Динберг

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Динберг
Plantago major 02 ies.jpg
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Plantago major L.

Динберг, я Говрберг (лат. Plantágo májor оьрс. Подорожник) — бецан орамат; Динберган (Plantaginaceae) доьзалера Динберг тайпан кеп. Россехь а, луларчу пачхьалкхашкахь а яьржина массанхьа а, Къилбаседан йист йоцучохь, асаран орамат санна; культуран орамат йина дарбанан хьолаш бахьнехь.

Биологин сурт[нисъе | нисъе чухулара]

Динберг. О. В. Томен жайнара Ботаникан сурт
Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz, 1885.

Динберг — дукхашерийн бецан орамат. Динберган боца орам бу, тӀаьхь дуткъий тай кепара орамаш а долуш.

ГӀаш гулдина орамерачу розетке, гӀожмаш йолуш, шуьйра овалан кеп йолуш ду. ГӀан гӀожмаш йохаллехь цхьатерра ю гӀен пардоца, ехуо а я наггахь йоца а хуьлу.

Заза долургаш нийса, бух тӀиера хьала йоьдуш, локхалла 15—45 см, дуткъа нох даьккхина, чеккхенехь деха цилиндр кепе зазакенаца. Зезагаш кегийра деа декъе, кедалган гӀаш йисттехула чкъор долуш, заза сирла-боьра. Йиъ дургал шозза еха ю зазан турбал, церан хьесийн кӀайн ду, дургалгаш — таьӀна-лилбасар. Кхуьу майхь — июнехь (къилбаседехь) август — сентябрь кхаччалц.

ХӀу — дуккха а хӀуш долу бот чохь. Анемофил.

Бахамехь иэшар а, лелор а[нисъе | нисъе чухулара]

Динберган гӀашца дукха полисахаридаш ду, оцу юкъахь маза (11 % гергга), иридоидийн гликозид аукубин, къаьхьа хӀумнаш, каротиноидаш, аскорбинан мусталла, холин.

Дарбанан аьргалла санна леладо динберган гӀа (лат. Folium Plantaginis majoris) а, сийна буц (Herba Plantaginis majoris recens) а[1].

Динберган гӀашшах йина препараташ дукха дарбанан Ӏаткъам болуш ду.

Халкъан медицинехь гӀашшан чорпа лелайо элан хӀоршна (аллергина), хоршана, чуьйнана, гоьта-лазарна, ахкаргаш шелдаларна, хьеран раканна, пехшан ракана. Керла гӀаш тӀедохку чевнашна, кховра даьлла меттигна, хадийна меттигна, даӀна, ӀаьржбӀаьргана. Якъийначу динберган хӀурах дина хьакхар — эффект йолуш гӀирс бу дилхан ноткъа йина чевнашна.

Ӏилман медицинехь гӀаш леладо чов ерзорна, хьу кхетарна дуьхьал, цӀий сацорна, шет дӀаяккхарна, наб кхетийтарна, лазар дӀадаккхархьама, бактерицидан, аллергина дуьхьала молха санна.

ГӀашшан басар леладо бронхитна, йовхарийн цамгарна, йохаршна, Екъа къамкъаргера са лецарна шет дӀайоккху гӀирс санна[1], зорхӀан-йоьхьийн некъан цамгаршна, царна юкъахь зорхӀан даӀан цамгар а, искиртиган цамгар а, жаннашна хьу кхетчи.

Керлачу бецан мут пайден ю анацидан а, гуттаренна а гастритана[1].

ГӀашшан спиртан экстракто охьабоккху пхенийн Ӏаткъам. Динберго шет дӀайоккху хьал леладо бецийн гуламашкахь.

Арахоьцу Динберган мут (лат. Plantaginis succus) дарбанан препарат лелайо гастритан, диспепсин, анорексин.

Динберган хинан экстрактах йоккху препарат «Плантаглюцид», цуо хебаршна а, хьуна а дуьхьал болх бо, лелайо зорхӀан даӀан а, искиртиган а цамгарна[1].

Къона гӀаш дууш ду, Российн Генарчу Малхбалехь а, Кавказехь а царех чорпа йо[2].


Галерей[нисъе | нисъе чухулара]

Grote weegbree bloeiwijze Plantago major subsp. major.jpg

Юкъара кеп

Plantago major ies.jpg

ГӀа

Plantago major 04 ies.jpg

Зезагаш

Plantago major 05 ies.jpg

ХӀуш

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь : Справ. пособие / Под ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 225. — ISBN 5-06-000085-0
  2. Губанов И. А. и др. Дикорастущие полезные растения СССР / отв. ред. Т. А. Работнов. — М.: Мысль, 1976. — С. 305. — 360 с. — (Справочники-определители географа и путешественника).

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Plantago major темин