Чулацаман тӀегӀо

Муцураев, Тимур Хьамзатан воӀ

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Муцураев, Тимур Хамзатович тӀера хьажжина кхуза)
Муцураев Тимур
Бакъ цӀе Муцураев Тимур Хьамзатан воӀ
Йуьззина цӀе Муцураев Тимур Хамзатович
Вина терахь 1976 шеран 25 июнь({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (48 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Жигараллин шераш 1991—2008
Пачхьалкх  ССРС
Нохчийн Республика Ичкери Ичкери
 Росси
Жанраш Авторан йиш


Арахьара суьрташ
Тимур Муцураев. meduza.io. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 27 май.Медузин тӀера Киселёва Мариян сурт

Муцура́ев Тиму́р Хьамза́тан воӀ (оьрс. Тиму́р Хамза́тович Муцура́ев ; вина 1976 шеран 25 июлехь, Соьлжа-ГӀала, ССРС) — нохчийн поэт, автор-йишлакхархо, тӀемло, Нохчийчура тӀеман девн декъахо НРИ тӀеман ницкъийн агӀора [⇨]. Цуьнан эшарш коьртаниг лерина йу Нохчийчоьнан маршонан къовсамна а, кхин а шина нохчийн-оьрсийн тӀемашна а, ислам динна а, хӀетте а кхоллараллехь хаъал меттиг дӀалоцу Даймахке болчу безамо а[⇨]. Цхьайолу цуьнан эшарш магийна йац РФ махкахь[⇨]. Кхел йина вац.

Муцураев Тимур вина 1976 шеран 25 июнехь, Соьлжа-ГӀалахь. № 30 йолчу йуккъерачу ишколан дешархо. Жимчу хенахь дуьйна спортехь вара. 1991 шарахь каратэ кепара латарехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР чемпион хилира[1].

1994 шо чекхдолучу хенахь дакъа лецира Нохчийчуьра хьалхарчу тӀамехь, тӀом бира НРИ йуккъерачу фронтехь[2][3]. Соьлжа-ГӀалин штурм дӀайаьлчи дехьавелира Гелаев Русланан тобане. Сиржа-Эвлахь чӀогӀа чов йира, велла а моьттура иза[4][5].

2000 шарахь Нохчийчохь жигара тӀемаш хиллачул тӀехьа Муцураевс республика йитира. Цхьаьна хаамашца иза дӀавахана Азербайджане, 2008 шо кхаччалц Бакохь ваьхна[3], кхечу хаамашца иза дӀавахна Туркойчу[2]. 2000—2008 шерашкахь иза масийттаза а хилла Украинехь[2].

2008 шеран майхь—июнехь Муцураевс шиъ аудиойаззам бина нохчийн маттахь, шена чохь вистхилира «Хьамзатан нахе» (вуьйцург Гелаев Руслан «Хамзат»), хаам беш, ша Кадыров Рамзанца цхьаьна кхетар хоуйтуш[4], кхайкхам бира нохчашна йукъара вежарий бойу тӀом сацабе аьлла. Цул тӀехьа иза йамарта веш бехкбилла болийра, амма цуьнца цхьаьна интернетехь гучуделира «Гелаев Хьамзатан Эмирийн кхеташонан кхайкхам» иза бакъ веш[3]. Цхьацца хаамашца, оцу хенахь дуьйна иза веха Нохчийчохь, амма кхин иллеш олуш вац[2]. Болх беш ву Йоккха АтагӀара Оьздангаллин цӀийнан куьйгалхочун даржехь.

Кхолларалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Арахьара видеофайлаш
Тимур Муцураев Добро пожаловать в АД — Youtubeра эшар
Тимур Муцураев - Иерусалим — Россехь видео гуш йац

Муцураев Тимуран кхолларалла гӀарадаьлла Нохчийчохь а, арахьа а. Хала боцучу гитаран мукъамашца исламах, джихадах, Нохчийчоьнах, доттагӀех лаьцна эшарш йаржаран шуьйра фактор хилла оьрсийн маттахь уьш лакхар[4]. Нохчичохь цуьнан кхолларалла гӀарадаьлла дара нохчийн сепаратисташна йукъахь а, оьрсийн салташна йукъахь а[2]. Цхьацца эшарш, тӀехьо Россехь экстремистийн леринчул тӀехьа, уьш хилира Нохчийчоьнан сепаратистийн а, вахьабийн боламан шакепара «шатлакхан иллеш»[6], иза гучуделира кхин тӀе нохчийн девнах лаьцначу исбаьхьаллин литературехь а[7].

Шен эшарш Муцураев Тимура лерина тайп-тайпанчу теманашна, коьртаниш динан а, историн а[2][6], оцу йукъахь Нохчийн исторех а, цуьнан шакепара хиларх а[4][6]. Кхоллараллехь коьрта меттиг дӀалоцу безаман темано — зударшка болу а, Даймахке болу а безаман темано. Амма уггар гӀараевлларш йара Яричев Асланан байташ тӀехь йаьхна эшарш, шен кхоллараллехь коьртачу меттехь йолу[8].

Тимура дийцарехь, цуьнан кхоллараллин уггар боккха Ӏаткъам бина 1990-гӀачу шерашкара рок-музыко, ма-дарра аьлча Metallica, Nirvana[2].

Муцураевс кхин а байташ йазйо Муцураев Тимерхан псевдонимца дахаран маьӀнех а, исламах а лаьцна[9].

«Марша догӀийла жоьжахате» (1995)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Муцураевс дуьххьарлера альбом йазйина 1995 шарахь шен 19 шо долуш. Альбоман цӀе а, иштта цӀе йолу эшар а нохчаша оьрсийн салташна 1994 шеран 31 декабрехь гӀалин дуьххьара штурм йолуш Соьлжа-ГӀалин пенаш тӀехь буьтуш хиллачу уггар баьржина йаззамех схьайаьлла[2].

«Гелаевн спецназ» (1996)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Муцураевн шолгӀа альбом. Йазйина Гелаев Русланан «Борз» батальонехь волчу муьрехь. Хьалхалерчуьца дуьстича хӀокху альбомехь алсама композицеш йу, дукхах ерш царех лерина йу тӀамехь кхелхинчарна. «Сиржа-Эвла» эшар лерина йу тӀамехь кхелхинчу доттагӀан Яхьяев Асланан, цуьнца цхьаьна 1980-гӀа шераш чекхдовлуш иза каратэ лелла, ткъа 1994 шарахь тӀамехь дакъалаца барт бина. Эшар шолгӀачу альбомехь арайаьллашехь, цуо дийцарехь цуьнца йолайелла цуьнан музыкин карьера[2].

«Йалсамане таррийн ӀиндагӀехь» (1997)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Оьрсийн салти (Нана, дӀавигахьа со Нохчийчуьра)» эшар йазйина боху кхелхинчу оьрсийн тӀемлочунгахь карийначу дӀатасанза долчу кехато Ӏовжийна. Эшар чӀогӀа хазахеташ йара оьрсийн тӀемлошлахь. Федералан командовани гӀоьртира Муцураевн эшарш йаржар сацо, амма и гӀуллакх аьтту болуш ца хилира цуьнан эшарш чӀогӀа гӀаръевлла хиларна[2].

«Оьрсийн салти (Нана, дӀавигахьа со Нохчийчура)» (1997)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Эшар «Оьрсийн салти (Нана, дӀавигахьа со Нохчийчура)» йазйина, дийцарехь, веллачу салтийчун киснахь карийна дӀадахьаз дисинчу кехато Ӏаткъам бина . Эшар чӀогӀа гӀарайаьлла йара оьрсийн тӀемлошна йукъахь. Федералан баьччалла гӀиртира ца маго Муцураевн эшарш йаржо, амма церан аьтто ца белира иза дан и эшарш чӀогӀа гӀарайевлла хиларна[2].

«Иерусалим» (1998)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Муцураевн кхоллараллехь альбом а, цуьнан коьртера эшар уггар гӀараевлла а лору[2][8]. Альбом Йеза меттиган, тӀеман, дахаран, безаман, антиизраилан тематикан лерина йу. «Иерусалим» эшар хезира Балабанов Алексейн «ТӀом» фильм йолалуш. Локхуш иза Муцураев, амма хазара иза сихйина рожехь (оригиналаца йуьстича), шаерг а ца хезира. Публицисто Шмулевич Авраама мах хадийна эшаран «уггар антиизраилан» йу аьлла, Муцураевн интервьюра дешнаш а далош, цигахь илланчо чӀагӀдо Иерусалим «къарйан» йезар[8]. Эшар экстремистийн материалийн исписка йукъахь йу, «ТӀом» фильм паргӀата йаржош йоллушехь, Россехь ша эшар йаржайаран мах хадо таро йу «экстремистийн материалаш массехь йаржайар» аьлла, иза административан низам дохадар ду[2]. Иерусалиман тема хуьлу Муцураевн кхечу эшаршкахь а[10][11].

«Дала мукълахь, бошмаш йу вайга хьоьжуш» (2001)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Альбоман цӀарехь ду бусулба пачхьалкхашкахь бусулбачара АллахӀа диначун реза хилар гойтуш лелош долу динан айдаран дош.

«Тхан йижарий»

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Тхан йижарий» эшар лерина 17 шо долчу Бараева Хьавана, машена чохь Российн блокпостан уллохь ша эккхийтанчу[12].

Россехь эшарш ца магайар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Муцураевн эшарш экстремистийн хилар ларарехь долу гӀуллакх кхаьчна Кемеровн областерачу Юрган гӀалин суьде 2008 шеран декабрехь, амма 20 эшар ца магайаран кхел 2010 шеран 14 апрелехь бен ца йина. Дуьхьанца масс эшар йара кегориг ца хаьа, амма «БухӀа» цӀе йолчу аналитикин центран хаамашца прокуратура гӀиртира ца маго 100 гергга эшар. Муцураевн дукхаха йолу эшарш хӀинци а ладогӀа йолуш йу, амма Экстремистийн материалийн Федералан испискера эшарш эфире хӀиттайар таӀзардеш ду. Масала, 2013 шеран 25 январехь Калугин областера Малоярославецкан кӀоштерачу № 37 йолчу машаран суьдхочо административан жоьпалле а озийна, гӀуда тоьхна Малоярославецкан кӀоштан вахархочун, цуо шен ВКонтакте агӀон тӀехь «Нохчий» цӀе йолу эшар хӀоттайарна[13].

Дукхах дерг бехкам болуш йу Яричев Асланан байташца эшарш[6][8]. Амма кхин йолу Муцураевн эшаршна вас йац российн Ӏедалан, ткъа кхин артисташ нахана йукъахь лакха а локху уьш[2][3].

Дискографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Смирнов А. Г. Тимур Муцураев, биография. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 18 февраль. Архивйина 2012 шеран 31 июлехь
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Казинник М. Добро пожаловать в ад. К 20-летию Первой чеченской. Михаил Казиник — о главных песнях Тимура Муцураева. Meduza. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 12 февраль. Архивйина 2015 шеран 5 сентябрехь
  3. 1 2 3 4 "Тимур Муцураев: Певец джихада призывает к миру?". REGNUM. 29 июня 2008. Архивировано из оригинала (Строка «9 января 2013» не является верной датой, пожалуйста, укажите дату в формате ГГГГ-ММ-ДД).
  4. 1 2 3 4 Сухов И. Аллах, свобода и джихад: на кого Россия опирается в Чечне? // Время новостей. — 2008. — 30 июнехь (№ 114). Архивйина .
  5. Щербакова, Шведов, 2004, с. 34.
  6. 1 2 3 4 Добаев, 2006, с. 86—88.
  7. Федотов, 2010, с. 40.
  8. 1 2 3 4 Шмулевич А. Поколение, которое выбирает джихад против поколения, выбравшего Пепси // Вести. — 2005. — 31 мартехь. Архивйина .
  9. Тимерхан Муцураев. Стихи.ру.
  10. Возможны ли в России «многоцветные революции»? evrazia.org (4 февраля 2006). Архивйина 31 июля 2012 Архивйина 2012-07-31 at archive.today
  11. Люсый А. Кавказский рок. Русскоязычная сепаратистская муза на фоне «Последней осени». apn.ru (26 сентября 2008). Архивйина 20 июля 2012
  12. Речкалов, 2005, с. 186.
  13. Федеральный список экстремистских материалов, поиск: «Муцураев». Сайт Министерства юстиции Российской Федерации. Архивйина 2019-09-07 — Wayback Machine

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Добаев И. П. Сетевые стратегии Запада на Юге России. — Кеп:Ростов н/Д: СКНЦВШ, 2006. — 168 с. — ISBN 5-87872-141-4.
  • Речкалов В. Живых смертниц не бывает: чеченская киншка. — Время, 2005. — 282 с. — ISBN 978-5-969-10046-6.
  • Федотов С. В. Дети Беслана: Сентябрь 2004. — Аураинфо, 2010. — 477 с.
  • Щербакова И. Л., Шведов Г. Быть чеченцем: мир и война глазами школьников. — Мемориал, 2004. — 222 с. — ISBN 978-5-983-79021-6.
  • Афанасьев, Александр. Территория тьмы. — 9 с.