Жеромский, Стефан

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Стефан Жеромский
Stefan Żeromski
StefanZeromski.jpg
Жайнин тӀиера сурт: Wilhelm Feldman. Współczesna literatura polska 1880-1904. 1905'Жайнин тӀиера сурт: Wilhelm Feldman. Współczesna literatura polska 1880-1904. 1905
Тиллина харц цӀерш: Maurycy Zych, Józef Katerla, Stefan Iksmoreż
Вина терахь 1864 шеран 14 октябрь({{padleft:1864|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Стравчин Кельцен гергахь
Кхелхина терахь: 1925 шеран 20 ноябрь({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг: Варшавехь, Польшан Республика
Гражданалла: Российн империFlag of Russia.svg Российн импери
ПольшаFlag of Poland.svg Польша
ГӀуллакхан тайпа: прозаик, драматург
Хьажам: реализм
Жанр: дийцар, повесть, роман
СовгӀаташ: пачхьалкхан литературан совгӀат
Куьг: Куьг
Викитекин логотип Произведени Викитекехь
Commons-logo.svg Файлаш Викилармехь

Сте́фан Жеро́мский (пол. Stefan Żeromski; 1864 14 октябрехь, Стравчин Кельцен гергахь — 1925 20 ноябрехь, Варшава) — полякийн яздархо, драматург, публицист.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина къиенъеллачу шляхтхойн доьзалехь. Дегара 1863 шеран гӀаттаман декъахь хиларна бахам дӀабаьккхира, цуо аренде ийцира фольварк.

Жеромский доьшуш вара Кельцера гимназехь, кхечарна юкъахь, цуьнан хьехархо вара литературан емалхо Бем Антони Густав. Кхиаран аттестат даланза, деша хӀоьттира Варшаверачу Лакхарчу ветеринарин Ӏамоле. Чу а воьллира патриотин гӀуллакх бахьнехь. 1889 шарахь долара хьехархо болх бира. 1880-гӀа шерашкахь долийра литературан гӀуллакх. 1892 шарахь вахара Вене, Цюрихе, Мюнхене, масех бутт баьккхира Краковехь, Закопанехь. Василевский Зигмундца цхьаьна библиотекаран гӀоьнча болх бира Польшан музейхь Рапперсвилехь (18921896). Варшаве юхавирзача хилира ЗамойскигӀеран библиотекин библиотекарь (18971904). Дуьххьарлера прозаикан гуламаш зорба туьйхира 1895 шарахь[1]. ТӀаьхьуо вехира литературан белхаца.

Ваьхна Закопанехь, Наленчувехь, 1906 шарахь вахна Итале. 1908 шарахь лаьцна агитацин-серлонан болх бахьнехь[1]. ДӀахецначул тӀаьхьа 1912 шо кхаччалц ваьхна Парижехь. Польше юхавирзича, ваьхна Закопанехь а, Краковехь а. Хьалхара дуьненан тӀом болалуш юкъавахна Пилсудскийн легионашна, амма сихха йитира. 1914 шеран декабрехь Закопанехь Каспрович Янаца цхьаьна кхоьллира дерриг Польшан латтанаш цхьаьнатохаран ойла кхайкхон къайлаха политикан меже. ТӀом чекхбаьлча ваьхна Варшавехь а, цунна бухарчу Констанцинехь. Дакъа лаьцна тайп-тайпана политикан, юкъараллин, оьздангаллин кампанешкахь, Литературан академи йилларан хьалханча хилла, кхоьллина Польшан литературан клуб (Polski Klub Literacki, ПЕН-клубан дакъа). 1924 шарахь Нобелан литературера совгӀатан кандидат хилла, амма иза елира Реймонт Владиславан. 1925 шарахь делира пачхьалкхан литературан совгӀат «хӀорд тӀиера мох» („Wiatr od morza“) роман язъярна. 1924—1928 шерашкахь ССРС арахийцира Жеромскийн 24 жайна, роман „Przedwiośnie“ араелира пхеа гочдарехь.

Жеромскийн цӀа (Наленчув)

Кхолларалла[нисъе | нисъе чухулара]

Литературан болх болийна 1880-гӀа шерашкахь. Хьалхара дийцарш зорба тухура хӀора кӀиран газеташкахь «Тыгодник Повшехны» („Tygodnik Powszechny“) а, «Глос» а („Głos“). Дуьххьарлера дийцарш а, повесташ а арахецна «Дийцарш» („Opowiadania“, 1895), «Къийгаша зӀакарш еттар ю вайна» („Rozdziobią nas kruki, wrony“, 1895)[1], «Прозан кхолламаш» („Utwory powieściowe“, 1898) цӀе йолчу гуламашкахью. Уьш литературан историкаша лелайо полякийн Болеслав Прусан, Ожешко Элизин, Конопницкая Мариян емалийн реализман тӀаьхьен ламаст санна. Амма «позитивхойн» кхоллараллех Жеромскийн кхолламаш къаьста шен ойланийн чулацамца а, литературан башхаллашца а: социалан кхиаман скептикан юкъаметтиг го, шайн ойланаш кхочушъян гӀертачу турпалхойн иэшам хиларан суьрташкахь.

Иэс (Кельце)

XIX бӀешарахь Польшан къам-маьшадаккхаран къийсамах лаьцна ю романаш «Чим» („Popioły“, 19021903; экранаш тӀеяьккхина иштта цӀе йолчу фильмехь кинорежиссёра Вайда Анджейс 1965 шарахь), «Дахаран хазалла» („Uroda życia“, 1912), «Тешаме эрк» („Wierna rzeka“, 1912), историн драма «Сулковский» („Sułkowski“, 1910).

«Сизифан къинхьегам» („Syzyfowe prace“, 1897), «ЗӀенар» („Promień“, 1897) дийцарийн, «Ровзан» („Róża“, 1909) драман, «Лекъ деда соьх» („Uciekła mi przepióreczka“, 1924) комедин, «ШайтӀанца дов латтор» („Walka z szatanem“, 19161919) кхаа жайнан, «ХӀусам йоцурш» („Ludzie bezdomni“, 1900), «Къинойн истори» („Dzieje grzechu“, 1908), «БӀаьсте йолуш» („Przedwiośnie“, 1924) романийн, кхечу кхолларийн автор.

Арахецарш[нисъе | нисъе чухулара]

  • С. Жеромский. Собрание сочинений. СПб., 1908-1914 (вышли тома 1—6, 8—9, 13)
  • С. Жеромский. Избранные сочинения. 1—4 т. Москва: Гослитиздат, 19571958.
  • С. Жеромский. Весна идёт. 1925
  • С. Жеромский. Бездомные. Л., 1926
  • С. Жеромский. Верная река. Л., 1926
  • С. Жеромский. Вчера и сегодня. Л., 1926
  • С. Жеромский. История греха. Л., 1926
  • С. Жеромский. Откровение любви. Л., 1927
  • С. Жеромский. Бездомные. М., 1949
  • С. Жеромский. Рассказы. М., 1950
  • С. Жеромский. История греха. М., 1961 г. 504 с.
  • С. Жеромский. Верная река. М., 1963
  • С. Жеромский. Пепел. М., 1967
  • С. Жеромский. История греха. М., 1987 г. 480 с.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Беларуская энцыклапедыя: У 18 т. Т. 6: Дадаізм — Застава / Рэдкал.: Г. П. Пашкоў і інш. — Кеп:Мн.: БелЭн, 1998. — С. 426. — 576 с.: іл. — 10 000 экз. — ISBN 985-11-0106-0.Кеп:Ref-by
  • Витт В. Стефан Жеромский. — М., 1961.(оьр.)
  • Mały słownik pisarzy polskich. Część pierwsza. — Warszawa: Wiedza powszechna, 1966. — S. 197—199.(поляк.)

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 Жеромский Стефан // Железное дерево — Излучение. — М. : Большая российская энциклопедия, 2008. — С. 42. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 10). — ISBN 978-5-85270-341-5.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]