Мухьаммад

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха

link=Ислам


Ислам

Динах тешар

Аллахl · Товхьид · Шахlада

Парз

lамал · Марха · Закат
Хьадж дар · Гlазот

Исцlарера а декъашхой

Мухаммад · Пайхlамарш диняхь Асхьабаш · Халифы

Диняхь долу гарнаш

Сунниташ · Шииташ
Салафия · Суфизм

Жайняш и бакъонаш

Къуръан · Суннат · Хадисы
Мазхабы · Бакъо · Няlмат

Гlилакх а нехайукъ

Исбаьхьалла · Даздарш
Хиласоьхе · Кханлерде
Мяждигаш · Зудри
Ислам дин довзитар

Ков:Ислам

х · д · н

Мохьмад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), (Ӏаьрб. محمد‎‎) — Бусулба дин чохь Делан Элча ву. Вина Iарбойн Махкахь, Маккахь а, Мадинехь дlавоьллин ву.Тайпан Къурайш варa, тІаьххьара ваитан Делан Элча ву. Иза охьавоссинера Далас бусулб динa Іамаде а даржде а нахан тІе.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Къоналла[нисъе | нисъе чухулара]

  • 570 — Мухьаммади (Алейхи Салям) да Абдулла вина.
  • 571574 — Жим вол Мухьаммад (Алейхи Салям) вакхо а лело Бану Асади Халиман дIавелира.
  • 576 — Мухьаммади (Алейхи Салям) нана — Амина кхелхина. Иза дIайолина ю Абвахь. Цун кIант лело дIавелира Абдул-Мутталибан (Элчан деда).
  • 578 — Абдул-Мутталиб кхелхан. Керл Мухьаммади (Алейхи Салям) опекун хила Абу Талиб — Элчан деваш.
  • 582 — Мухьаммад (Алейхи Салям) а Абу Талиб Сирии вахар.
  • 595 — Мухьаммадас (Алейхи Салям) ялина жеро Хадидж бинт Хувайлид (555619). Цер хилан барх бер. КIентий — Касим, Абдулла, Тахир а Тайиб — царахь цхаъа вохк хилац ца вехна. Диъ йоI — Зайнаб, Рукайя, Умм-Кулсум а Фатима

Пайхмар[нисъе | нисъе чухулара]

  • 610, 27 рамадан-баттахь Мухьаммадан(Алейхи Салям) дуьххьара аяташ схьадоьссина, Хирра-лам тIехь. Оц динахь Элчан гина Джибраил-малайк.
«

Сурат аль-Iалакъ (цIийн улх)(№ 96, аяташ 1-7):
1. Деша хьо Кхиош-кхобуш волчун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!

2. Цо адам кхоьллина цIийн улхах /детана цIийх/.

3. Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг.

4. Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца.

5. Цо Iамийра адамна цуна ца хуург.

6. ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/

7. Ша шена гуш хьал долуш хиларца[ii].

8. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучуьнга ду /массаран/ дIадерзар.

9. Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг /Абу-ДжахIал/

10. Лена /Мухьаммад пайхамарна/ цо ламаз деш?

11. Гиний хьуна и /шена новкъарло йийриг/ нийсачу новкъахь хиллехь?

12. Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь?

13. Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?

14. Цуна ца хиъна-те Далла гуш дуйла?

15. ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚

16. Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца!

17. Цо /гIо луьйхуш/ кхойкхийла шен гуламе[iii].

18. Оха кхойкхур ду забанияташка[iv].

19. ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахьа /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужд де‚ /Цуна/ герга гIо /Iамал ярца/.

»


Бусулба дин даржар[нисъе | нисъе чухулара]

  • 614 — бусулба нахас хьехам болбар. Ислам даржа доьлдалира. Амма бусулба умман дуьхьало йолира курейшиташ.
  • 615 — Эфиопи эммиграци.
  • 617 — Бойкот Бану Хашим.
  • 619 — Элчан зуда Хадиджа а Элчан деваш Абу Талиб кхелхира. Мирадж
  • 622Хиджра.
  • 623 — Мухьаммадас ялина Iайша бинт Абу Бакр.
  • 624Бадруна гIазот — бусулба нахас толам бахкан мушрикашгер.
  • 625Ухьудан гIазот.
  • 627Мадинан гIазот. Бусулбнехь толам.
  • 630, 11 январь — Маккан капитуляци. Абу Суфьянас а кхийч курейшиташ дин тIеэцар.
  • 632 ш. — тІаьххьара Элчан хадж.
  • 8 июнь 632 ш — Элча кхелхина.

Элчан генеалоги[нисъе | нисъе чухулара]

                             Курайш
                                 |
                               Кусайя
                                 |
                         ____________________
                         |                  |
                     Абд-ад-Дар          Абд-Манаф
                 ______________________________________________________
                 |                                    |               |
             Абд-Шамс                        Хашим (ок. 510 г.)      Мутталиб
                 |                                    |
             Умайя                        Абдул-Мутталиб (Шайба)
                 |                                    |
     _________________        ____________________________________________
     |               |        |         |             |        |         | 
  Абдул-Ас         Харб    Хамза   Абу-Талиб     Абдулла   Аббас  Абу-Лахаб
 ___________         |                  |         + Амина
 |         |         |                  |             |
Аль-Хакам Аффан   Абу Суфьян            |      Мухьаммад + Хадиджа
 |         |         |                  |             |
 |         |         |                  |  ____________________________
Марван    Усман   Муавия                |  |        |       |         |
                                  Али + Фатима  Зайнаб   Рукайя Умм-Кулсум
                                     656-61 гг.
                                        | _____________
                                        |             |
                                      Хасан    Хусайн

Кхин хьажа[нисъе | нисъе чухулара]

Линкаш[нисъе | нисъе чухулара]