ДогӀанан нӀаьний

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
ДогӀанан нӀаьний
Earthworm klitellum copulation beentree.jpg
ДогӀанан нӀаьний копуляци
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Lumbricina

Доьзалаш

ДогӀан нӀаьний[1] (лат. Lumbricina) — Haplotaxida тобанера чобоца нӀаьний тобан декъера. Массо а континенташ тӀехь ду, Антарктида йоцчунна, амма дуьхьанца кӀеззаг кепарниш бен дацара шуьйра ареал йолуш: цхьа могӀа нӀаьнийн тайпа даржар хилира адама интродукци яр бахьанехь[2]. Уггар дика девзарш европан догӀанан нӀаьний ду, уьш Lumbricidae доьзалера а ду.

Хоттам[нисъе | нисъе чухулара]

ДегӀан дохаллин барам тайп-тайпанчу нӀаьнийн 2 см (род Dichogaster) тӀиера 3 м (Megascolides australis) кхаччалц бу[2]. Сегментийн терахь а иштта хийцалуш ду: 80-300[1]. ДӀасалелачу хенахь догӀанан нӀаьний, хьалхарниг йоцучу, хӀора сегментехь долчу доцачу чоьшна тӀетуьйжа. Чон терахь хийцало 8 тӀиера масех иттаннашка кхаччалц (цхьайолчу тропикан кепарачеран)[1].

НӀаьнийн цӀий лело система къовлаелла ю, тоъал дика кхиъна ю, цӀийн цӀие бос бу. ДогӀанан нӀаьнин шиъ коьрта цӀий лела пха бу, цӀий тӀехьара хьалха букъан пха чухула догӀу, хьалхара тӀиехьа гайн пха чухула догӀу. И ши пха вовшахтесна хӀозан пхаца хӀора декъехь, царех цхьадолчарех «дегнаш» олу, дета а ло уьш, цӀий дӀа а тоттуш. Пхенаш даьржа кегийра капиллярашка[3]. СадоӀу алссама йолу чкъоьран хаадаларан клеткин чухула, ткъа чкъор къевлина ду ларъеш йолчу мазаца. Маза юьзина ю дуккха а ферментех, уьш антисептикаш ю. ДогӀанан нӀаьнийн нервийн система лаьтта гӀийла кхиинчу коьртан хьех (шиъ нерван шед) а, гайн зӀенах а. Яьржина регенераци ян йиш ю.

ДогӀанан нӀаьний гермафродиташ ду, хӀора кхиана нӀаьнин стен а, боьрша а стен-боьршаллин система (синхронан гермафродитизм) ю. Уьш деба стен-боьршаллин некъаца, леладо чучча пхардар. Деба гӀодаюккъехула, цигахь хӀоьаш пхардо, кхиа а кхуьу. ГӀодаюкъо дӀалоцу нӀаьнийн масех хьалхара сегмент, билгал а долуш кхечу дилхах. Кегийра нӀаьний гӀодаюккъера дуьненан тӀедовлу 2—4 кӀиранах гоьжан кепара, ткъа 3—4 баттахь уьш даккхий нӀаьний санна кхуьу[1].

Прикладни маьӀан[нисъе | нисъе чухулара]

ДогӀа догӀуш догӀанан нӀаьний алссама асфальтан некъа тӀедовлар

ДогӀанан нӀаьнеш латтанаш тодаран процесс яр дуьххьара билгалдаьккхина Дарвин Чарльза 1882 шарахь[4]. ДогӀанан нӀаьнеш латта бухахь Ӏуьргаш доху (60—80 см кӀорге кхаччалц, даккхий кепарчара — 8 м), аэрациян а, тӀунъян а, иэян а аьтту беш. НӀаьний латта юккъехула, иза дӀасхьа а тоьттуш я даа а дууш. ДогӀа догӀуш догӀанан нӀаьний бухара хьаладовлу, хӀунда аьлча цара садоӀу чкъоьраца, хӀаваъ ца тоьа тӀехтӀуьначу латтан бухахь.

Иштта догӀанан нӀаьний юккъера дай бу хьакхарчийн пехшан гельминтийн а, цхьадолу олхазарийн жуккарш.

Кегий нӀаьний мӀара тӀе дугӀуш леладо чӀерий леца марзбеллачара.

Вермикультура[нисъе | нисъе чухулара]

ДогӀанан нӀаьний лелоро (вермикультура) аьтту бо тайп-тайпана органикан даххаш ахьа дика экологин цӀена лаьттан туьха — биогумус. Цул сов, нӀаьний дебар бахьанехь церан биомасса совъяккха таро ю, иэбина хӀоъ юьртабахаман даьхнашна а, зӀакардаьхнашна а рационехь лелорхьама. НӀаьний кхиорхьама компост кечйо тайп-тайпанчу органикан даххашах: кхаьллех, котаман боьхалех, чанах, жирах, охьаэгначу гӀашшах, асарх, диттан а, коьллийн а геннех, охьашйолчу промышленностан а, хастоьмаш Ӏалашдойлин а даххашах кхин дӀа а. Компост уггар дика хьоле кхаьчначу хенахь, нӀаьний компост чухоьца. 2—3 бутт баьлчи схьахоржа дебна нӀаьний хиллачу биогумусера.

Дуьххьара компост яккхархьама цхьадолу эпигейн тайпана догӀанан нӀаьний лелоран практика юкъаяьккхира АЦШхь, оцу белхан пионераш бара Шеффилд Оливер Джордж а, Баррет Томас а[5]. ТӀеххьарчо талламаш бира шен «Earthmaster Farms» фермехь 1937—1950 шерашкахь, цуо коьрта роль ловзийра и гӀуллакхь агротехнологехь пайдехь хилар кхайкхорехь Ӏилманчашна юкъахьт[хьост?].

Адамашна пайдехь хилар[нисъе | нисъе чухулара]

Малхбузен Европехь цӀандина догӀанан нӀаьний я дакъийначу нӀаьнийн хӀур чевнашна тӀедахкар уьш ерзийтархьама, йовхарийн цамгарна а, даӀна а дарбана лелайора хӀуран басар, чорпанца дарба дора лерг лазарна, чагӀарчохь кхехкийначу нӀаьнешца — маждарна дарба дора, нӀаьний чохь даьхкинчу даьттанца дарба дора энашна. Немцойн лоьро Шталас (1734) дакъийна нӀаьнийн хӀур язйора эпилепси лазарна. Молханах хӀур туохара цийн Ӏадатан медицинехь атеросклерозан дарба деш. Ткъа оьрсийн халкъан медицинехь туьха а тесна, дохдина догӀанан нӀаьнех яьлла тӀуналла йоттара бӀаьргаш чу БӀаьрган мархана дуьхьал[6].

Даккхий догӀанан нӀаьний дуара Австралийн аборигенаш а, цхьадолу Африкера къаьмнаш а.

Японехь хетара, нагахь догӀанан нӀаьнийна тӀе хьатӀ тохахь бехкен меттиг естара ю[7].

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 Малевич И. И. ДогӀанан нӀаьний — хьост ю Большой советской энциклопедии
  2. 1 2 Зоология беспозвоночных. Т. 1: от простейших до моллюсков и артропод. Под ред. В. Вестхайде и Р. Ригера. М.: Т-во научных изданий КМК, 2008, 512 с.
  3. §16. Дождевой червь. Многообразие кольчатых червей, их общие черты // Биология: Животные: Учебник для 7—8 классов средней школы / Б. Е. Быховский, Е. В. Козлова, А. С. Мончадский и другие; Под редакцией М. А. Козлова. — 23-е изд. — М.: Просвещение, 1993. — С. 46—48. — ISBN 5090043884
  4. Earthworms: Renewers of Agroecosystems (SA Fall, 1990)
  5. Edwards C. A. Introduction, history, and potential of vermicomposting technology // Vermiculture Technology. Earthworms, Organic Wastes, and Environmental Management. — Boca Raton, London, New York: CRC Press, 2011. — 1—11 с. — ISBN 978-1-4398-0988-4
  6. Читая труды Авиценны // Г. Н. Ужегов «Рецепты древней медицины», — М.: Русич, 1997, ISBN 5-88590-684-X
  7. ロシア人が日本人によく聞く100の質問: «Сто вопросов о Японии», Japan: Sanshusha, 2012, С. 150, ISBN 978-4-384-03379-3 C2087