Исламехь пайхамар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Исламан пайхамарш тӀера хьажжина кхуза)
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

Пайхамар (Ӏаьр. ٌّنَبِي‎‎ набӣ), д. т. пайхамарш (ُأَنْبِیَاءанбийа̄ъ) — уьш Дала хаьржина нах бу, Шена цхьанна Ӏибадатдаре нах тӀеберзо бахкийтина, уьш гӀиллакхашка кхайкха а, цӀушна Ӏамалйарах а, цамагийначарах (хьарамнаш) а уьш йухабахийта а. Къуръан чохь хьахийна 25 пайхамар а, элча а ву. Иштта цу чохь хьахийна ду, Дала кхин пайхамарш а, элчанаш а бахкийтина аьлла, лаьтта тӀехь хиллачу тайп-тайпанчу къаьмнашка. Къуръан чохь деана ду: ﴾Хьол хьалха а эхийтина Оха элчанаш. Царна йуккъехь Оха хьуна бийцинарш а бу, Оха хьуна цабийцинарш а бу. Цхьана а элчано Ӏаламат гайтина дац АллахӀан пурбанца бен. Ткъа АллахӀан омра деъча, бакъ йолу кхиэл йийр йу, тӀаккха харцлийнарш да̄къазабевр бу﴿ [Къуръан 40:78].

Пайхамарний, элчаний йукъахь башхалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элча — иза Дала элчаналла а, керла шарӀ а дохьуш ваийтинарг ву. Ткъа пайхамар — иза шена тӀе дӀаделладалар (вахьйу) доьссинарг ву, Дала хьалха элчанашка диссийначу шарӀашна йа цхьана манхӀажна тӀехь Далла Ӏибадатде аьлла цо кхайкхо. Пайхамар Делера хаам бийриг ву, ткъа элча Дала вахийтинарг ву, хӀора элча пайхамар ву, амма хӀора пайхамар элча вац.

Къуръан чохь пайхамарш а, элчанаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къуръан чохь пайхамарш а, элчанаш а
ЦӀе Пайхамар Элча Имам Жайна Къам ШариӀат
Адам (1)
Идрис [1]
Нухь [2] [3] Нухьан къам [4] [5]
ХӀуд [6] Ӏад [7]
Салихь [8] Самуд [9]
ИбрахӀим [10] [11] [12] ИбрахӀиман тептарш [13] ИбрахӀиман къам [14] [15]
ЛутӀ [2] [16] ЛутӀан къам [17]
ИсмаӀил [18] [18]
Исхьакъ [19] [20]
ЯӀкъуб [19] [20]
Юсуф [2]
Айюб [2]
ШуӀайб [21] Мадьян [22]
Муса [23] [23] Товрат [24] ПирӀун а, ХӀаман а, Къарун а, исраилхой а[25] [15]
ХӀарун [26] [27] исраилхой
Давуд [2] Забур [28] исраилхой
Сулайман [2] исраилхой
Ильяс [2] [29] исраилхой[30]
Аль-ЯсаӀ [2]
Зул-Кифл пайхамар йа дика стаг[31]
Юнус [2] [32] Юнусан къам (Найнава)[33]
Закарийя [2] исраилхой
Яхья [34] исраилхой
Ӏийса [35] [36] Инжил[37] исраилхой[38] [15]
Мухьаммад [39] [39] [20] Къуръан [40] дерриг адамаш а, жинаш а[41] [15]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]