Грамматика

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Priscianus della Robbia OPA Florence.jpg

Грамматика (ширачу желтойн маттахь γραμματική; γράμμα «элп») меттан грамматикин хӀоттам а, синтагма а, алар а, дешан форма а Ӏамош меттан Ӏилманан дакъа ду. Грамматико шен Ӏедалш грамматикин бакъонашца кепе дерзадо.

Къамелан дакъош[нисйе бӀаьра | нисйе]

Коьрта къамелан дакъош[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ЦӀердош
  • Билгалдош
  • Терахьдош  
  • ЦӀерметдош                  
  • Куцдош   
  • Хандош

ГӀуллакхан къамелан дакъош[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ДештӀаьхье
  • Хуттург                        
  • Дакъалг
  • Айдардош

ЦӀердош[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀума билалъечу къамелан декъах цӀердош олу. Цо жоп ло хӀун? мила? муьлш? бохучу хаттаршна, масала: некъ, говр, кӀант, белхало, лаьмнаш. Вайна ма-хаъара, цӀердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. Предложенехь цӀердош, шен маьӀне хаьжжина, подлежащи, кхачам, латтам,   къастам, тӀедерзар хила тарло. Масала: Барзо узарш ца до. Кхузахь: барзо — цӀердош а, подлежащи а ду, ткъа узарш— цӀердош а,  нийса кхачам а бу.[1]

ЦӀердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало[2]. Масала:

                                    Цхьаллин терахь                     Дукхаллин  терахь

ЦӀ. Мила? Муьлш?           нана                                        наной

Дл. Хьенан?                      ненан                                      нанойн

Л.  Хьанна?                       нанна                                      наношна

Др. Хьан?                          нанас                                      наноша

К. Хьаьнца?                      ненаца                                    наношца

Х. Хьанах?                        ненах                                     нанойх

М. Хьаьнга?                      нене                                       наношка

Дс. Хьанал?                      ненал                                      нанойл.

Билгалдош[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀуманан билгало а гойтуш,  муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп а луш долчу къамелан декъах  билгалдош олу.

Билгалдешан цӀердашца уьйр хуьлу. Масала: лекха лам,Ӏаьржа мархаш,  лулахойн керт. Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало. Масала: доккха цӀа-даккхий цӀенош, доккха дитт — даккхий дитташ.

Дукха хьолахь билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела, амма шен маьӀне хьаьжжина подлежащи а, кхачам а, тӀедерзар а хуьлу. Масала:

Бацалахь лепара бес-бесара зезагаш. (бес-бесара — къастам)

Царалахь воккханиг тхуна тӀевеара.  (воккханиг — подлежащи).

Тайнигех жиманиг къастийра Маликас. (жиманиг — кхачам бу).

Хьомениг, хьо хӀун лелош вара ехачу аьхка? (Хьомениг — тӀедерзар ду).

Терахьдош[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀуманан масалла я рогӀалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Терахьдашо маса? масалгӀа? бохучу хаттаршна жоп ло. Масала: Умидатан берхӀитталгӀа шо ду.

ЦӀерметдош  [нисйе бӀаьра | нисйе]

ЦӀерметдош- къамелан дакъа ду. ЦӀердашан а, билгалдешан а, терахьдешан а метта лелачу  къамелан декъах цӀерметдешнаш олу.

Хандош[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уггар доккха къамелан дакъа хандош ду. Оцу къамелан декъо хӀуманан дар я хилар гойту. Хандашо жоп ло хӀун дан? хӀун хила? хӀун до? хӀун хуьлу? и.дӀ.кх. бохучу хаттаршна. Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лела.

Куцдош[нисйе бӀаьра | нисйе]

Коьрта статья: Куцдош

Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош  олу. Куцдош, дар я хилар муха? маца? мичахь? хӀунда? хӀун Ӏалашо йолуш? хуьлу гойтуш а, кхочушхиларан барам гойтуш а хуьлу. Предложенехь  куцдош, сказуемица уьйр а йолуш, латтам хуьлий лела. Масала: БӀаьста хьуьнхахь хаза хуьлу.

Дожарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн маттахь бархӀ дожар ду, хӀораннан шен хаттарш а долуш:

1. ЦӀерниг дожар — мила? муьлш? хӀун?

2. Доланиг дожар — хьенан? стенан?

3. Лург дожар — хьанна? стенна?

4. Дийриг дожар — хьан? стен?

5. Коьчалниг дожар — хьаьнца? стенца?

6. Хотталург дожар — хьанах? стенах?

7. Меттигниг дожар — хьаьнга? стенга?

8. Дустург дожар — хьанал? стенал?

Дош дожаршца хийцадаларх легар олу. Масала:

ЦӀ.мила? лор

Дл.хьенан? лоьран

Л. хьанна? лоьрана

Др.хьан? лоьро

К. хьаьнца? лоьраца

Х. хьанах? лоьрах

М. хьаьнга? лоьре

Дс.хьанал? лоьрал

Дожарш шина тайпана хуьлу: нийса а, лач а. ЦӀерниг дожарх нийса дожар олу, хӀунда аьлча иза шен юьхьанцарчу кепехь хуьлу, цуьнан хаттарш ду: мила? муьлш? хӀун?. ЦӀерниг доцчу, вукху дожарех (доланиг, лург, дийриг, коьчалниг, хотталург, меттигниг, дустург) лач дожарш олу.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1. В. А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»

2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а Ӏамор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо.

3. Эдилов С. Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-гӀала 2012 шо.

4. Эдилов С. Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-ГӀала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.

5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-гӀала 2005 шо.

6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор. Этнографи. № 1 1992 , агӀо 50-53.

7. Халидов А. И. «Нохчийн меттаӀилманан терминийн лугӀат»/Грозный: "ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.

Урок кечйинарш: