Гуденко, Павел Гаврилович
Павел Гаврилович Гуденко | |
---|---|
Вина терахь | 1911 шеран 7 март |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1994 шеран 9 март (83 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
Эскаран тайпа | пехота[d] |
Дарж | капитан[d] |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Павел Гаврилович Гуденко (1911 шеран 7 март, Новодеревянковски — 1994 шеран 9 март, Краснодар) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Павел Гуденко вина 1911 шеран 7 мартехь Краснодаран махкан Каневски кӀоштан Новодеревянковски юртахь. Иза оьрси вара. Цо школан ворхӀ класс чекхйаьккхира, колхозехь болх бира. 1930 шарахь иза Донбассе дӀаварахар, цигахь электростанцехь кочегар болх бира. 1932 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1934 шарахь цо чекхйаьккхира лахара куьйгалхойн школа. 1935 шарахь цуьнан эскаран болх чекхбелира. Иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. Кхузахь цо зулам толлийлан белхалон а, гӀалан милицин отделенин куьйгалхонан когаметтаниган а болх бира[1].
ТӀом болабелча иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1943 шеран ноябрь дуьйна иза фронтехь вара. Цо дакъа лецира 1-ра Украински а, 1-ра а, 2-гӀа Белорусски фронташкахь хилла тӀемашкахь. 1944 шарахь цо чекхйаьккхира эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. Цо дакъа лецира Сероцки плацдарман тӀехь хилла тӀамтӀехь а, Млавско-Эльбингски а, Малхбале-Померански а, Берлинан а операцишкахь. 1945 шеран апрель кхачале лакхара лейтенант Гуденко вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 70-гӀа армин 136-гӀа кхиссархойн дивизин 358-гӀа кхиссархойн полкан батальонан куьйгалхонан когаметтаниг[1].
1945 шеран апрелехь Гуденко Одер штурман тобанийн коьртехь хих дехьавелир Шёнинген юртан уллехь (хӀинца Каменец). Цигахь цо плацдарм схьа а йаккхина иза шайн керар дӀа ца хийцира полкан коьрта ницкъ тӀекхаччалц. МостагӀийн тӀелатар йухатухуш салтиш немцойн танк а, шиъ бронетранспортёр а хӀаллакйира[1].
1945 шеран 29 июнехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Павел Гуденкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1947 шарахь капитан даржехь волуш хенахь Гуденко тӀаьхьалоне веккхира. 1948 шо дуьйна цо Краснодаран махкахь милицехь болх бира. Иза вара махкан милицин урхаллин отделенин куьйгалхо. Цо гучувеккхира массийтта бӀе зуламхо. 1979 шарахь милицин подполковник даржехь волуш иза пенсе вахара. Цо йукъараллин болх бира. Иза велира 1994 шеран 9 мартехь[1].
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Советски Союзан Турпал;
- ЦӀен Байракхан орден;
- Александр Невскин орден;
- 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан орден;
- шиъ ЦӀен Седан орден;
- мидалш;
- Сийлахь МВД СССР белхало.
Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Гуденкон цӀе тиллина Краснодарехь болу ураман а, Новодеревянковская юртахь йолу № 43 школа[1].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 3 4 5 6
Л. Е. Шейнман Гуденко, Павел Гаврилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 2021 шеран 25 октябрехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Л. Е. Шейнман Гуденко, Павел Гаврилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 2021 шеран 25 октябрехь.
- Адамаш абатца
- Бинарш 7 мартехь
- Бинарш 1911 шарахь
- Белларш 9 мартехь
- Белларш 1994 шарахь
- Белларш Краснодарехь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден елларш
- «ТӀеман кхиамийн» мидал елларш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшаяран» мидал елла нах
- 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баьккхина шовзткъа шо кхачарна мидалца совгӀат динарш
- «Къинхьегаман ветеран» мидалца совгӀат динарш
- Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидалца совгӀат динарш
- ССРС ЧГӀМ хьакъ долу белхалой