Березовская Майя

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Березовская Майя
Maja Berezowska.jpg
Бакъ цӀе: пол. Maja Berezowska
Йина терахь 1893 шеран 13 апрель({{padleft:1893|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Йина меттиг Барановичи, Минскан губерни, Российн импери
Кхелхина терахь 1978 шеран 31 май({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Варшава, Польша
Гражданалла: ПольшаFlag of Poland.svg Польша

Березовская Майя (пол. Maja Berezowska; 1893 я 1898 шеран 13 апрель[1], Барановичи, Минскан губерни, Российн импери — 1978 шеран 31 май, Варшава, Польша), кхин а евза харц цӀарца Дитто (пол. Ditto) — польшан исбаьхьалча, график, карикатурист, сценограф.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Майян да Березовский Эдмунд[pl] хилла Оьрсийн императоран эскаран подполковник, Транссибрехан цӀерпоштнекъан магистралан некъашдахкархо, ткъа тӀаьхьуо — бригадан инарла Польшан эскар[pl][2].

Майяс дийшира Петарбухера доларчу хаза говзаллин ишколехь, лакхара исбаьхьаллин дешар чекхдаьккхира Краковехь, Парижехь, Мюнхенехь. дуьненан шолгӀа тӀом болабалале а гӀараелира шен эротикан суьрташца[3]. Адамийн лакхара синкхетаман тема, дегӀан хазалла даиман хилира цуьнан кхоллараллин гуттаренна а болу мукъамаш. Къанъеллачу хенахь цуо яздира:

« Безам боцуш дахар хир дацара. Суна цхьан а хӀума дац адаман дегӀал мехала, со дийна мел ю, аса иза дуьллур ду. Мел диллало а дика.
Szpilki, № 34 (21 августа), 1977
»

1933 - 1936 шерашкахь ехира Парижехь, цигахь болхбира меттигерачу хӀора дийнахь арадовлу арахецаршца: «Le Figaro», «Le Rire[fr]», «Ici Paris[fr]». 1935 шарахь тӀаьххьарчун цхьаьна лоьмарехь зорба туьйхира «Мерза Адольфан сеттар» цӀе йолу Гитлерах лаьцна крикатурийн сери, цунна сихха терго тӀеяхийтира германин вакилата, французийн криминалан полицин дийзира «пачхьалкхан корта сийсазаваккхарна» иза суьде озо. Адвокатан аьтту белира иза кӀелхьараяккха, гӀуллакх чекхделира символан гӀуда тохарца. ТӀом болабалале Польше юхайирзина, цуо болхбира провинцехь, амма юхайирзира Варшаве, цигахь 1942 шеран май баттахь лецира гестапос. Гитлер сийсазаваккхарна йира йиеран кхел, кхечира Равенсбрюк концлагере[4].

Йиеран кхел кхочуш ца йира. Концлагерехь мел дахкало суьрташ дехкира Майяс – коьртаниг, шеца чохь бохкучу доттагӀийн портреташ, цаьрга къайлаха уьш шайн доьзалшна дӀадахьадалийта[5]. 1945 шеран майхь валаран лагерь мукъаяьккхира ЦӀиен эскаро; Березовская шен махкахойн тобанца Шведийн ЦӀен ЖӀаро дарба дан кхайкхарца яхара Стокгольмехь[2].

1946 шеран июнехь Березовская цӀайирзира Польше, цигахь цуьнан болх хилира бӀаьргаца сцена, театрашкахь костюмийн эскизаш кечъяр. Кхин а цуо зорба тухура шен карикатураш газеташкахь а, журналашкахь а, суьрташ дохкура жайнашна[2].

1977 шарахь Березовская Майяс битира говзаллин болх, кхин а шо даьлча иза елира. ДӀайоьллина Воинские Повонзки кешнашкахь Варшавехь[2].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Год рождения 1898 указан на надгробии у могилы художницы, однако по данным Биографического Словаря Польского Театра на самом деле родилась она пятью годами ранее.
  2. 1 2 3 4 Gersz, Aleksandra Stworzyła polskie porno, obraziła Hitlera, wywoływała skandale. Maja Berezowska to kolorowy ptak polskiej sztuki (поляк.) (2018, 22 декабрь). Теллина 2019 шеран 27 майхь.
  3. Czyńska, Małgorzata [Berezowska. Sex-realistka https://magazynszum.pl/berezowska-sex-realistka/] (поляк.). SZUM (2018, 19 октябрь). Теллина 2019 шеран 27 майхь.
  4. Kośka, Martyna Maja Berezowska – Zawsze zbyt śmiała (поляк.) (2019, 15 февраль). Теллина 2019 шеран 27 майхь.
  5. Kim była Maja Berezowska? (поляк.) (2018, 28 декабрь). Теллина 2019 шеран 27 майхь.