Шахадат
Шахадат (lаьрб. شهادة — Šahādah — Турцийн маттахь: Şehadet бохуг ду тешалла дар, АллахI воцург кхин Дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла.
И тешалла даран маьIна – маттаца иза алар ду, цуьнан маьIна а хууш, къайлах а, гучахь а цуьнца Iамал яр а ду. Ткъа цуьнан маьIна а ца хууш, цуьнца Iамал а ца еш иза маттаца аларо пайда беш бац стагна, массо Iелам-неха цу тIехь барт хилла а бу. Муххале а, иза иштта бохуш волчунна доьхьал тешалла а хила мега иза.
Текст [нисйé]
Iарбойн маттахь:
لا إله إلا الله ومحمد رسول الله
Латинан транслитераци: lā ilāha illā-llāhu wa muḥammadun rasūlu-llāhi
Нохчийн транслитераци: Ашхаду аннa ЛаилахIа иллаАллахI , ва Ашхаду анна Мухьаммадун расулуллaхIи
«ЛаилахIа иллаллахI» (АллахI воцург кхин Дела вац) бохучун маьIна – ЦIена а, Лекха а волу АллахI воцург Iибадат дан кхин цхьа а хьакъ вац бохург ду.