Брусилов, Алексей Алексеевич

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Брусилов Алексей Алексеевич
Brusilov Aleksei in 1917.jpg
Инарла Брусилов Алексей 1917 шарахь
Вина терахь 1853 шеран 19 (31) август({{padleft:1853|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Вина меттиг Тиблиси,
Российн импери
Кхелхина терахь 1926 шеран 17 март({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, ССРС
Пачхьалкх Российн империFlag of Russia.svg Российн импери
РСФСРFlag of the Russian Soviet Federative Socialist Republic (1918–1937).svg РСФСР
ССРСFlag of the Soviet Union (1924–1955).svg ССРС
Дарж дошлойн инарла,
инарла-адъютант
БӀахойн дакъа Дошлой
Куьйгалхо 8-гӀа эскар
(1914 шо 28 июль1916 шо 17 март)
Къилба-Малхбузен фронт
(1916 шо 17 март1917 шо 22 май)
Оьрсийн эскаран Лакхара Коьртабаьчча
(1917 шеран 22 май19 июль)
ТӀемаш

1877—1878 шерашкара Оьрсийн-туркойн тӀом:

Дуьненан хьалхара тӀом:

Советийн-польшин тӀом
СовгӀаташ
Сийлахь Георгийн 3 тӀеганан орден Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орден КӀайн аьрзун таррашца йолу орден
RUS Imperial Order of Saint Vladimir ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Vladimir ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Vladimir ribbon.svg
1 тӀегӀанера Сийлахь Аннин орден Сийлахь Аннин 2 тӀегӀанан орден RUS Imperial Order of Saint Anna ribbon.svg
RUS Imperial Order of Saint Stanislaus ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Stanislaus ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Stanislaus ribbon.svg
Орден благородной Бухары.png Георгийн герз Бирланташца кечдина Георгийн герз
Сийн легионан сийлахь эпсаран орден Сийн легионан орденан командор Сийн легионан орденан эпсар
ТӀеман мидал (Франци) Италин тажан орденан эпсар ЦӀен аьрзун 2-гӀа тӀегӀанан орден
«Сийлахь Александр» орден 3 тӀегӀанан «ТӀеман гӀуллакхашна» орденан йоккха эпсаран жӀар
Лоьман а, Маьлхан а 1 тӀегӀанан орден Лоьман а, Маьлхан а 5 тӀегӀанан орден
Уьйраш ваша Брусилов Л. А.
вешин кӀант Брусилов Г. Л.
Куьг Brusilov's signature.jpeg

Бруси́лов Алексе́й Алексе́евич (19 [31] август 1853, Тиблиси17 март 1926, Москох) — оьрсийн а, советийн а тӀеман хьаькам а, тӀеман хьехархо а, кавалери инарла (1912 шеран 6 декабрехь дуьйна), инарла-адъютант (1915 шеран 10 апрелехь дуьйна). Оьрсийн эскаран Лакхара коьртабаьчча (1917 шеран 22 май — 19 июль), БАЦӀЭ дошлойн коьрта инспектор (1923).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

БрусиловгӀеран схьабовлар элех ду. Вина Тиблисехь оьрсийн инарлин Брусилов Алексей Николаевичан (1787—1859) доьзалехь. Нана — Мария-Луиза Антоновна, полякех яра, схьаялар дара коллежски асессоран А. Нестоемскийн доьзалера.

1867 шеран 27 июнехь (9 июлехь) дӀахӀоьттира Пажески корпусе. Иза чекхъяьккхира 1872 шеран 17 (29) июлехь, арахийцира 15-гӀа драгунийн Тверан полке. 1873—1878 шерашкахь — полкан адъютант. Кавказера 1877—1878 шерашкара Оьрсийн-туркойн тӀеман декъахо. Билгалавелира туркойн Ардаганан а, Карс а гӀопаш йохуш, иза бахьнехь елира 3-гӀа а, 2-гӀа а тӀегӀанан Сийлахь Станиславан орден а, 3-гӀа тӀегӀанан Сийлахь Аннин орден а. 1879—1881 шерашкахь вара эскадронан баьчча, полкан дешаран командин хьаькам.

1881 шарахь кхечира эскаран гӀуллакх дӀадахьархьама Петарбухе. 1883 шарахь чекхъяьккхира эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан Ӏилманийн курс «тӀехдика» мах хадорца. 1883 шарахь дуьйна гӀуллакхехь вара Дошлойн эпсарийн ишколехь: адъютант; 1890 шарахь — говрахь леларан а, говр тӀехаа Ӏаморан а декъан хьаькаман гӀоьнча; 1891 шарахь дуьйна — эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан хьаькам; 1893 шарахь дуьйна — драгунийн декъан хьаькам. 1898 шеран 10 ноябрехь — ишколан хьаькаман гӀоьнча, 1902 шеран 10 февралехь дуьйна — ишколан хьаькам. Брусилов гӀараваьлла хилла ца Ӏара Россехь бен, дозанал арахьа а вевзара говр хахкаран а, спортан а говзанча санна. Оьрсийн-японин тӀом болалуш ишколехь цуьнан куьйга кӀела гӀуллакхехь хилла К. Маннергейма дагалоьцу[1]:

Иза чӀогӀа тидаме, къовламе, куьйгакӀеларчарна лехаме куьйгалхо, чӀогӀа дика Ӏилма лора. Цуьнан тӀемех ловзар а, меттигера Ӏамораш а шен кечамца а, кхочушдарца а масала хӀоттош а дара, чӀогӀа хаза а дара.

Боккха тидам бохуьйтура Парфорсан талларан Поставски ишколехь говрахь леларан практикин.

Сийлахь элан Николай Николаевичан дашца 1906 шеран 19 апрелехь хӀоттийра 2-гӀа гвардин дошлойн дивизин хьаькам. 1909 шеран 5 январехь — 14-гӀа эскаран корпусан баьчча. 1912 шеран 15 майхь дуьйна — Варшавин тӀеман гуон эскаран баьччин гӀоьнча. 1913 шеран 15 августехь дуьйна — 12-гӀа эскаран корпусан баьчча.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Маннергейм К. Г. Мемуары. — М.: Вагриус, 1999. — 508 с. — (Мой 20 век). — 7000 экз. — ISBN 5-264-00049-2

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]