Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де — хӀора шарахь 28 апрелехь даздо Ӏида. Иза кхин а балха тӀехь белла я лазийна белхалойн иэсан дуьненаюкъара де ду [1].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран ден истори йолало 1989 шарахь дуьйна, оцу дийнахь профсоюзаша а, белхалоша а дӀадаьхьира «Беллачу белхалойн иэсан де» АЦШхь а, Канадехь а. Иза лерина дара балха тӀехь зулам даьлла я белхан меттигехь беллачарна. Итт шо сов даьлчи дуьненан 100 сов пачхьалкхехь дӀахьо адамийн а, хьаькамийн а болх ларбарца доьзна, тайп-тайпана кхочушдацаршна терго яхийта хьажийна йолу акцеш а, мероприятеш а[2].

Таханлерачу цӀарца Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де дуьххьара даздина 2003 шарахь Дуьненаюкъара белхан кхолламо кховдорца. Дуьненаюкъара белхан кхолламо, официалан и де, баланийн масштабашна терго тӀеяхийта Ӏалашо йолуш кхоьллина. Дуьненаюкъара белхан кхолламан хаамашца, дуьненахь белхан меттигехь хӀора дийнахь ле 5—6 эзар стаг, цу тӀе и терахь хӀора шарахь тӀекхеташ ду 10 % гергга[3]. КӀезиг бац меттигаш, и иэшамаш болх луш болчара харж кхоо гӀертарх доьзна хиларца. Сурсаташ дарна йина харж кхерамазаллин техникан чоьтах меттахӀотто[3].

Дуьненаюкъара белхан кхолламо цкъан а къобал ца дора белхалой оьцучеран дийцарш, белхан тӀиера бохамаш, профцамгарш «дӀакъасто йиш йоцу белхан дакъа ду» бахар.

Дийнан тема[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2018 — «Болх ларбар: къона белхалой башха экаме бу»

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]