Бежний

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мохь боьттина хайнак
Зебун бугӀа
Нуьйраш техкина якаш
Италихойн лаьттайуккъерахӀордан гомаш
Bos javanicus domesticus

БежнийСтерчий (Bovinae) цӀе йолу бухара доьзалера Bos а, Bubalus тайпанара йуьртабахаман дийнаташ. Оцу тобанан дийнаташ хӀусаме дерзийна Азехь 8 эз. шо гергга хьалха, ткъа Европехь 5—6 эз. шо гергга хьалха. Стерчий караӀамийна гомашал дикка хьалха. Зебус, бежнашна йукъахь ше меттиг латтайо, хӀусаме йерзийна вайн эрал II—III эзар шо хьалха Мисрахь а, Жима Азехь а[1].

Лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бежнийн лелоран коьрта Ӏалашо йу жижиг а, шура а, кхин тӀе — неӀ, наггахь тӀаргӀа, мохь, шоьшла, кетгут, желатин, жижиг-даьӀахкан дама. Леладо иштта белхан даьхний, озо, мохь бутту дийнаташ санна а, тӀехиина хохкуш а леладо. 2010-гӀа шераш дуьйлалуш дуьненахь дагардина 1,3—1,4 млрд корта бежана[2][3][4].

Бежний Россехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

2008—2014 шерашкахь бежнийн барам лагӀбелла 9,126 млн коьртан тӀера 8,5 млн коьрте кхаччалц, 7 % гергга. Кхиина шурийн даьхнийлелоран дукхаха долу мехкашкахь дийнатийн барам массанхьа лагӀбелла. Кхузахь иштта тенденци йу — бежнийн барам лагӀлуш бу — церан сурсаталла тӀекхеташ ду — шура йаккхар тӀекхетта.

2020 шо чекхдолуш бежнийн барам Россехь хилира 7,89 млн корта, иза 0,9 % лахара тӀегӀанехь ду 2019 шерца дуьстича. Бежнийн барам лагӀбалар билгалдаьлла доларчу декъехь (-2,9 %), тӀекхетта — йуьртабахаман кхолламашкахь (+0,1 %) а, А(Ф)Б а, ИХь (+1,6 %). Уггаре дукха бежний долу 2021 шеран регионийн ТОП-20 коьртехь йу: Республика ДегӀастан (462,6 эз. корта), Республика Башкортостан (386,8 эз.), Республика ГӀезалойчоь (335,5 эз.), Ростовн область (302,1 эз.), Алтайн мохк (288,2 эз.)[5][6].

2020 шарахь шурин отрасло уггаре дика жамӀ гайтина тӀаьхьарчу 10 шарахь. Шурин барам 32,2 млн тоннал совбаьлла, иза 855 эз. тоннал сов бу 2019 шеран гайтамал. 2021 шарахь Россехь шура йоккхур йу 32,6 млн тоннал сов, иза 1,2 % сов хира йу 2020 шарахьчул[7].

2020 шарахь Россехь цхьаьна аттан шурин йуккъера барам хилира 4839 кг (+199 кг шарахь, +1063 кг 2010 шарахь дуьйна), цунах йуьртабахаман кхолламаша 6728 кг (+442 кг, +2539 кг 2010 шарахь дуьйна), АФБ 3979 (+188 кг, +1233 кг 2008 шарахь дуьйна) кг, бахархойн бахамашкахь 3471 кг (0 кг, −82 кг 2011 шарахь дуьйна)[8][9].

Бежнийн коьрта тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайп-тайпана хьесапашца бежнийн породаш масех тобане цхьаьнатуху. Даьхнийн тайпанийн 3 классификаци ю: краниологин, бахаман, географин.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Тузова Р. В. Эволюция домашних животных. — М.: Знание, 1989. — С. 11—16. — 64 с.
  2. Breeds of Cattle at CATTLE TODAY (англ.). Архивйина 2011 шеран 15 июлехь "The world cattle population is estimated to be about 1.3 billion head, with about 30 percent in Asia, 20 percent in South America, "
  3. Counting chickens (инг.). The Economist (2011 шеран 27 июль). — «Cattle are the next most populous breed of farm animal at 1.4 billion, with sheep and pigs not far behind at around 1 billion.» ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 июнь. Архивйина 2018 шеран 28 августехь
  4. «With estimated standing populations of 1.43 billion cattle, 1.87 billion sheep and goats, 0.98 billion pigs, and 19.60 billion chicken» Timothy P. Robinson et al. Mapping the Global Distribution of Livestock (en) // PLoS ONE. — No. 9(5). — P. e96084. — DOI:10.1371/journal.pone.0096084.
  5. ТОП-20 субъектов по поголовью коров в 2020 году. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 май. Архивйина 2021 шеран 9 майхь
  6. Журнал Скотоводство. Статистика субъектов России. 1. Поголовье КРС и коров на 01.01.2021 2. Производство молока за 2020 год. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 2 ноябрь. Архивйина 2021 шеран 9 июлехь
  7. В Минсельхозе прогнозируют рост производство молока на 1,2 % в 2021 году 23.04.2021. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 май. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
  8. Росстат. Надоено молока на 1 корову. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 май. Архивйина 2021 шеран 30 августехь Архивйина 2021-08-30 — Wayback Machine
  9. ПРОИЗВОДСТВО МОЛОКА И НАДОЙ МОЛОКА НА ОДНУ КОРОВУ регионы 2010—2013. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 май. Архивйина 2021 шеран 10 майхь

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]