ЧагӀалкх
Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
ЧагӀалкх (оьрс. Шакал) олу. Барзах тера ю иза, цул дегӀана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цӀока берзачул сирла ю цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хӀумнаш йоу чагӀалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагӀалкхо, тӀаьхьара дӀа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, я лекъ и тайпа хӀума топ а тоьхна йийчи иза тӀекхачале лачкъайо чагӀалкхо.
- ЯахӀума чохьйолу тӀоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагӀалкхо дӀахьо. УгӀар тамашена ду чагӀалкхан, цкъа жӀалех угӀу иза, тӀаккха бер доьлхуш санна ека.