Кальдера

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мауна-Лоа тӀапломан кальдера

Кальде́ра (схьадаьлла испан. caldera — боккха яй[1]) — шуьйра цирк кепара тӀапломо йина боьра, дукха хьолахь Ӏункара бердаш а болуш, мелла а нийса бух а болуш хуьлу. Иштта рельефан чутаьӀна меттиг кхоллало тӀаплам тӀехь кратеран пенаш доьхчи я бохаман Ӏаьттор нисделчи.

Кратерах кальдера къаьста кхоллаяларан башхаллашца а, баккхий барамашца а[2]. Кальдера пурхаллехь шорло 10—20 км, кӀоргаллехь масех бӀе метр[3]. Дукха хьолахь кальдерашка хьажийна ю фумаролаш а, грифонаш а.

1,8 эзар квадратан километр майда йолу уггаре йоккха кальдера лаьтта ХӀиндонезин Суматра гӀайрен тӀиера Тоба супертӀапломан тӀаьхь[4].

Наггахь хаало тӀапломах евлла йоцу кальдераш, уьш довлар доьзна ду тӀехуларчу хьолашкара магматикан процессех я йолу кратераш эрози бахьнехь шоръяларех[5].

Мазама тӀапломан кальдераш кхоллаяларан тӀегӀанаш

Кальдерийн классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Генетикан классификацица, кратераш санна, кальдераш декъало шина тайпана[3]:

  1. Эккхаран кальдераш (я лелха кальдераш) — кегийра кальдераш, кхоллаелла йолу чӀогӀа эккхар а хилла Ӏаьтточу хенахь. Масалаш: Бандайсан тӀапломан кальдераш а, Ротомахана Ӏам а Таравера тӀаплам тӀаьхь.
  2. Дохаран кальдераш (я гравитацин) — и тайпанаш алсама даьржина ду, иза кхоллало очакх гуонахьара кеггарш охьаховшар бахьнехь, ткъа иштта тӀапломан дегӀан чохь а[1]. Магман камера яссош баккхий Ӏаьттораш хилча тӀаплам бохабо, тӀапломан бухан дакъошкахула, хӀозан лелхаршкахь я беккъа турсан тӀаплом баххьашкахь. Масалаш: Узон, Мауна-Лоа, Килауэа тӀаплаьмнийн кальдераш.

Кальдеран классификаци еш лелайо иштта петрогенетикан классификаци.

Кальдера кхоллаяларан модель

Карладевлла кальдераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ТӀапломан жигаралла хила таро ю кальдера йоьхначул тӀаьхьа а, хуьлу иза тӀаьхь-тӀаьхьа юзарца тӀапломан породашца. Жигаралла карлаялар хила тарло кальдеран бух нартолкепара айабаларца, наггахь километр а, сов а. Смита а, Бейлис а карладевлла кальдерех Валлис тайпана алар кховдийра.[6]

Ишттачу айбадаларшкахь кальдеран бухан породаш оза а лой, лелха, грабенаш а, хӀозкеепара лелхарш а хуьлу, царна дохалла хила тарло тӀаьхьарчу Ӏаьтторийн яккъаш. Масала ду Валлис кальдера АЦШ, Невадан Тимбер-Маунтин Джемец лаьмнашкахь. Уггаре йоккхачех цхьаъ лору Айленд-Парк кальдера, 80×65 км барамца.

ТӀапломан йоцу кальдераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу кальдерийн кепаш билгалйохура уьш Ӏаморан юьхьанца дуьйна. Х. Реккас къастийра интрузиван кальдерийн тоба, уьш кхоллало кӀоргенашкахь магма меттах даьлчи, ткъа Х. Уильямса къастийна дохаран ийна кальдерийн тоба, уьш кхоллало интрузин дегӀан барамаш а, кеп а хийцар бахьнехь[7]

Иштта къастадо шуьйра цирк санна долу, эрозин кальдераш, тӀапломан басехь цхьаьна агӀора йиллина хуьлу иза. Кхоллало тӀапломан кратер эрозин процессаш шордар бахьнехь — мохца дохор а, шалаьмнийн экзараци а. Нисса иштта Ӏалам ду Козельски ломан кальдеран[8].

ГӀарадевлла кальдераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Африка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ази[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀиндонези
Росси
Филиппинаш
Япон
Кхин мехкаш

Къилбаседа Америка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Канада
АЦШ
Аляскера Маунт Аниакчак тӀапломан кальдера
Килауэа тӀапломан кальдера Гавайш гӀайренаш тӀехь

Къилба а, Латинан а Америкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сальвадор
Чили
Эквадор
Кхин мехкаш

Европа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Желтойчоь
Эгейн хӀорд чуьра Санторин тӀапломан хин буха яхана кальдера
Исланди
Испани, Канаран гӀайренаш
Пальма гӀайрен тӀиера Табуриенте кальдера
Итали
Шотланди
Кхин мехкаш

Океани[нисйе бӀаьра | нисйе]

Папуа — Керла Гвиней

Антарктида[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхин мехкаш

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. RIDERO. Издательские решения. 2016. 224 с.