Ахура Мазда

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ахура Маздас (аьтту агӀора) луш ю Ардаширан паччахьан Ӏедалан символ — мухар. III бӀешо

Ахура ма́зда[1] (кхин а Аху́ра-Ма́зда авест. ahura-mazdā, гуьрж. არმაზი, шир.-гӀажар. ahuramazdā, эрм. Արամազդ, Aramazd, монг. ᠬᠤᠷᠮᠤᠰᠲᠠ, Хурмаст), Орма́зд я Орму́зд (пехл. ʾwhrmzd'), «Хьекъале Дела»авестийн делаллин цӀе, иза пайхамара Зороастрасзороастризм кхоьллинчо — кхайкхийна цхьаъ бен воцу дела. Авестехь Ахура Мазда — юьхьиг йоцу кхуллург, ву чеккхе йоцучу серлонгахь[2], создатель всех вещей[3], дерриг диканиг луш ву[4], дерриг хууш ву[5] дуьне хӀоттийнарг а, паччахь а ву, зороастрахойн лераман лакхара объект. Зороастрахоша шайх олу авестийн маттахь mazdayasna, аьлча а Маздан леерам бийриш. Ахура Мазда да ву Ашан (бакъонан), аьлча а дуьне кхиаран законан, ларвеш ву бакъ стаг, дикачу гӀуллакхийн, харцоца, зуламца, шен лаамехь боцу дуьненан бохамашца дов латточу ницкъийн корта бу. ТӀаьхьарчу дахаран хийцамашкахь (Фрашкардехь) цуо ерриг дикачу хӀумнашца цхьаьна, дуьне чеккхенца цӀандийр ду.

ЦӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зороастризмехь делан цӀе, лаьтта, хӀиндогӀажарийн орамаш долчу, шина ширагӀажарийн дешах:

  • Ахура (ahura), санскритан असुर asura[6], ю Ригведе дукхаха болчу «делийн» эпитет, уггаре хьалха Варунан. Асуры — хӀиндогӀажарийн делаллин тайпа, доьзна ду дахаран бухца а, адаман юкъараллин эхь-бехкца а, «лакхара деланаш» дэван дуьхьала, «къуона деланаш» бу. ХӀинди ламастехь тӀаьхьа оьгу шайтӀан амале «дэвех хьегарца». Зороастризмехь вукха агӀора наьӀалт олу дэвашна, леерам бо ахурашна, ахура алсама Ахура-Мазда ву.
  • Мазда (церн. дож. mazdå) — хӀиндоевропан меттанел хьахарчу меттанашкахь *mn̥s-dʰeH1 «ойла хӀотториг», «ойла йийриг», кхузара схьа «хьекъале». ХӀиндин medhā «хьекъалца» догӀу. Иза «ахурал» алсама оригиналан делан эпитет ю, цуо гойту иза Хьекъале Кхуллург, Ойла Кхуллург санна, цигара схьа кхетам а, цигара схьаяьлла зороастрийн шайн цӀе mazdayasna — «Мазда лорурш», «маздеий».

Иштта Ахура-Мазда цӀе таро ю билламе гочдан «Хьекъале Эла», «Эла Хьекъал», «Ойлан да». Гаташкахь Заратуштра делан ши цӀе ю, дукха хьолахь лелайо вовшенца йозуш а йоцуш паргӀатчу низамехь. Жимаха Авестан хенахь дуьйна хӀоттадо, меттаха ца бовлу ламазан кепаш йоцург, «Ахура Маздан» низам, цунах тӀаьхьа хуьлу озийна кепийн хьост.

Юккъера Иранан а, керла Иранан а муьран бохаллехь шуьйра лелайора шала цӀеран яцйина кепаш: пехл. ʾwhrmzd' /ohrmazd/, согд. xwrmztʾ /xormazdā/, гӀаж. ارمز(د) /ormoz(d)/. Цуьнца цхьаьна Керлачу заманахь зороастрийн ламастан амалехь ду цӀе метахӀоттор авестийн кепехь: гӀаж. اهورا مزدا [æhurɒmæzdɒ].

Хьехамехь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ахура Маздан амат юьйцу коьрта хьост, цунна язйина Заратустран шатлакхан иллеш — Гаташ ю. Ахура Мазда дӀаеллаелла пайхамарна тӀетаьӀӀа синмехаллаш лоьхуш дуккха а шераш девлча, «Беркате Ойланаш» (Y 43) бахьнехь. Заратустрас ойла йира Ахура Маздан хьекъалца, тӀаккха гира шен бӀаьргашца (Y 31.8; 45.8). Пайхамара хӀиттира, ткъа далла жоьпаш делира, хьажавора пайхамар хьекъале новкъа. ТӀаьхьа оцу «цхьаьнакхетаро» (авест. haṇjamana-) бух биллира Маздан лерам баран керлачу динан (зороастризман). Гаташкахь Заратустрас доьху Ахура Мазде ларве, нисве, Ӏилма ло, синмехаллин а, дегӀан а дахарехь аьтту бар, «доттагӀчо доттагӀчуьнна ден долу» гӀолацар (Y 46.2). Цуьнца цхьаьна цуо ша дахьа цунна гӀурба, шен дахар а, дегӀ а дуьззина дӀало цунна (Y 33.14)

Ахура Маздан сипташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ахура Мазда кхайкхаво массарел сийлахь вверг. Беркат цуьнан абсолютан ду. Ахура Мазда массарел воккха а ву, уггаре къуона а ву. Иза кхуьу гуттаренна, амма гуттаренна вуьсу хийцамза. Ахура Мазда — уггаре ницкъ берг. Иза уггаре хууш вверг ву хилларг а, хиндерг а. Цул сов, иза даиман воьду нийсачу новкъа.

Ахура Мазда веха сирлачу Гародманехь — «Эшараш лоькху цӀа чохь», цуьнан гуо цуо кхоьллина дика хӀумнаш — ахур, коьртехь Аша а, Воху Мана а (Бакъ Закон а, Дика Ойла а) долуш. ТӀаьхьарнаш, кхин а тӀаьхьарчу муьрехь Амешаспандийн а, Язатийн а олуш болу, Гаташкахь наггахь олу цуо кхоьллинарш.

Дерриг схьаэцча Ахура Маздан васт догӀу «АрхецӀун» концептаца, Дахаран Законан (Ашан) шен ойланца а, къайлахчу ницкъаца а maya- гӀолоцуш ца Ӏаш, цуо Ӏамадо лаьттан цӀуйшна и закон[7]. Дуьне къагош волу бакъ стаг зороастризмехь — дуьххьал дӀа векал ву Ахура Маздан, цуьнан лаам кхочуш бийриг ву. ТӀаккха а антропоморфан дийцаршкахь Гаташкахь «цуьнан маттаца» а, «куьйгашца» а олий доза туху, цаьрца цуо латтадо совгӀаташ бакъчарна а, харцчарна а.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Ахурамазда / М. А. Дандамаев // Анкилоз — Банка. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — С. 581. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 2). — ISBN 5-85270-330-3.
  2. Y. 31.7
  3. Y. 44.7
  4. Y. 12.1
  5. Y. 45.4
  6. Mayrhofer M. Kurzgefasstes Etymologisches Woerterbuch des Altindischen. — Heidelberg: C. Winter, 1956. — B. I. — S. 65.
  7. M. Boyce. AHURA MAZDĀ

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Windischmann, «Zoroastrische Studien» (Б., 1863);
  • Spiegel, «Eranische Alterthumskunde» (т. II, Берл., 1873);
  • Duncker, «Geschichte des Alterthums» (5 изд., В., 1881);
  • Darmesteter, «Ormasd et Ahriman» (П., 1877);
  • M. Haug, цитированная выше книга; W. Geiger, «Ost-iranische Kultur im Altertum» (Эрланген, 1882);
  • Jackson, «The religion of Awesta», «Grundriss der irânischen Philologie» (Страсбург).