Автиев Хьасан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Автиев Хьасан
Сурт
Автиев Хьасан
Вина терахь 1969 шеран 27 март({{padleft:1969|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (53 шо)
Вина меттиг Хаси-Эвл, РСФСР, ССРС
Схьавалар: нохчо
Гражданалла: Российн байракх Росси

Автиев Хьасан — (вина 1969 шо 27 март, гӀ. Хаси-Эвл, Хаси-Эвлан кӀошт, ДегӀастанан АССР) — нохчийн исбаьхьалча[1][2].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1969 шеран 27 мартехь ДегӀастанан АССРн Хаси-Эвлан кӀоштара Хаси-Эвлахь[2]. Хаси-Эвлан № 12 йолу ишкол а, цуьнца цхьаьна хенахь исбаьхьаллин ишкол а чекхъяьккхина[2].

Хьасан сурт дилла волавелла берийн бешахь шена танк юьллуш кӀант вайча, цунна иза марзделира. ТӀаьхь-тӀаьхьа сурт дилла лаамах цуьнан дахар хилира. ХӀора мукъа хан цуо йойура сурт дилларна, цунах чӀогӀа самукъа а долура Хьасанан. Меллаша, амма кхетамца иза воьдура хӀоттийначу Ӏалашоне — исбаьхьалча хиларе[3].

Юкъара дешаран ишкол чекхъяьккхича иза деша хӀоьттира исбаьхьаллин-графикан факультете. Хьалхара курс чекхъялчи Советийн Эскаран могӀаршка кхайкхира Хьасанега. ЦӀавирзича, дешар чекхдаьккхира. Ленинградан исбаьхьаллин академин шен лаамца ладогӀархо хилира Хьасанах[3].

Хьасан емалца маххадабо шен говзаллин, гӀелвалар хӀун ду ца хууш, массо а хена болх бора, доьшура. ГӀалин хазаллаш, музейн хӀазнаш, адамаллин исбаьхьаллин тӀаьхъьено шен лар йитина Хьасанан белхашкахь. Ленинградехь исбаьхьаллин академехь доьшучу муьрехь сих-сиха воьдура Германе, Финлянде, Бельге, Чехословаке, Польше, Мажарчу, дохкура адаман суьрташ, пейзажаш[2][3].

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Автиев Хьасанан зуда а, диъ бер а ду: шиъ кӀант, шиъ йоӀ. Бераш а цуьнан лар тӀехула доьлхуш ду. Царна а йиллина неӀарш исбаьхьаллин ишколо. Хьасана Хаси-эвлахь лаьттан дакъа а эцна йиллина жима пхьолгӀа галереейца[3].

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]