Ламаз

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад
Ламаз

Ла̄маз (Ӏаьр. الصَّلَاةُ‎‎, ас-сала̄т) — иза исламан арканех шолгӀа рукна йу[1]. Хьадисехь деана ду: «Ибн Ӏумара элира: Суна хезира Делан элчано олуш: "Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахI бен кхин дела ца хилар, Мухьаммад — Делан элча хилар, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро елахь"»[2]. Иштта элчано дийцина: «ХӀокху белхан корта — ислам бу, ткъа цуьнан бӀогӀам — ламаз ду, ткъа цуьнан бохь — Делан новкъахь жихӀад дар ду»[3]. ШийӀашна гергахь динан да̄къойх хьалхара да̄къа ду иза[4].

Ламаз дар важиб (тӀедиллина) ду хӀора бусалбачу стагана, гӀеметтахӀоьттинчунна, кхетам чохь волчунна, боьршачунна, стечунна. Ламаз фарз дина тӀедиллина Маккахь, Мухьаммад пайхамаро Мадийнате хӀижрат далале ши шо хьалха, исраъ а, миӀраж а хиллачу хенахь[5]. Исламехь хӀора стагана тӀедиллина дийнахь пхи ламаз ду. Уьш доцурш, кхечу бахьанашна деш кхин ламазаш а ду: Шина Ӏийдан ламаз а, докъа-ламаз а, догӀа дехаран ламаз а, малх-бутт лацаран ламаз а. Ламаз ле̄но шен Делаца къамелдаран кеп йу, цу шинна йукъахь хуьлуш йолу уьйр йу иза[6].

Истори

Вайн сийлахь волу делан элча «Мухьаммад» , цунна дала тӀедиллинера шовзткъе итт ламаз. Мухьаммадан дуьхьал кхийтира Муса пайхамар, цо цуьнга элира: «и ламазаш мелла а кӀеззиг хилийта алахь Деле». Юха Дала, дийнахь пхиъ ламаз дар тӀедиллира. Юха а Мусас уьш лагӀде элира, Мухьаммада: «ша эхь хетталц дийхира цуьнга, кхин деха суна эхь хета» элира цо. Оцу замангара схьадеана ду ламаз дар. ВорхӀ шо кхаьчначу хенахь дуьйна, иза дар адамашна тӀехь ду.

Ламаз дале хьалха дан дезарг

  1. ДегӀ цӀена хила деза
  2. ДӀахӀоьттина меттиг цӀен хила еза
  3. Къилбе вирзина хила веза, ХьажицӀа долчу агӀора
  4. Ламаз кхочуш дан лууш хила веза
  5. Духар — цӀена бедар юьйхина хила веза
  6. Хьараме хӀуманах хьакхавелла хилла цавеза (масала: малар, кхин йолу алкоголь — уьш хьараме ю)
  7. Хан — шен хене хьаьжжина дан деза, хӀора ламаз.

Ламазан ракаӀаташ

РакӀат — иза хӀора ламазехь доьшуш долу сурат «Аль-Фатихьат» ду, я «БисмиллахӀ».

Ламаз РакӀат
Ӏуьйрачунна 2
Делкъачунна 4
Малх дӀабузучун 4
МаьркӀажчунна 3
Пхьуьйрачунна 4

Хьосташ

  1. أركان الإسلام - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 май.
  2. رواه مسلم كتاب الإيمان باب بيان أركان الإسلام ودعائمه العظام رقم16 شرح النووي ص146
  3. تخريج الحديث: أخرجه الإمام أحمد والترمذي بإسناد صحيح عن معاذ بن جبل. صحيح مسلم، كتاب الصلاة
  4. فروع الدين. web.archive.org (2016 шеран 26 декабрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 май.
  5. متى فرضت الصلاة ؟ وكيف كان المسلمون يصلون قبل فرض الخمس ؟ - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 май.
  6. إسلام ويب - مواهب الجليل في شرح مختصر خليل - كتاب الصلاة- الجزء رقم1 (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 18 май.