Айма (географи)
Айма — океанан, хӀордан, Ӏоман я кхечу хин латтан кӀоргга чудахна, амма хин коьртачу декъаца паргӀата хи хийцалуш долу дакъа.
Айманаш екъало хӀокху кепашна: бухта, губа, эстуари, фьорд, лиман, лагуна, гавань.
Айман гидрологин а, гидрохимин а хьолаш тера ду ша дакъа долчу доккхачу хинчух. ЦкъаццӀа меттигерачу климатан башхаллаш а, материк тӀиера догӀу хиш а хийца тарло гидрологин амал айман тӀехуларчу чкъоьран.
Дуьненан океанан уггаре яккхийчу айманех ю: Аляскан айма, Бенгалин айма, Бискайн айма, Австралийн Йоккха айма, Гвинейн айма.
Цхьаццанхьа «айма» цӀе ягӀна шен гидрологин раж хӀордаш долчу акваторешна (масала, Мексикан айма, Худсонан айма, ГӀажарийн айма, Калифорнин айма).
Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]
Гейрангер-фьорд, Норвеги
Венецин лагуна. Космосера гар.
Днестр хин хикхочехь йина Днестран лиман. Космосера гар.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Айма (географи) — яззам бу Большой советской энциклопедии чуьра.
![]() |
ХӀара гидрологех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |