Нохчийн мотт

ХІара таптар Википедийара ду

(Перенаправлено с Нохчийн)
Перейти к: навигация, Лахар
Нохчийн мотт
Noxçiyn mott
Мехкаш: Нохчийчоь, Россе
КIошт: Кавказ
Мотт хууш бол нах: 1 300 000
Рейтинг:
Меттан доьзал: Къилбаседе-малхбален кавказан

 Нах
  Вайнах
    Нохчийн

Абат: Нохчийн абат
Йозанан статус
Йозанан мотт: Flag of Chechen Republic since 2004.svg Нохчийчоь
Долаш йол организаци:
Меттан кодаш
ISO 639-1: ce
ISO 639-2: che
SIL: CHE
МоттСписок меттанийн

Нохчийн мотт - Вайнех меттанийн тобе юкъабогIуш бу. Цунах тера - гIалгIайн а, бацойн а меттанаш бу. Нохчийн мотт буьйцуш дукхах болу нах Нохчийчохь а, ДегIастан Хасавъюьртан кIоштахь а бехаш бу. 2002 шарахь Нохчийчохь а Оьрсийчохь а бехаш бар 1360 эзар нохчий.

[xийца] Нохчийн абат

Таптарара: Нохчийн абат

XX-гIа бIешо доладалале нохчаш яздора Iаьрбийн элпнашца, амма 1925 шарахь Советан Iедало политикан бахьанаш хьалха даьхна, тIеийцара керла, латинийн бух тIехь йолу, нохчийн алфавит. Оцу алфавитан авторш бара: X. Ошаев а, М. Сальмурзаев а.

Latin alphabet.jpg

1938 шарахь оьрсийн, кириллицан алфавит тIе хийцара, цул хьалха хилйолу латинийн алфавит.

1991 шарахь Нохчийчоьно ша йозушйоцу пачхьалкх ю аьлла дIахьедар динчула тIаьхьа, юкъаяьккхина аьлла дIакхайкхира латинийн алфавит (туркойн кепехь). Делахь иза дIасаяржо аьтто ца белира, хIунда аьлча и боцург а, шортта тайп-тайпана баланаш Нохчийн къона пачхьалкхана хьалха хIиттина дела.

АБАТ Iамат. 1990 шо.

Ce cyrrilic alphabet.jpg

1992 шарахь тIелаьцна йолу алфавит.

Latin-1992.jpg

A a Ä ä B b C c Ċ ċ Ç ç Ç̇ ç̇ D d E e F f G g Ġ ġ H h X x Ẋ ẋ I i J j K k Kh kh L l M m N n Ŋ ŋ O o Ö ö P p Ph ph Q q Q̇ q̇ R r S s Ş ş T t Th th U u Ü ü V v Y y Z z Ƶ ƶ Ə ə

[xийца] Дожараш

Нохчийн цIе Оьрсийн цIе Ингалсан цIе Кеп 1 Кеп 2
ЦIерниг дожар Именительный падеж Nominative case Со ХIун
Доланиг дожар Родительный падеж Genitive case Сан Стенан
Лург дожар Дательный падеж Dative case Суна Стенна
Дийриг дожар Эргативный падеж Ergative case Ас Стен
Коьчалниг дожар Творительный падеж Instrumental case Соьца Стенца
Хотталург дожар Вещественный падеж Substantive case Сох Стенах
Дустург дожар Сравнительный падеж Comparitive case Сол Стенал
Меттигниг дожар Местный падеж Locative case Соьга Стенга

[xийца] Нохчийн маттахь долу илли

Ламанах духдуьйлу шал шийла шовданаш
Шиэн бекъачу кийрана Iаббалца ца молуш,
Iин кIоргиэ ва буьйлуш, мела муж ва муьйлуш,
Варшан йистиэ йолу маргIала сийна буц
Шиэн оьздачу зоьрхана буззалца ца юуш,
Орцал лахабуьйлуш, сема ладуоьйгIуш,
Иччархочун тоьпуо лацарна ва кхоьруш,
Дехачу диэгIана буткъа мотт хьоькхуш,
Мокхазан бердаха куьран га хьоькхуш,
Попан орамах торгIала тIа детташ,
Лергаш дуьхьал туьйсуш, кур аркъал туьйсуш,
Гу лекха буьйлуш, гIелашка ва гIергIаш,
Масаниэ сай лиэла гIелашца ва боцуш!
Вай биэн дац, ва кIентий, аьллар ца хуьлуш?
Кавказан меттанаш
Абазойн | Абхазхойн | ГIалгIайн | ЖIайхойн | Нохчийн | Тадыгийн
порталаш