Чулацаман тӀегӀо

Гужов, Александр Иванович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гужов Александр Иванович

Гужов Александр Иванович (1911 шеран 22 мартехь(19110322), Соьлжа-ГӀала, Теркан область[1]2006 шеран 12 декабрехь Абинск, Краснодаран мохк) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР а, РСФСР а Ӏилманан а, техникин а хьакъдолу гӀуллакххо, техникин Ӏилманийн доктор, профессор; Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

1932 шарахь, йуккъера дешар чекхдаьккхина а волуш, ши шо слесарь белхан стаж йолуш, балха хӀоьттира Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институте. «Газан гӀуллакх» кафедран дешаран а, Ӏилманан а балхахь дакъалоцуш, оццу хенахь доьшуш, 1938 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институт балхах йукъара а ца волуш, тӀаккха иза витира аспирантан даржехь. 1947 шарахь чекхдаьккхира кандидатан диссертаци, тӀаьхьа хилира доцент, профессор. ТӀаьхьара 5 шарахь болх бира ВНИИГАЗехь.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом[бӀаьра нисйан | нисйан]

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронташкахь взводан, батарейн, дивизионан, артиллерин кхийсархойн полкан баьчча хилла. ГӀирман а, Сталинградан а фронташкара тӀемашкахь дакъа лаьцна, шина орденан а, шийтта мидалан кавалер. 1941 шеран гурахь, ГӀирмара Перекопера Армянск гӀалара тӀемаш бахьнехь, совгӀат дина ЦӀиечу Седан орденца, кхин тӀе масийттаза совгӀат дина баьччалло тӀедехкина жоьпаллин гӀуллакхаш кхочушдарна. 1942 шеран августехь Сталинград уллехь чӀогӀа чов йира, 1943 шеран мартехь мукъаваьккхира 2-гӀа тобан заьӀапхо вина.

Ӏилманан гӀуллакх[бӀаьра нисйан | нисйан]

Физикин газ тояр а, вайн махкара дуьххьарлера газконденсат йоллу меттигаш таллар а карадерзоран хьостехь лаьттина. Кандидатан диссертацин тема («Крекинг-заводашкахь аьргаллин ректификацин ражан оптимум» (1947)) хӀинца а оьшуш йу.

36 шарахь сов Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институтан мехкдаьтта а, газ а йаьлла меттигаш талларан а, лелайаран а кафедран куьйгалла дина. Кечвина 20 сов Ӏилманийн кандидат а, доктор а.

Хаьржина белхаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • А. И. Гужов. Сбор, транспорт и хранение природных газов. — 1978.
  • А. И. Гужов. Совместный сбор и транспорт нефти и газа. — М.: Недра, 1973. — 279 с.
  • А. И. Гужов, В. Ф. Медведев, В. А. Савельев. Гидравлические сопротивления при пробковой структуре движения газоэмульсионных смесей // Нефтяное хозяйство. — 1981. — № 2. — С. 55–56.
  • А. И. Гужов, В. Ф. Медведев, А. Г. Удодов. Установка для оперативного контроля расхода нефти и газа в системах совместного сбора продукции скважин // Нефтяное хозяйство. — 1981. — № 12. — С. 55–56.

СовгӀаташ а, цӀераш а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Джафаров К.И., Григорьев Б.А, Франгулов Г.С..Гужов Александр Иванович - 60 лет, отданные науке и педагогике.-ж. Строительство нефтяных и газовых скважин на суше и на море. ОАО "ВНИИОНГ", №12, 2011 г. -с 45-47