Лу

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Лу

Нохчийн маттахь нох. Лу (оьрс. Косуля) олу. Когаш тӀехь лекха ду иза. ГӀорта еха ю цуьнан, корта жима бу. ДегӀан дохалла 100-155 см. Мунда йолчохь локхалла 75-100 см. Дозалла 20-30 кг. Бат жима ю цуьнан. Лергаш шуьйра а, деха а ду. ЦӀога, халла бен ца къаьсташ, доца ду. Боьршачу лун маӀаш ю 3-5 га долуш. ДегӀан бос цхьаъ бу, аьхка, цӀоьлла етталуш, хьаьрса, Ӏай сиро бос хаалуш мокха. ЧукӀело а, гоа тӀехьа а кӀай ю жимма можа бос а бетталуш. Чо морса а, каглуш а бу цуьнан. Къоначу лун цӀока къорза хуьлу, кӀай я можа тӀедарчий а долуш.

  • Лу долу меттигаш: Малхбузе, Европан юккъерчу декъехь, Кавказехь, Закавказехь, Къилбехьа Уралехь, Сибрехахь, Казахстанехь Генарчу Малхбалехь, Юккъерчу Азехь ду уьш. Хьун нилха йолчохь а, цанашлахь а, тогӀешкахь а дежа уьш. Къона маргӀал а, гӀаш а доу цара, дечагийн чӀенгаш а, буц а, бецан гӀовда а йоу, хьуьнан стом а боу.
  • Аьхкенан заманчохь сарахь, Ӏуьйранний дежа уьш. Ӏай а, кхоларш яьлчи а дийнахь дежа. Аьхка цхьацца долий лела уьш. Важа йолчу хенахьреманашца лела. Август баттахь оре догӀу. Май-июнь баттахь боьхьигаш йо 1-2, кхоъ еш меттиг а хуьлу. Сте лу 14-15 бутт кхаьччи оре догӀу. Боьрша лу кхозлагӀчу шарахь бен оре ца догӀу.
  • Герггарчу хьесапехь вайн республикехь 3000 лу ду. Ламанца ду уьш, дукхах дерш.



Хьажа. кхин

Вайн махкан акхарой

Хьажоригаш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш