Мокха хин олхазар

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Moqa hin olhazar

Moqa hin olhazar, Мокха хин олхазар — (en. Burhinus oedicnemus ). Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа бIаьргаш а долуш, гIамаран басахь къорза букъ а болуш, можа зIок а йолуш. Оьрсаша "Авдотка" олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца кIайн моха ю тIемаш тIехь. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен гIамарлахь а, тIулган жагIи тIехь а бо цо, буха хIума а ца тосуш, жимма кIаг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жагIи а гIамарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, тIе ког баккха а тарло цуьнан хIоьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 кIорни хуьлу цуьнан. Стен - боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь гIеранаш йо. "Тар-ли-и... тар-ли-и", бохуш хуьлу цуьнан декар.

Súrtaş[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]