Микаил Маликан цӀарах килс

43°18′43″ къ. ш. 45°41′58″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Микаил Маликан Килс (оьрс. Храм Архистратига Божия Михаила)- Соьлжа-гӀалахь XIX-чу шарахь йина керста килс.

Сийлахь меттиг
Микаил Маликан цӀарах килс
оьрс. Храм Михаила Архангела
43°18′43″ къ. ш. 45°41′58″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
ГӀала Соьлжа-гӀала
Лаьтта меттиг Соьлжа-ГӀала
Дин Керста
Епархи Махачкалински
Йиллина терахь 1892 шо
Статус  ОТӀО № 2000120000№ 2000120000
ГӀирс Кибарчиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Килсан ансамбль архитектурин хӀоллам бу. Нохч-ГӀалгӀайн АССР-ан Министрийн Советан 413 № йолу Сацамца Пачхьалкхан Ӏуналлехь ю. XX-чу бӀешаран 80-чу шарашкахь килс а, килсан цӀено а цӀе кибарчигах йина куцчкъор долуш яра. Дуьххьара нохч-оьрсийн тӀом болабалле Нохч-ГӀалгӀайн республикехь болх беш шин килсах цхьаъ яра.

Килсан йоца истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

XIX-чу бӀешарахь Соьлжа-гӀалахь теркера гӀалагӀазкхий Ӏаш бара. Уьш керстанаш бара. Масех килс яра цу хенахь Соьлжа-гӀалахь. ГӀалагӀазкхийн гӀолоцург Делан Микаил Малик дара, церан лаам бара цун цӀарах килс ян. 1868-чу шарахь гӀоьнна тесна ахч вовхаштухуш цара болабира килсан гӀишло яран белхаш. ТӀулгах деш дара пенаш. Епархин кехаташ тӀехь дуьйцу,1890-чу шарахь белхаш сецара, ткъа 1892-чу шарахь килсан чохь хьалхара гӀуллакхаш дӀекхехьа доладира.

20-чу бӀешаран 80-чу шарашкахь килс а, килсан цӀено а цӀе кибарчиган куцчкъор долуш яра.

Шин тӀемашкахь хӀаллакйира килсан гӀишло. 2004-чу шарахь Россин Дуьхьало яран Министерстван дакъош дуьззина доцуш гӀо дарна тӀамо йохийна килс меттахӀоттийра. Федералан програмца Россин Госстрой фондер Соьлжа-гӀалахь килс ян ахч билгалдаьккхира. Хилла Нохчийн Республикин Президенто А. Д. Алхановс а, Премьер-министр Р. А. Кадыровс а жигара дакъалецира килсан гӀишло меттахӀоттош.

2006-чу шарахь белхаш чекхделира, ткъа чоьхьар белхаш (сийлахь нехан сарташ дӀахӀоттор а, пенаш хаздар а, чоьнаш кечъяр а) тӀаьхьо бен чекх ца делира.

Килсан чохь

2009-чу шеран 26 апрелехь Архиепископ Феофанс серлаяьккхира килсан чоь. Хилларг даз дарехь дакъа лецара Федерацин Советан хьалхара вице-спикер волу Александр Торшинс а, Нохчийн Республикин Президенто Р. А. Кадыровс а. Архиепископо дехар дира Кадыров Рамзаниг  килсе оьху нахан комплекс ян. И гӀишло ян хилла республикин онкологин диспансер латта делира епархин.

МозгӀарш:[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Иосиф (Орехов) (1935—1941, 1942—1945)
  2. Пётр Нецветаев (1992—1995)
  3. Анатолий Чистоусов (1995—1996)
  4. Евфимий (Беломестный) (1996—1997)
  5. Захария (Ямпольский) (1999)
  6. Варлаам (Пономарёв) (2004—2011)
  7. Григорий (Куценко) (2011-2016)
  8. Сергий (Абазов) (2016-2018)
  9. иеромонах Амвросий (Марченко) (2018 шеран август дуьйна)