Хьалхара Кавказ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хьалхара Кавказ
Географин регион Къилба-Малхбален Европа
Локализаци Российн Европин декъан къилбе
Бахархой оьрсий, нохчийн, украинаш, жӀайхой, гӀумкий, даьргӀой, ногӀий, хӀирий, адыгейш, гӀебартой, чергазий, балкхарой, кхарачой, кхин берш а.
ЙукъайогӀу Российн
Цунна йукъайогӀу Ставрополан мохк, Ростовн область (цхьа дакъа), ГӀалмакхийчоь (цхьа дакъа), Краснодаран мехкан аренан кӀошташ, Адыгей, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГӀебартойн-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийчоь, ДегӀаста
Махкахь пачхьалкх
Росси XVI бӀешарахь дуьйна
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалха́ра Кавка́з — алсама Йоккха Кавказан кӀажошкара къилбаседехьара аренан мохк дӀалоцу, къилбаседехьара доза ду ГӀуман-Манычан чутаӀе, Салан-Манычан рагӀ Ергени гунашца, малхбузера – Азов-хӀорд а, Керчан хидоькъе а, малхбалера – Каспий-хӀорд. Къилбаседа-малхбузера къилба-малхбале яхъелла 900 км сов, меридианашца лаьрча (къилбаседехьара къилбехьа) — 300 км кхаччалц.

Физикин-географин амалш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара Кавказ — NASA спутникан сурт

Геологин хӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара Кавказан алсама долу декъан къилбаседехьа а, йуккъехь а платформин структура йу герцинан чкъоьрнийн бух а болуш. И мохк йукъабоьду эпигерцинан Скифийн платформин. Малхбузен а, Йуккъера а Хьалхара Кавказан чкъоьрийн бухан хьалхарагерцинан хан йу, ткъа Малхбален Хьалхара Кавказан къилбаседан декъан геосинклиналан бухан хан — тӀаьхьарагерцинан йу[1].

Кубанан а, Теркан а лахенашкахь лаьтта, хӀоранна а, Индолан-Кубанан а, Теркан-ГӀуман чутаӀенаш, уьш йукъайогӀу Альпийн геосинклиналан областан йистан чутаӀенна — альпийн ламанан кӀажойн чутаӀенна, ткъа иза йуккъерачу декъехь чолхе йина герцинан чкъоьрнийн бухца йолу платформин структуро[2].

Хьалхара Кавказан тӀехуле йиллина антропогенан, неогенан, палеогенан бухайоьжна породаша. Ставрополан акъарин палеогенан а, неогенан а стоммалло кхуллу платформин тайпана чкъоьрнийн структураш. Теркан а, Соьлжин а даккъийн чкъоьрнаш лаьтта неогенан породех, чолхе бо йистан чутаӀенан къилба тӀам. Кавминхишшан кӀоштахь лаьтта лакколитийн тайпанан тӀапломан массиваш[2].

Физикин-географин кӀошташйар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Орографин агӀора Хьалхара Кавказ йекъало:

Ораматаш а, дийнаташ а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара Кавказан алсама тайпана ораматаш бай-аренан а, ахгӀум-аренан формацин йу. тахана бай-аренан доккхаха долу дакъа аьхна ду. Цхьацца дакъош дисина айаеллачу меттигашкахь, чутаьшначохь а, басенашкахь а, наггахь хаало цкъан а аханза дакъош. Хьалхара Кавказан карбонатан Ӏаьржа латтан бай-аренашкахь, коьрта эдификаторш йу огар (Stipa lessingiana, Stipa capillata, Stipa ucrainica, Stipa tirsa), ткъа иштта типчак (Festuca valesiaca), келери тӀилдигкепара (Koeleria cristata). Бецийн тайп-тайпаналлин йукъахь хаало мезофилан кепаш, масала турс термера (Filipendula vulgaris), цӀен лерг готта гӀа долу (Paeonia tenuifolia), адонис бӀаьстенан (Adonis vernalis), пхьагал-цӀазам баьццара (Fragaria viridis), сийна бӀаьрг хьуьнан (Myosotis sylvatica), ткъа кхин а алсама ксерофилан — солнечник месала (Galatella villosa), эзар гӀадерг беркате даьлла (Achillea nobilis). Нисло Кавказера схьаевлла кепаш а — псефеллюс кӀайн йина (Psephellus dealbatus). Цхьаццанхьа чутаьӀначохь хаало бай-аренан коьллийн къух кока (орамат) (Prunus stepposa), бай-аренан миндаль (Amygdalus nana), карагана кӀеда (Caragana mollis)[3]. Ставрополан акъарин малхбален басехь и бай-аренаш хуьлу типчакан-огаран, кхин дӀа типчакан, тӀаьххьара, типчакан-сагалбецан йекъа бай-аренаш, цара дӀалоцу Йуккъера Хьалхара Кавказан уггаре декъа къилбаседа-малхбален дакъа.

Хьун-аренийн кӀоштийн щелочь дӀадаьлла Ӏаьржа латтанаш ду байн аренашкахь, иза йу бай-аренан уггаре мезофилан семса, тӀеттӀакхетта тайп-тайпана кепаш йолу, дукха ши зӀийдиг йолу бецаш а йолуш, цхьаццанхьа уьш алсама хуьлу кенан орамател. Ширачу заманан кенан ораматех йу огар месаш йолу (Stipa pennata), тимофеевка бай-аренан (Phleum phleoides), кхечу кенан ораматех ха бердйистан (Bromopsis riparia), трясунка къилбан (Briza elatior). Ставрополан акъарин малхбузен басешкахь хаало огаран-типчакан бай-аренийн дакъош, тӀехь кхуьу огар чоберг (Stipa capillata) а, огар украинин (Stipa ucrainica) а, тӀон басешкахь шуьйра йаьржина огаран-можан бай-аренаш тӀехь огар чоберг (Stipa capillata) а, мажъерг термера (Bothriochloa ischaemum) а, гӀирмин сагал-буц (Artemisia taurica) а, сагал-буц Маршаллан (Artemisia marschalliana)[3] а йолуш.

Регионан экономикин географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Малхбузен а, Йуккъера а Хьалхара Кавказ — ладаме латталелоран кӀошт, Малхбален Хьалхара Кавказехь ду ахгӀум-аренан байданаш. Хьалхара Кавказан дукхаха йолчу кӀошташкахь йу мехкдаьттан (Русски Хутор, Маьлхбикан-МохьмадхитӀен, кхин а) а, газан (Къилбаседа-Ставрополан, Майкопан, Ленинградан, кхин а) меттигаш.

Политикин йекъайалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара Кавказан махкахь бу Къилба а, Къилбаседа-Кавказан а федералан гуонаш. Хьалхара Кавказехь берриг аьлча санна лаьтта Ставрополан мохк, Краснодаран мехкан а, Адыгейчоьнан а къилбаседа-малхбален дакъа, ткъа кхин а Ростовн областан къилба-малхбузен дакъа, Кхарачой-Чергазийчоьнан, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, Нохчийчоьнан, ДегӀастанан къилбаседа аренан кӀошташ.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Хаин В. Е. Новые данные по геологии Предкавказья и их значение для геологии Кавказа // Доклады АН СССР. — 1953. — Т. 90, вып. 2. — С. 132-133.
  2. 1 2 Гвоздецкий Н. А. Кавказ. — М.: Гос. изд-во географической лит-ры, 1963. — 260 с.
  3. 1 2 Шифферс Е. В. Растительность Северного Кавказа и его природные кормовые угодья. — М.-Л.: Изд-во АН СССР, 1953. — 399 с.