Чулацаман тӀегӀо

Дерриг дуьненан туберкулёзан дуьхьал довлатторан де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Дерриг дуьненан туберкулёзан дуьхьал довлатторан де — иэсан терахь, даздо хӀора шарахь 24 мартех, 1993 шарахь Дерриг дуьненан могашалла Ӏалашъяран кхолламан инициативица кхайкхийна туберкулёз (йовхарийн лазар) глобалан бала бу аьлла. Дерриг дуьненан туберкулёзан дуьхьал довлатторан дийнан Ӏалашо ю туберкулезан ун хилар хаийтар, и цамгар дӀаяккхарехь къахьегар.

24 март хаьржина, оцу дийнахь 1882 шарахь немцойн микробиолога Роберт Коха (Robert Koch) туберкулёз карзахйоккхург карийна аьлла кхайкхадар бахьнехь.

ХӀокху заманахь туберкулёзах ле 1,6 миллион гергга стаг, дукхаха берш царех (95 % гергга) — куьуш болу мехкийн бахархой бу. ХӀора шарахь туберкулёзо алсама бойу баккхий нах, муьлххачу уьночулла. Кхуьучу мехкашкахь туберкулёз йолчарех 26 % гергга ле.

Туберкулёзца уггаре гӀуо хьал Африкин мехкашкахь ду. Африкехь бу 29 % гергга дуьнен чуьра цомгаш берш а, 34 % оцу уьнах беллачарех а цигахь бу. ТӀаьхьарчу 15 шарахь туберкулёзан ун шозза тӀекхетта, 100 эз. вахархочух 149 меттигах 343 меттиг. Сагатдо антибиотикашна дуьхьала лаьтта туберкулёзан кепаш тӀекхетаро, цуьнан а ю гӀуо тенденци Африкехь.

Дуьненахь уггаре кхераме молханашна дуьхьала лаьтта туберкулёзаца долу хьал — уггаре дукха балар долу, кхераме кепаш йолу — Российн Федерацехь[1][2][3] ю. 2009 шарахь Российн Федерацехь гучуяьккхина 105 530 жигара туберкулёзан керла меттигаш.

Дийнан тема

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 2019 шо — «Болхбан хан»
  • 2018 шо — «Терго йие, лоху! Дуьне туберкулезах мукъадаккха тхьамданаш лоьху»
  • 2017 шо — «Цхьаьна дӀайоккху туберкулез: цхьа а вуьтур вац терго йоцуш»
  • 2016 шо — «Цхьаьна дӀайоккху туберкулез: цхьа а вуьтур вац терго йоцуш»
  • 2015 шо — «Туберкулез дӀаяккхаран темпаш тӀетоха»
  • 2014 шо — «3 миллион стаган дарба дар»
  • 2013 шо — «Со дийна волччура сацайие туберкулез»
  • 2012 шо — «Со дийна волччура сацайие туберкулез»
  • 2011 шо
  • 2010 шо — «Туберкулезца довлатторехь керлачу кхиамашка гӀо»

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Аналитический обзор по туберкулёзу. 2011. М., 2013 http://www.mednet.ru/images/stories/files/CMT/tbreview2011.pdf
  2. Алексей Торгашев. Туберкулёз. 10 инфекций, побеждённых людьми. Русский репортёр. 48(326) 5 декабря 2013 года. https://expert.ru/russian_reporter/2013/48/10-infektsij-pobezhdennyih-lyudmi/
  3. Фтизиатрия по-российски. Медицинская газета,2013 http://chodtb74.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=51:ftiziatria-russian&catid=1:latest-news&Itemid=18