Витолс, Айгарс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Витолс, Айгарс
латыш. Aigars Vītols
Витолс Айгарс 2009 шарахь
Витолс Айгарс 2009 шарахь
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 195
Возалла 91
Гражданалла
Вина терахь 1976 шеран 15 февраль({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (48 шо)
Вина меттиг Рига Латышийн ССР, ССРС

Командаш
1993—1994 Латвин байракх ВЭФ
1994—1998 Латвин байракх Метрополь
1998—2002 Латвин байракх Вентспилс
2002—2003 Словенин байракх Слован
2003 Латвин байракх Сконто
2003—2005 Латвин байракх Вентспилс
2005—2006 Испанин байракх Фуэнлабрада
2006—2008 Латвин байракх Вентспилс
2008—2009 Латвин байракх АСК Рига
2009—2011 Латвин байракх Баронс
2012—2013 Латвин байракх Йекабпилс

Витолс Айгарс (вина 1976 шеран 15 февралехь Ригехь) — латышийн хилла баскетболхо, левзина тӀелета турслочун позицехь, Баскетболех ловзаран Латышийн гулйина командин декъахо. Шен баскетболан карьера чекхйаьлча политике вирзира, Баьццарчеран а, фермерийн а барто хаьржира Кекаван уездан кхеташоне.

Баскетболан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Профессионалан баскетболех ловза волавелира 1994 шарахь ВЭФ/Адажи командехь. ТӀаьхьа команда цӀе «Метрополь» аьлла хийцина кхелхира Талсе. Ткъа А. Витолс левзира оцу командехь 1998 шо кхаччалц. Цул тӀаьхьара деа шарахь А. Витолс левзира БК Вентспилс йукъахь, цуьнца оцу хенан чохь ЛБЛ кхоъ чемпионийн титул йаьккхира. 2002-2003 шерашкахь А. Витолса шо долийра Словенин "Слован" Любляна командехь. Ноябрехь иза команда а йитина латве цӀа вирзира, йуьхьанца левзира «Баронс/ЛУ», амма декабрехь дехьавелира Ригера «Сконто», цигахь шо чекхдаьккхира. Цул тӀаьхьара шина шарахь А. Витолс йуха а левзира БК Вентспилс командехь, ЛБЛ шиъ чемпионийн титул йаьккхира.

2005-2006 шарахь Витолс йуха а дозанал арахьа вара, Испанин ACB лигин командехь Фуэнлабрада . Испанехь шо чекхдаьлча Витолс йухавирзира БК Вентспилс йукъа.[1] 2011 шеран мартехь А. Витолс Ригас ВЭФ йукъа ваха гӀерташ вара,[2] амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча "Баронсо" дӀа ца хийцира.[3]

Левзира Латвин U-22 гулйина командехь, 1990-гӀа шерийн чаккхенгахь дуьйна А. Витолс Латвин баккхийчеран гулйина командин гуттаренна а ловзархо ву. Дакъа лаьцна йеа Европин чемпионатан финалехь. 2007 шеран Евробаскетехь А. Витолс Латвин гулйина командин капитан вара.

Политикин гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

А. Витолс хаьржира Кекаван уездан кхеташоне. Видземан партин испискица, амма 2016 шарахь хийцира политикин некъ, Латвин фермерийн бертан йукъавахара.[4] [[2017 шеран Муниципалан харжамаш Латвехь|Хаьржира Кекаван уездан думе Баьццарчеран а, фермерийн а бертан испискица. Иза хаьржира уездан кхеташонан председателан гӀовс.

2019 шеран сентябрехь иза лецира KNABо гӀишлошйаран белхашкахь кхаж эцарна бехке вина.[5]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]