Чулацаман тӀегӀо

Мокха хин олхазар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Мокъа хин олхазар тӀера хьажжина кхуза)
Мокха хин олхазар
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Burhinus oedicnemus (Linnaeus, 1758)
Ареал
сурт

  Бенаш до меттигаш

  Яржар

  Ӏа доккху меттигаш

Ларйен статус

Мокха хин олхазар[1] — (en. Burhinus oedicnemus ). Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа бIаьргаш а долуш, гIамаран басахь къорза букъ а болуш, можа зIок а йолуш. Оьрсаша "Авдотка" олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца кIайн моха ю тIемаш тIехь. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен гIамарлахь а, тIулган жагIи тIехь а бо цо, буха хIума а ца тосуш, жимма кIаг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жагIи а гIамарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, тIе ког баккха а тарло цуьнан хIоьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 кIорни хуьлу цуьнан. Стен - боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь гIеранаш йо. "Тар-ли-и... тар-ли-и", бохуш хуьлу цуьнан декар.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а.(нох.). — Соьлжа-ГӀала, 1992.