Гужов, Александр Иванович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Гужов Александр Иванович
Вина терахь 1911 шеран 22 март({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Теркан область, Российн импери
Кхелхина терахь 2006 шеран 12 декабрь({{padleft:2006|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (95 шо)
Кхелхина меттиг Абинск, Краснодаран мохк, Российн Федераци
Пачхьалкх ССРС, Российн Федераци
Ӏилманан кхоче мехкдаьтта даккхар
Белхан меттиг Соьлжа-ГӀалан пачхьалкхан мехкдаьттан академик М. Д. Миллионщиковн цӀарах институт;
ВНИИГАЗ
Ӏилманан дарж техникан Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор
Альма-матер Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институт
Воьвзу сана цхьаьна гулъяран а, мехкдаьттан а, газан а транспортан, дуккха а фазанийн Ӏовраш а, кӀораводородан системийн фазан хьолан а гидродинамикан Соьлжа-ГӀалан ишкол кхоьллинарг санна.
СовгӀаташ


Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден ЦӀен Седан орден ZDNT RSFSR.jpg

Гужов Александр Иванович (22 март 1911(19110322), Соьлжа-ГӀала, Теркан область[1]12 декабрь 2006 Абинск, Краснодаран мохк) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР а, РСФСР а Ӏилман а, техникан а хьакъдолу гӀуллакххо, техникан Ӏилманийн доктор, профессор; Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

1932 шарахь, юккъера дешар чекхдаьккхина а волуш, ши шо слесарь белхан стаж йолуш, балха хӀоьттира Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институте. «Газан гӀуллакх» кафедран дешаран а, Ӏилман а балхахь дакъалоцуш, оццу хенахь доьшуш, 1938 шарахь чекхъяьккхира Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институт балхах юкъара а ца волуш, тӀаккха иза витира аспирантан даржехь. 1947 шарахь чекхдаьккхира кандидатан диссертаци, тӀаьхьа хилира доцент, профессор. ТӀаьхьара 5 шарахь болх бира ВНИИГАЗехь.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом[нисъе бӀаьра | нисъе]

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронташкахь взводан, батарейн, дивизионан, артиллерин кхийсархойн полкан баьчча хилла. ГӀирман а, Сталинградан а фронташкара тӀемашкахь дакъа лаьцна, шина орденан а, шийтта мидалан кавалер. 1941 шеран гурахь, ГӀирмара Перекопера Армянск гӀалара тӀемаш бахьнехь, совгӀат дина ЦӀиечу Седан орденца, кхин тӀе масийттаза совгӀат дина баьччалло тӀедехкина жоьпаллин гӀуллакхаш кхочушдарна. 1942 шеран августехь Сталинград уллехь чӀогӀа чов йира, 1943 шеран мартехь мукъаваьккхира 2-гӀа тобан заьӀапхо вина.

Ӏилман гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Физикан газ тояр а, вайн махкара дуьххьарлера газконденсат йоллу меттигаш таллар а карадерзоран хьостехь лаьттина. Кандидатан диссертацин тема («Крекинг-заводашкахь аьргаллин ректификацин ражан оптимум» (1947)) хӀинца а оьшуш ю.

36 шарахь сов Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институтан мехкдаьтта а, газ а яьлла меттигаш талларан а, лелаяран а кафедран куьйгалла дина. Кечвина 20 сов Ӏилманийн кандидат а, доктор а.

Хаьржина белхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • А. И. Гужов Сбор, транспорт и хранение природных газов. — 1978.
  • А. И. Гужов Совместный сбор и транспорт нефти и газа. — М.: Недра, 1973. — 279 с.
  • А. И. Гужов, В. Ф. Медведев, В. А. Савельев. Гидравлические сопротивления при пробковой структуре движения газоэмульсионных смесей // Нефтяное хозяйство. — 1981. — № 2. — С. 55–56.
  • А. И. Гужов, В. Ф. Медведев, А. Г. Удодов. Установка для оперативного контроля расхода нефти и газа в системах совместного сбора продукции скважин // Нефтяное хозяйство. — 1981. — № 12. — С. 55–56.

СовгӀаташ а, цӀераш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Джафаров К.И., Григорьев Б.А, Франгулов Г.С..Гужов Александр Иванович - 60 лет, отданные науке и педагогике.-ж. Строительство нефтяных и газовых скважин на суше и на море. ОАО "ВНИИОНГ", №12, 2011 г. -с 45-47