Антарктида

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Антарктида
Мохк14 107 000 км²
Бахархойгуттаренна беха бахархой бац, полюсийн станцийн белхалой: аьхка 4000 стаг гергга, Ӏай 1000 стаг гергга. стаг
Йукъахь йу0 пачхьалкхаш
Моттдац 
Интернет-доменаш.aq 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Антарктида[1] (желт. ἀνταρκτικός — Арктикан дуьхьало) — континент, лаьтта Дуьненан уггаре къилбехахь. Антарктидин йукъ гергга йу Къилба полюсан. Бердашца ду Атлантикин, ХӀиндин, Тийна Ӏапказаш. 2000 шарахь дуьйна Антарктидин бердашкара 60° къ. ш. къилбехьара хишшах, Дуьненайукъара гидрографин кхолламан сацамца олу Къилба Ӏапказ[2][3].

Континентан майда йу 14 107 000 км² (царех шельфан шалаьмнаш — 930 000 км², гӀайренаш — 75 500 км²). Къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц 3000 км гергга йеха йу, ткъа малхбузехьара малхбалехьа — 4500 км[4]. Антарктидин локхаллин йуккъера барам массо а континентел боккха бу. Шелонан полюс йоцург, Антарктидехь йу хӀаваан тӀуналлин дустаран уггаре лахара барам болу, уггаре чӀогӀа а, дукха лаьтта а мох болу, уггаре жигара мелхан радиаци йолу меттигаш[5].

Антарктида кхин а олу Антарктида материках а, гуонахьара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах.

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Антарктида» цӀе йу желтойн дешан ἀνταρκτική роман йина верси — зударийн тайпа ἀνταρκτικός дешах[6], цуьнан маьӀна ду «Арктикин дуьхьала», «къилбаседин дуьхьала»[7].

Цхь «антарктикин регион» йийцина шен «Метеорологика» жайнахь Аристотела (Вайн эрал 350 шо гергга хьалха)[8]. II бӀешеран ширажелтойн географо а, картографо а, математико а Тиран Марина и цӀе лелийна вайн деношка ца кхаьчна дуьненан картин тӀехь. Руман йаздархоша Гай Юлий Гигина а, Апулейс а (I—II бӀешераш) лелийна роман йина желтойн цӀе Pólus antarcticus къилба полюс билгалйоккхуш[9][10], цунах схьадаьлла ширафранцузийн pole antartike (хӀинца йаздо — pôle antarctique), дӀайаздина 1270 шарахь, цуо шен рогӀехь даьккхина, йуккъераингалсан pol antartik Чосер Джефринан 1391 шеран трактатехь (тахана йаздо — Antarctic Pole)[11].

ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».

1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент»[12].

ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».

1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент»[13].

Дуьххьара континентан официалан «Антарктида» цӀе 1890-гӀа шерашкахь лелор тӀейаздина шотландин картографан Бартоломью Джон Джорджана[14].

ДӀайеллар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кховдийна Антарктидин байракх
Антарктидин спутник тӀера сурт
Антарктидин карта

Антарктида дӀайиллира 1820 шеран 16 (28) январехь куьйгаллехь Беллинсгаузен Фаддей а, Лазарев Михаил а волу оьрсийн экспедицис, уьш шлюп-кеманаш «Малхбале» а, «Машаре» а аьттехьа бахара шельфан шаломан 69°21′ къ. ш. 2°14′ м. д.HGЯO меттигехь (хӀинцалера Беллинсгаузенан шельфан шаломан кӀошт). Цул хьалха къилба материк (лат. Terra Australis) хилар чӀагӀдора гипотезашца, дукхаха иза дӀатухура Къилба Америкех (масала, 1513 шарахь Пири-рейса хӀоттийна картин тӀехь) а, Австралех а.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А.Т. Карасаев, А.Г. Мациев)
  2. Южный Океан(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  3. Ю́ЖНЫЙ ОКЕА́Н // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  4. Материк Антарктида(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  5. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху антарктика тIетовжаран йоза йаздина дац
  6. Liddell, Henry George; Scott, Robert. A Greek-English Lexicon(ингалс.) / Crane, Gregory R.. — Tufts University. — (Perseus Digital Library). Архиван копи 2014 шеран 15 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  7. Hince, Bernadette. The Antarctic Dictionary(ингалс.). — CSIRO Publishing, 2000. — P. 6. — ISBN 978-0-9577471-1-1.
  8. Aristotle. Meteorologica.. Book II, Part 5. 350 BC. Translated by E. Webster. Oxford: Clarendon Press, 1923. 140 pp.
  9. Hyginus. De astronomia.. Ed. G. Viré. Stuttgart: Teubner, 1992. 176 pp.
  10. Apuleii. Opera omnia.. Volumen tertium. London: Valpy, 1825. 544 pp.
  11. G. Chaucer. A Treatise on the Astrolabe.. Approx. 1391. Ed. W. Skeat. London: N. Trübner, 1872. 188 pp.
  12. Происхождение названия Антарктида(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  13. Происхождение названия Антарктида(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  14. John George Bartholomew and the naming of Antarctica, CAIRT Issue 13, National Library of Scotland, July 2008, ISSN 1477-4186, and also The Bartholomew Archive(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «autogenerated2» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]