Чулацаман тӀегӀо

Кавказан сардалалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Россин империн сардалалла
Кавказан сардалалла
Пачхьалкх Россин импери
Адм. центр Екатериноградски, Астрахань
Истори а, географи а
Кхоллар 5 майхь 1785
ДӀайаккхар 31 декабрехь 1796
Кавказан сардалалла картин тӀехь
Кар-кара далар
← Астраханская губерния[вд] Астраханская губерния[вд] →
Кавказан сардалалла 1792 шо
Кавказан сардалалла 1792 шо

Кавка́зан са́рдалалла — Россин империн административан-мехкан урхаллин башха меже. Коьртехь Императоро хӀоттийна Сардал хилла, цуо кхочушдора дуьззина гражданийн Ӏедал (законашкхоллар доцург), иза дерриг цуьнан куьйгакӀела а дара.

Кавказан сардалийн оцу хенахь яккхийра тӀеман даржаш дара регионехь. Сардалаллин юрисдикцера мехках олура Кавказан мохк, административан коьрта шахьар Тифлисехь яра (1844 шарахь дуьйна). Мохк бекъалора 5 губернен (Тифлисан, Эриванан, Бакохан, Елизаветполан, Кутаисин) а, могӀа областашна.

Хьалхара сардалалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Император-аьзнин Екатерина II-гӀачун «Кавказан сардалалла шина областех – Кавказан а, Аштаркханен а – хӀотторах лаьцна» Омарца йира (1785 5 май — 1796 31 декабрь) Аштаркхнен а, Кавказан а губернех лаьтташ[1][2]. Кавказан губернехь йира ялх уезд, царех шимма (ГӀизларан а, Мазалкан а) дӀалоцура хӀинца Невран а, Шелковскан а кӀоштийн латта[3]. Кавказан сардалан ставка яра Екатериноградехь (хӀинца Екатериноградски гӀала), 1790 шеран 30 апрелехь дуьйна — Аштаркхнехь. Сардалаллин мехко дӀалоцура Ийдалан а, Донан а лахенашкара аренаш, Кубань а, Терк а тӀекхаччалц долу Къилбаседа Кавказа дакъа а, ткъа хӀинцалера Нохчийчоьнан махкахь, Ишорен а, Бороздиновскин а меридианашна йукъара Теркан къилбаседехьара мохк. Теркан аьрру бердаца яхъелла Кавказан губернин йукъайогӀу Мазалкан а, ГӀизларан а уездан гӀазакхийн гӀаланаш, чӀагӀонаш, хойн посташ: Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Гал-ГӀала, Казитерки, Долгой, Щедрински, Парабоч, Сарафанниково, Новогладковски, Старогладковски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски. 1790 шеран 30 августехь Кавказан губернии дӀаяьккхира, ткъа губернин коьрта меттигаш дӀаяьхьира Екатериноградера Аштаркхне[4]. 1796 сардалалла дӀаяьккхира.

Инарла-губернаторш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Кавказан сардалаллин инарла-губернаторш
1785 5 майхь — 1796 31 декабрехь
Даржера терхьашФЦӀОДахаран шераш
1785—1787Павел Сергеевич Потёмкин1743—1796
1787—1789Пётр Абрамович Текели1720—1793
1789—1790Иван Петрович Салтыков1730—1805
1790Антон Богданович де Бальмен1741—1790
1790—1796Иван Васильевич Гудович1732—1820
1796Валериан Александрович Зубов1771—1804
1796 31 декабрехь Кавказан сардалалла дӀаяьккхина
1796—1798Иван Васильевич Гудович1732—1820
1798—1799Ираклий Иванович Морков1753—1829
1799Дмитрий Иванович Киселёв1761—1820
1799—1801Карл Фёдорович Кнорринг1746—1820

Коьрта баьччаш Кавказехь[5]

  1. Карл Кнорринг: 1801—1802
  2. Павел Цицианов: 1802—1806
  3. Иван Гудович: 1806—1809
  4. Александр Тормасов: 1809—1811
  5. Филипп Паулуччи: 1811—1812
  6. Николай Ртищев: 1812—1816
  7. Алексей Ермолов: 1816—1827
  8. Иван Паскевич: 1827—1831
  9. Григорий Розен: 1831—1838
  10. Евгений Головин: 1838—1842
  11. Александр Нейдгардт: 1842—1844

ШолгӀа сардалалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Россин империн Сардалалла
Кавказан сардалалла
Пачхьалкх Россин импери
Адм. центр Екатериноградски, Астрахань
Истори а, географи а
Кхоллар 1844 27 декабрехь
ДӀайаккхар 1881 22 ноябрехь
Кавказан сардалалла картин тӀехь
Кар-кара далар
← Астраханская губерния[вд] Астраханская губерния[вд] →

1844 шеран 27 декабрехь Россин империн йукъадаьхкина Кавказан мехкашкахь (царна йукъахь Гуьржийн губерни, Эрмалойн область, Каспийн область), юха а кхоьллира Кавказан сардалалла йукъ Тиблисехь а йолуш.

1844 шеран 27 декабрехь иза лаьттара цхьаьна губернех а, шина областех а:

Сардалалла лаьттира 1883 шо тӀекхаччалц.

Кавказан сардалаш (1844 27 декабрехь—1881)
Даржера терхьашФЦӀОДахаран шерашДарж
1844 27 декабрехь — 1854 1 мартехьМихаил Семёнович Воронцов1782—1856Сардал
1 мартехь — 1854 шеран 29 ноябрехьНиколай Андреевич Реад1793—1855Сардалан декхарш кхочуш дийриг
1854 29 ноябрехь — 1856 22 июлехьНиколай Николаевич Муравьёв-Карсский1794—1866Сардал
1856 22 июлехь — 1862 6 декабрехьАлександр Иванович Барятинский1815—1879Сардал
1862 6 декабрехь— 1881 23 июлехьсийлахь эла Михаил Николаевич1832—1909Сардал
22 ноября 1881 Кавказан сардалалла дӀаяьккхина de facto

Кавказан администраци

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1881 22 ноябрехь Кавказан сардалалла фактаца дӀаяьккхира, кхоьллира Кавказан администраци коьртехь гражданийн декъан коьрта хьаькам а волуш, изза коьрта коьрта баьчча а, гӀазакхийн эскарийн атаман а волу.

Коьрта хьаькмалла лелориш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Кавказан администрацин коьрта хьаькмалла лелориш (1881 22 ноябрь — 1905 26 февраль)
Даржера терхьашФЦӀОДахаран шерашДарж
1882 1 январь — 1890 3 июньАлександр Михайлович Дондуков-Корсаков1820 2 сентябрь — 1893 15 апрелькоьрта хьаькмалла лелориг
1890 3 июнь — 1896 6 декабряСергей Алексеевич Шереметев1836—1896коьрта хьаькмалла лелориг
1896 12 декабрь — 1905 1 январьГолицын, Григорий Сергеевич1838 20 декабрь — 1907 28 мартакоьрта хьаькмалла лелориг
1905 26 февраль Кавказан администраци хийцало Сардалаллийца

КхоалгӀа сардалалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Россин империн Сардалалла
Кавказан сардалалла
Пачхьалкх Россин импери
Адм. центр Екатериноградски, Астрахань
Истори а, географи а
Кхоллар 1785 шеран 5 (16) май
ДӀайаккхар 1796 31 декабрь (1797 шеран 11 январь)
Кавказан сардалалла картин тӀехь
Кар-кара далар
← Астраханская губерния[вд] Астраханская губерния[вд] →

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
  2. ↑ Полное собрание законов Российской империи. Архивйина 2017-10-31 — Wayback Machine — СПб., 1830. — Т. XX. — № 14.607. — С. 518—521.
  3. ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
  4. ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
  5. ↑ Главноначальствующие на Кавказе