БиргӀа (гӀирс)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

БиргIа — еха, яьсса, дукха хьолахь цилиндркепара хIума, промышленностан сурсат тIуналлаш, бензин, газ, , кхин а хIуманаш дIайигаран Iалашо йолу йина чухула беса болу профилан бух тIехь.

БиргIанаш йо промышленностан хьесапца, металлех а, лалорех а, органикан гIирсех (пластмассех, силамех) а, бетонах а, кхийранех, аьнгалех а, дечигах а, уьш иэеш а.

Промышленностан масштабашкахь биргIанаш лелайо цхьацца хIума дIайохьуьйтуш, электрийн серий къовлуш а, чIагдеш а, тобанашка доькъуш а. Металлан биргIа шуьйра лелайо гIишлошъярехь конструкций декъан меттана (масала, металлан конструкци) йа механикехь (масала, вал — чкъург хьовзор дIадаларан меже).

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ширачу дуьненахь хи латторан системехь лелабора дозаллин ницкъ, яхкара биргIанаш (даша, дитт, эрз) йа татолаш (дукхах дерг поппарх йа тIулгах) дохкура. Стоьнца яьхна дечиган биргIа, болатан асанца вовшех йоьхий сантехникин биргIан меттана лелайора, хи дуьллуш лелайора, масала, Ингалс махкахь 500 шо гергга хьалха, АЦШн гIаланашкахь хи дуьллуш чура дассийна дукъош леладора 1700гIа чекхдовлучу а, 1800-гIа а шерийн муьрехь. Таханлера сантехникин биргIанаш йо болатах, цIестах, пластиках, ткъа дукхаха йолу канализацин биргIанаш — болатах, цIестах, пластиках, чуьйнах[1].

Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чуьра есаллин кепаца биргIанаш йекъало гоьргачарна а, профиланчарна а. Шен рогIехь профилан биргIанаш йекъало еакIуон, овалан, чIапаовалан, кхин дIа а. Болатан биргIанаш йекъало яран хьесапца:

Болатан биргIанаш йекъало классаца:

  • хигазбиргIа (ВГП) ГОСТ 3262-75.
  • электросваркан: нийсаэвнанаш ГОСТ 10704-91, ГОСТ 10705-80, ГОСТ 10706-76; спиральэвнанаш ГОСТ 8696-74; магистралан мехкдаьттагазбиргIанаш ГОСТ 20295-85.
  • профилан: квадратан ГОСТ 8639-82, еакIуон ГОСТ 8645-68, овалан ГОСТ 8642-68 а, ГОСТ 8644-68 а.
  • эвназан: йовхадеформаци йина ГОСТ 8732-78, шийла деформаци йина ГОСТ 8734-75, ткъа иштта башха белхана, йина тайп-тайпанчу техникин хьолашца, ТХЬ.

Мекхана дуьхьала чIогIа хилийта хигазбиргIан а, электросваркан а биргIанашна чкъор цинк дилла тарло, тIехула а, чухула а (цинк диллина биргIанаш).

Цул сов хуьлу: марш — сетта биргIа. Сетта биргIанаш (маршаш) хуьлу: ма-ярра, арматураца (чIагIйина), гофре йина. ХIуттуш а, яхъеш а лелайо онда жимачу диаметран биргIан дакъа: патрубок, штуцер.

Коьрта амалаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Барамаш а, масса а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Диаметр арахьара, Дн. Юсту миллиметршкахь. Регламент йо ГОСТашца.
  • Диаметр чоьхьара, Дв. Юсту миллиметршкахь, йа лору арифметикца, Дв = Дн — 2хS.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Cast Iron Soil Pipe Institute (ингалс.). cispi.org. Теллина 2015 шеран 15 февралехь.(ТӀе цакхочу хьажорг)