ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Аьнгалхаш [3] [4] [5] (лат. Gryllotalpidae , оьрс. Медведки ) — нийса тӀемаш долчеран тобанера яккхий охку сагалматаш . Массанхьа а хаало. 110 кепара ю.
Оцу доьзалан векалийн барам 5—8 см бу, лаьттан бухахь шеш даьхначу Ӏуьргаш чохь еха. Гай кхузза доккха ду коьртанакхел, кӀеда, урчакх кепара, яккхийчеран диаметр 1 см гергга. Гайн чеккхенгахь хаало шиъ хьасакепара тӀетохар — 1 см еха церкаш. Некхан у онда ду, корта ларбархьама кхерам хилчи аьнгалхо оцу ун кӀела буллу. Коьрта тӀехь хаало дика гуш болу боккха шиъ фасетан бӀаьрг, деха мекхаш-антеннаш а ду, батт гуонахьа хӀуманах Ӏуттуш долу диъ мекх ду. Аьнгалхан хьалхара ши ког тӀехьарчарех тера бац, оцу когашца цуо чӀогӀа дика латта охку. Яккхийчу аьнгалхийн тӀекӀела тоьхна дуткъа пардонан тӀемаш хуьлу, дукха хьолахь гайл деха а долуш. ДегӀан бос: тӀехула агӀора гай таьӀна-боьра ду, бухахь серладолу зайт басе, иштта бос бу когийн. Корта а, накха а таьӀна-боьра бу. Хьалхара когаш охкаш бу. ТӀемаш а, тӀемашна тӀехулонаш а дика кхиина ду, наггахь хаало тӀемаш доцурш а[6] . ТӀомалела 50 см - 5 м лакхахула.
110 сов кепара ю. Дуьненахь массанхьа а ю[7] [2] .
Таханлера фаунехь ю 2 бухара доьзал бу 6 тайпанан, кхин а мацахлера 1 бухара доьзал бу 5 тайпанан. Мацахлеранаш девза Европин олигоценера а, Къилба Америкин киран муьрера а[2] .
Бухара доьзал Gryllotalpinae Leach, 1815 (триба Gryllotalpini Leach, 1815 )
Бухара доьзал Scapteriscinae Zeuner, 1939 (триба Scapteriscini Zeuner, 1939 )
Бухара доьзал Кеп:Вымер Marchandiinae Gorochov, 2010
↑ Leach. 1815. In Brewster [Ed.]. The Edinburgh Encyclopaedia 9:119
↑ 1 2 3 Family Gryllotalpidae Leach, 1815 (ингалс.) (Хьаьжина 10 июнехь 2011)
↑ Стриганова Б. Р. , Захаров А. А. Пятиязычный словарь названий животных: Насекомые (латинский-русский-английский-немецкий-французский) / Под ред. д-ра биол. наук, проф. Б. Р. Стригановой . — М .: РУССО, 2000. — С. 23. — 1060 экз. — ISBN 5-88721-162-8 .
↑ Биологический энциклопедический словарь / Гл. ред. М. С. Гиляров ; Редкол.: А. А. Баев , Г. Г. Винберг, Г. А. Заварзин и др. — М .: Сов. энциклопедия , 1986. — С. 345. — 831 с. — 100 000 экз.
↑ Большая Советская Энциклопедия: Медведки. bse.sci-lib.com
↑ Определитель насекомых Дальнего Востока СССР. Т. I. Первичнобескрылые, древнекрылые, с неполным превращением. / под общ. ред. П. А. Лера . — Л. : «Наука», 1988. — С. 268. — 452 с.
↑ Cadena-Castañeda, O.J. 2015: The phylogeny of mole crickets (Orthoptera: Gryllotalpoidea: Gryllotalpidae). - Zootaxa 3985 (4): 451-490. doi: 10.11646/zootaxa.3985.4.1.
↑ Genus Gryllotalpa Latreille, 1802
↑ Genus Gryllotalpella Rehn, 1917
↑ Genus Neocurtilla Kirby, 1906
↑ Species Pterotriamescaptor prima† (Cockerell, 1921)
↑ Genus Triamescaptor Tindale, 1928
↑ Tindale, N. B. Australasian mole-crickets of the family Gryllotalpidae (Orthoptera) (en) // Records of the South Australian Museum. — 1928. — Vol. 4 . — P. 1-42 .
↑ Genus Indioscaptor Nickle, 2003
↑ Genus Scapteriscus Scudder, 1868
↑ Species Archaeogryllotalpoides ornatus† Martins-Neto, 1991
↑ Species Cratotetraspinus fossorius† (Martins-Neto, 1995)
↑ Species Marchandia magnifica
↑ Species Palaeoscapteriscops cretacea† Martins-Neto, 1991
Hill, P. S. M.; Hoffart, C.; Buchheim, M. Tracing phylogenetic relationships in the family Gryllotalpidae (en) // Journal of Orthoptera research. — 2002. — Vol. 11 . — P. 169–174 .