ХӀуд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀуд
Ӏаьр. هود‎‎‎‎
Говзалла хьехамча, совдегар
Вина терахь билггал хууш дац (Нухь пайхамаран заманал тӀаьхьа)
Вина меттиг Аль-Ахькъаф
Кхелхина терахь билггал хууш дац
Кхелхина меттиг Аль-Ахькъаф
Къам, некъе ӏад
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла
Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе Ӏебар. עֵבֶר

ХӀӯд (Ӏаьр. ٌهُود‎‎) — иза исламан пайхамар ву, Нухьан кӀентан Саман тӀаьхьенах схьадевллачу, делла дӀадевллачу Ӏаьрбийн тукхамех долчу «Ӏад» къоманна ваийтина[1]. Къуръан чохь 7-зза хьехийна ву иза. Цуьнан цӀе тиллина ду Къуръан чуьра 11-гӀа «ХӀуд» сурат. Жуьгтийн тексташкахь иза Нухьан кӀентан кӀант Ӏабир ву боху, ХӀудан силсила цуьнчух тера йогӀуш йолу дела[2][3][4][5].

Силсила[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀудан силсилан хьокъехь Ӏеламнах бекъабелла кхаа дашана тӀехь:

  • ХӀуд ибн ӀабдуллахӀ ибн Раббахь ибн аль-Хулуд ибн Ӏад ибн Ӏавс ибн Ирам ибн Сам ибн Нухь.
  • ХӀуд ибн ӀабдуллахӀ ибн Раббахь ибн Хьарис ибн Ӏад ибн Ӏавс ибн Ирам ибн Сам ибн Нухь.
  • ХӀуд ибн Шалахь ибн Арфахшаз ибн Сам ибн Нухь ибн Ламик ибн Маттушалахь ибн Идрис ибн Ярад ибн МахӀлаил ибн Къинан ибн Ануш ибн Шис ибн Адам.

Къуръан чохь[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀуд хьахийна ву Къуръанан аш-ШуӀараъ сурат чохь:

26:123. Ӏадхоша харцбира [шайга бахкийтина] элчанаш.
26:124. ХӀан, церан [тайпанан] вашас ХӀуд [пайхамара] элира цаьрга: «Кхера ца кхоьру шу [Делах]»?
26:125. Со [Дала] шуьга ваийтина элча ву, теша хьакъ волуш.
126:26. АллахӀах кхера, суна муьтӀахь а хила!

26:127. Мах а ца боьху ас шуьга цу тӀера [айса шуна бечу хьехамех а, кхайкхамех а], хӀунда аьлча суна мах [совгӀат] Ӏаламийн Дала лур ду.

Аш-ШуӀараъ сурат 26:123-127, Къуръан

ХӀуд сурат чохь:

11:50. Ӏадхошка церан [тайпанан] ваша ХӀуд [вахийтира Оха, элча а вина]. Цо элира: «ХӀай, сан къам! АллахӀана Ӏибадатде. Кхин дела вац шуна, И воцург. Харцо кхуллуш ду шу [АллахӀана тӀехь, хӀуьппалгашна Ӏибадатдарца].
11:51. ХӀай, сан къам! ХӀара [Дела цхьаъвар дӀакхайкхорах] мах ца боьху ас шуьгара, хӀунда аьлча суна йал со кхоьллиначо лур йу. Ца кхета шу?
11:52. ХӀай, сан къам! Гечдар деха шайна шайн Деле, цул тӀаьхьа тоба а де Цуьнга. Стигалара охьа шортта догӀа а доуьйтур ду Цо шуна. Шун болучунна тӀе кхин а ницкъ алсамбоккхур бу Цо. Цундела, баккъаш а тохий, дӀа ма дерза, къиношдерш [зуламхой] а хилий.
11:53. Цара элира: «ХӀай, ХӀуд! Ахь тхуна билгало ца гайтина. Тхайн деланаш дӀа а туьйсур бац оха, хьан дешнаш бахьанехь. Хьох [ахь дуьйцучух] ца теша тхо.
11:54. Хьан хьокъехь тхан ала йишйерг: тхан деланех цхьамма зен дина хьуна». Цо [ХӀуда] элира: «Баккъалла а, теш хиларе кхойкху ас АллахӀе, шуьга а доьху ас тешаш хилар - аш лолладечарах со цӀенахиларна,
11:55. Цунна [Далла] дан дезачу меттана. Шайн мекарло а йелаш суна. Хан лой а ма виталаш со.
11:56. Баккъалла а, АллахӀана тӀе болх биллина ас, сан Дела а, шун Дела а волчу. Цхьа а дийна хӀума ма йац, Цо цуьнан кӀужал лаьцна йолуш бен. Баккъалла а, сан Дела нийсачу новкъахь ву.
11:57. Нагахь шу, баккъаш а тоьхна, дӀадерзахь, Баккъалла а, ас шуьга дӀакхачийна-кх и дохьуш со шуьга ваийтинарг. Сан Дала кхечу къоме хуьйцур ду шу, ткъа аш цхьана а хӀумангахь зен а дийр дац Цунна. Баккъалла а, сан Дела – массо а хӀума Лардийриг ву».
11:58. Тхан болх [Ӏазап] деъначу хенахь, Тхайн къинхетамца ХӀуд [пайхамар] а, цуьнца цхьаьна имандиллинарш а хьалхабехира Оха. Луьрачу Ӏазапах кӀелхьарабехира Оха уьш.
11:59. Иштта бара Ӏадхой! Шайн Делан Ӏаламаташца керстаналла дира цара. Цуьнан элчанашна Ӏеса а хилира уьш. ХӀора йухахьарачу къизанчина тӀаьхьа а безира уьш.

11:60. НеӀалт лелар ду царна тӀаьхьа хӀокху дуьненахь а, иштта къематан дийнахь а. Баккъалла а, Ӏадхой ца тийшира шайн Делах. [Къинхетамах] генабовлар [хӀаллакьхилар] а хуьлда Ӏадхошна, ХӀуд [пайхамаран] къомана!

ХӀуд сурат 11:50-60, Къуръан

Аль-АӀраф сурат чохь:

7:65. Ӏадхошка церан [тайпанан] ваша ХӀуд [пайхамар вахийтира Оха]. Цо элира: «ХӀай, сан къам! Ӏибадатде АллахӀана, хӀунда аьлча кхин дела вац шуна, И бен. Кхера ца кхоьру шу [АллахӀан Ӏазапах]?».
7:66. Цуьнан [ХӀудан] къомах керстаналла дина болчу цӀейахначу наха [элаша] элира: «[ХӀай, ХӀуд!] Дера тхуна-м хьо Ӏовдал [йа сонта] го, харцлуьйш а хета».
7:67. Цо [ХӀуд-пайхамара] элира: «ХӀай, сан къам! Ӏовдал вац со, ткъа Ӏаламийн Делан элча ву».
7:68. Шуьга дӀакхачош ву со сайн Делера хаамаш. Со шуна - тешаме а, дика а волуш хьехамча ву.
7:69. Тамаш хӀунда бо аш, шайн Делера дагадаийтар шайга дӀакхачорна, шайна юкъара волчу стагехула - цуьнга шу лардайтархьама? Дагадаийта шайна, Цо [АллахӀа] шаьш Нухьан къоман тӀаьхье йар а, иштта Цо шаьш дегӀалахь [ницкъ болуш] дар а. Дагадахкийта шайна АллахӀан ниӀматаш [йа къинхетамаш]. ХӀун хаьа, декъалахила а ма мега шу».
7:70. Цара [ХӀудан къомо] элира: «[ХӀай, ХӀуд!] Хьо тхоьга цхьана АллахӀана Ӏибадатдайта а, тхан дайша шайна Ӏибадатдинарш тхоьга дӀатасийта а веъна, ткъа? СхьатӀедаийта, хӀета, айхьа тхуна кхерам туьйсуш дерг [таӀзар], нагахь айхьа дуьйцург бакъ делахь».
7:71. Цо [ХӀуда] элира: «Шун Делан Ӏазап а, оьгӀазло а хӀинцале йахна шух. Аш муха къуьйсу соьца аш шаьш а, шун дайша а кхоьллина йолчу [шайн цӀуйн] цӀерех дерг? Церан хьокъехь цхьа а тоьшалла ца доссийна АллахӀа. ЛадоьгӀуш Ӏе шу [Ӏазапдаре]. Со а Ӏийр ву шуьца цхьаьна ладоьгӀуш.

7:72. Оха кӀелхьараваьккхира иза [ХӀуд-пайхамар] а, цуьнца цхьаьна хилларш а, Тхайн къинхетамца. ХӀаллак а бина, дӀабехира Оха Тхайн Ӏаламаташ [йа айаташ] харцдинарш а, [Делах] цатешнарш а.

Аль-АӀраф сурат 7:65-72, Къуръан

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. ابن عادل الحنبلي، عمر بن علي (1419 هـ). اللباب في علوم الكتاب (Ӏаьр.) (2024 шеран 11 май).
  2. A-Z of Prophets in Islam and Judaism, Brannon M. Wheeler, Hud
  3. البداية والنهاية لإبن كثير، الجزء الأول (قصة هود عليه السلام)
  4. "الموسوعة الشاملة - المنتخب في ذكر نسب قبائل العرب". web.archive.org (2020 шеран 23 апрель). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 май.
  5. "الموسوعة الشاملة - الإنباه على قبائل الرواة". web.archive.org (2020 шеран 23 апрель). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 май.