӀайна а.