Ахьмад бин Хьанбал

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ахьмад бин Хьанбал
Сурт
Исламуль шайх, Имаму АхӀлу-с-Суннати валь ДжамаӀат, Ӏалимуль Ӏаср, ЗахӀиду-д-ДахӀр, Мухьаддису-д-Дунйа, Ӏаламу-с-Суннат
Вина терахь 780 шо({{padleft:780|4|0}})
Вина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ
Кхелхина терахь 855 шо({{padleft:855|4|0}})
Кхелхина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ
Къам Ӏаьрбо
Да Мухьаммад бин Хьанбал
Нана Сафият бинт Маймунат
Динлелор Ислам: Суннатан а, ДжамаӀатан а охӀланаш
ГӀулаккхан некъ фикъхӀ[d], Хьадисаш лелор[d] и Ӏакъидат[d]
Хьехархой Мухьаммад аш-ШафиӀи, Супьян бин Ӏуяйнат[d], Ӏабдурраззакъ ас-СанӀани[d], Абу Юсуп[d], Яхья бин МаӀин[d] и Bihz ibn Asad[d]

Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли (Ӏаьр. أبو عبد الله أحمد بن محمد بن حنبل الشيباني الذهلي‎‎ / 780—855) бусалбанийн динан Ӏилманхо а, хьанбалан мазхӀабан турпалхо а, и йиллинарг а ву.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Иза ву: Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли. Вина 780-чу шарахь БагӀдадехь. Ахьмад дукха жима волуш цуьнан да кхелхина. Да кхелхинчул тӀаьхьа цунна цхьацца дахаран гӀирсаш а, иза шен ненаца Ӏаш волу цӀа а дисна. Баттахь 17 дирхӀамал дукха пайданаш а ца хилла. «Суна сайн да а, деда а ца гина. Сан нанас кхийна со» — иштта аьлла дагаяийтира Имам Ахьмада шен бералла[1].

15 шо долуш 816 шере кхаччалц цо хьадисаш а, фикъхӀ а Ӏамийна. Бусалбанийн коьрта центрашка а хьажа вахана, шен хенахь болчу массо а гергга коьрта Ӏуламаашца цхьаьнакхетта иза, юкъахь хиллачу Абу Юсупца а, аш-ШафиӀица. Лоруш йолчу Хьиджазца, Шемаца, Ӏиракъца а уьйраш хӀиттийна цо.

Кхалхар[нисъе | нисъе чухулара]

855-чу шарахь Ахьмад бин Хьанбал кхелхина. Дукха дешархой а, лархой а бисна цунна[2]. Царех цхьаболчеран цӀераш ю хӀорш: Салихь а, ӀабдуллахӀ а (имам Ахьмадан ши кӀант), Хьанбал бин Исхьакъ, Хьасан бин Саббахь Баззар, Ӏаббас бин Мухьаммад, Мухьаммад бин ИсмаьӀил аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Ибраьхим Хараби, Хьусайн бин Мансур, Дауд бин Ӏамр, Халаф бин ХӀишам, Абуль-Къасим аль-БагӀави[3].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Имам Ахьмад бин Хьанбаль. Askimam.ru (2011, 8 февраль). Теллина 2015 шеран 24 майхь.
  2. Ислам: ЭС, 1991.
  3. Имам Ахмад бин Ханбаль. Askimam.ru (2011, 8 февраль). Теллина 2015 шеран 24 майхь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]