Исаев, Мансур Мустафаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Мансур Мустафаевич Исаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла Дзюдо
Вина терахь 1986 шеран 23 сентябрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (34 шо)
Вина меттиг
Локхалла 172 сантиметр
Йозалла 73 килограмм

Мансу́р Мустафа́евич Иса́ев (вин. 1986 шеран 23 сентябрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}), Кизилюрт, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — российн дзюдоист, Российн Сийлахь спортан говзанча, 2012 шеран Олимпиадан чемпион.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мансуран 8 шо кхачча иза волавелира дзюдо Ӏамадан. Цуьнан хьалхара тренер вара Джабраил Магомедов. 2006 шарахь цуьнан керла тренер хилира Александр Миллер.

Александр Миллеран цхьана турнирехь Мансур Исаев леташ гира. Цунна лиира Мансур Ӏамаван[2]. Иза лерина Кизилюрте вахара цуьнан деца-ненаца дерг дӀадерзадан[3]. Миллерс Исаев шеца Челябинске дӀавигира. Челябинскехь Исаеван елира квартира а, алап а, цунна къийсамашка ваха ахча а лора.

2009 шарахь Исаевс чекхъяккхира Дагестанан пачхьалкхан университет.

Исаев дакъа лецира кхаа дуьненан чемпионатехь — 2009, 2010, 2011 шерашкахь. 2009 шарахь Роттердамехь Мансурс борзан мидал яккхира[4]. 2012 шарахь Европан чемпионатехь Исаевс яккхира 7-гӀа меттиг.

2012 шарахь Лондонехь хилла Олимпиадехь Мансур Исаевс яккхира деши мидал финалехь Рики Накая цӀе йолу японхо эша а вина. 2017 шарахь цо спорт йитира.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]