Жуьгтийн абат

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Жуьгтийн йоза
Йозан тайпа консонантан
Меттанаш иврит, Ӏарамийн мотт, идиш, сефардийн мотт, кхин жуьгтийн меттанаш
Кхолладелла меттиг Гергара Малхбале
Кхоьллина терахь вайн эрал VI—II бӀешо хьалха[1]
Мур вайн замане кхаччалц
Йозан агӀо аьтту агӀонера аьрра агӀорхьа
Шира документ Товрат
Схьадалар

финикийн йоза

Ӏарамийн абат
Гергара Ӏарамийн абат, Ӏаьрбийн абат
Юникодан диапазон U+0590 … U+05FF, U+FB1D … U+FB40
ISO 15924 Hebr
Йозан масала

Жуьгти́йн а́бативритехь а, ткъа иштта идишехь а, ладинохь а, диаспоран кхечу жуьгтийн меттанийн абат. Ивритехь консонантан йоза леладарна, абат лаьтта мукъаза элпех; амма цхьадерш царех леладо иштта мукъа элпаш дӀаяздеш ивритехь а, диаспоран кхечу меттанашкахь а. Иштта лелийна караимийн а, крымчакийн меттанашкахь.

Абат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абатехь 22 элп ду, даккхий элпаш дац. Пхи элп шина кепара яздойла ю — коьртаниг (леладо дешан юьххьехь а, юккъехь а) а, чеккхарниг а. Ивритехь дерриг элпаш мукъаза ду, амма диъ царех — א алеф, ה хе, ו вав и י йод — наггахь леладо мукъа элпаш яздеш (матрес лекционис). Мукъа элпаш дӀаяздархьама лелайо хьаьркийн диакритикан система «Некудот», элпан тӀехула я бухахь тӀадамаш хӀиттор. Хьалха лелийна иштта лерина хьаьркаш (таги), цара цхьадолу жуьгтийн абатан элпаш кечдеш бустаман роль кхочуш йо. Идишехь абат юьзина ю: א алеф, ו вов, י йуд и ע аен элпаш мукъаза элпийн роль яйина, царех хилла мукъа элпаш, цул сов, диграфаш ю цхьайолу дифтонгаш билгалйохуш.

Жуьгтийн элпаш иштта леладо терахьаш яздеш, хӀора элпах тесна ду терахь — гематри.

Таблица[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элп Терахь-
хьан
барам
(гемат-
ри
)
ЦӀе Транслитераци Алар (МФА)
юьхь.
ср.
чекх. Стандарт-
ное
Ашкен-
азийн
Иврит Нохчийн Дуьнена-
йукъара
Дац-
дина
Жуьг-
тийн
Ашкен-
азийн
Сефар-
дийн
Реконструкци
Мишна Библ.
1 א 1 А́леф А́леф אָלֶף ', а, е ʾ ' [ ʔ, - ] [ — ] [ ʔ, - ] [ ʔ, - ] [ʔ ]
2 ב 2 Бет (вет) Бейс (вейс) בֵּית б, в b, ḇ b, v [ b, v ] [b, v~v̥ ] [ b, b~β~v ] [ b, β ] [ b ]
3 ג 3 Ги́мель Ги́мл גִימֶל г, гӀ g, ḡ g [ ɡ ] [ɡ~ɡ ̊] [ ɡ, ɡ~ɣ ] [ ɡ, ɣ ] [ ɡ ]
4 ד 4 Да́лет До́лес דָלֶת д d, ḏ d [ d ] [ d~d̥ ̊] [ d̪~ð ] [ d̪, ð ] [ d ̪]
5 ה 5 Хе Хей הֵא хӀ h, Ḏ h [ h~ʔ, - ] [ h, — ] [ h, — ] [ h, — ] [ h ]
6 ו 6 Вав Вов וָו в, о, у w w [ v ] [ v~v̥ ] [ v ] [ w ] [ w ]
7 ז 7 За́ин За́ин זַיִן з z z [ z ] [ z~z̥ ] [ z ] [ z ] [ dz ]
8 ח 8 Хет Хес חֵית хь h`, x [ χ~ħ ] [ x ] [ ħ ] [ ħ, x ] [ ħ, x ]
9 ט 9 Тет Тес טֵית т t` [ t ] [ t ] [ t̪ ] [ t̪ˁ ] [ t̪ʼ ]
10 י 10 Йод Йуд יוֹד и, й y y [ j ] [ j ] [ j ] [ j ] [ j ]
11 ‭כ ך 20 Каф (хаф) Коф (хоф) כָּף къ k, ḵ k, kh [ k, χ ] [ k, x ] [ k, x ] [ k, x ] [ k ]
12 ל 30 Ла́мед Ло́мед לָמֶד л l l [ l ] [ l~ɫ ] [ l ] [ l ] [ l ]
13 ‭מ ם 40 Мем Мем מֵם м m m [ m ] [ m ] [ m ] [ m ] [ m ]
14 ‭נ ן 50 Нун Нун נוּן н n n [ n ] [ n ] [ n̪ ] [ n̪ ] [ n̪ ]
15 ס 60 Са́мех Со́мех סָמֶך с s s [ s ] [ s ] [ s ] [ s ] [ ts ]
16 ע 70 А́ин А́ин עַיִן Ӏ ` ` [ ʔ ~ ʕ, – ] [ — ] [ ʕ, ŋ, – ] [ ʕ, ɣ ] [ ʕ, ɣ ]
17 ‭פ ף 80 Пе (фе) Пей (фей) פֵּא п, ф p, ph p, ph [ p, f ] [ p, f ] [ p, f ] [ p, ɸ ] [ p ]
18 ‭צ ץ 90 Ца́ди Цо́ди, цо́дик צָדִי ц s` [ ʦ ] [ ʦ ] [ ʦ ] [ sˁ ] [ʦʼ, ʧʼ, t͡ɬʼ]
19 ק 100 Коф Куф קוֹף к k k [ k ] [ k ] [ k ] [ q ] [ kʼ ]
20 ר 200 Реш Рейш רֵיש р r r [ ʁ ] [ ʀ ] [ r~ɾ ] [ ɾ ] [ ɾ ]
21 ש 300 Шин (син) Шин (син) שִין ш, с š, ś sh, lh [ ʃ, s ] [ ʃ, s ] [ ʃ, s ] [ ʃ, ɬ ] [ ʧ, t͡ɬ, s ]
22 ת 400 Тав Тов (сов) תָו т t, ṯ t, th [ t ] [ t, s ] [ t̪, θ ] [ t̪, θ ] [ t̪ ]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Израилехь лелайо коьртаниг элпийн стандартан цӀераш ашкеназийн цӀерийн элементашца.
  • Таблицехь йелла нохчийн транслитераци, уллера бен йац.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вайн эрал I эзар шо хьалха (960—585) жуьгтий лело буьйлало ширажуьгтийн йоза — вайн эрал 2-гӀа эзар шеран чеккхенгахь Гергарчу Малхбалехь шуьйра лелош хилла долу финикийн системах тера. Девзаш долчу тептарех и система лелош уггаре шираниг ю Тель-Зайитера абат, Гезерера табличкаш (вайн эрал ~950 шо хьалхара, Сулейман паччахьан мур), ткъа иштта иэс а, кхин Меса (Моавитийн паччахьан, вайн эрал ~850 шо хьалха) йозанаш а. Ширажуьгтийн йозан дукхаха йолу башхаллаш когаметта йисина самаритийн йозан.

Вавилонан йийсаралла долчу заманахь жуьгташа тӀаьхь-тӀаьхьа сацадо шира йоза лелор, вайн эрал 535 шо хьалха дехьабовлу вавилонан Ӏарамийн йозан (шен рогӀехь иштта схьадаьлла долу финикийчух), цунах олу жуьгтийн квадратан йоза.

Юккъерачу бӀешерашкахь хӀора регионехь шайн-шайн хотӀаш юкъадевллашехь, оцу абатан элпаш яздар вайн замане кӀезиг хийцаделла кхьаьчна. Жуьгтийн меттанаш кхоллалуш диаспораша жуьгтийн квадратан ный шрифт и меттанаш яздарехь лелийра.

Квадратан элпаш дукха хьолахь леладо архитектура хазъеш. Баккхий кхиамаш баьхна каллиграфин а, микрографин а говзаллаш.

Элпаш дахкаран варианташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элпан цӀе Варианташ
ХӀинцалера Шира
Вениз ярца Вениз янза Моношораллин Куьйга йоза Раши Финикийн Ӏарамийн
Алеф א א א Aleph
Бет/Вет ב ב ב Beth
Гимель ג ג ג Gimel
Далет ד ד ד Daleth
Хе ה ה ה He
Вав ו ו ו Waw
Заин ז ז ז Zayin
Хет ח ח ח Heth
Тет ט ט ט Teth
Йуд י י י Yodh
Каф/Хаф כ כ כ Kaph
Каф/Хаф (чеккхенгара) ך ך ך
Ламед ל ל ל Lamedh
Мем מ מ מ Mem
Мем (чеккхенгара) ם ם ם
Нун נ נ נ Nun
Нун (чеккхенгара) ן ן ן
Самех ס ס ס Samekh
Аин ע ע ע Ayin
Пей/Фей פ פ פ Pe
Пей/Фей (чеккхенгара) ף ף ף
Цади צ צ צ Sade ,
Цади (чеккхенгара) ץ ץ ץ
Куф ק ק ק Qoph
Рейш ר ר ר Res
Шин/Син ש ש ש Sin
Тав ת ת ת Taw

Билгалдаккхар. Таблицехь доцу ширажуьгтийн элпаш дахкарца тера ду буквы финикийчех.

Динан маьӀна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элпийн мистикан маьӀна доьллу каббалан литературехь: Зогар жайнахь (дакъош «Раби Амнона-Саба элпаш» а, «Ситрей отийот» а) а, мидрашех «Отийот де раби Акива» («рабби Акиван» элпаш) а.

Сийлахь жайнин маьӀна деш а, къайлаха маьӀна лохуш а леладо гематри (элпийн терахьийн маьӀнийца ларар) а, темура (цхьадолу элпаш кхечаьрца хийцаран таблица).

Тайп-тайпана абаташ ю лелош Жайнан маьӀна доккхуш:

אתב"ש א хуьйцу ת, ткъа ב хуьйцу ש, иштта кхин дӀа а.

תשר"ק абат юханехьа.

אי"ק בכ"ר

цхьаъ, иттаннаш, бӀенаш (гематри)

אטי"צ 1 хуьйцу 9-ца, 2 хуьйцу 8-ца кхин дӀа а; изза иттаннашца а, бӀенашца а. ה,נ,ך элпийн маьӀна, догӀу, — 5, 50, 500, — хийца а ца ло.[2]

Зоар жайнахь кхетадо, кӀайн баса тӀехь Ӏаьржа элпаш дахкаро дӀало каббалахойн кхаьчна тайп-тайпана хила тарло юкъаметтигаш Ӏаламан ницкъашна йукъара, уьш хаа ца ло адаман синхааман пхеа меженан.[3]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Encyclopedia Britannica // Hebrew alphabet "Between the 6th and the 2nd century bce, Classical, or Square, Hebrew gradually displaced the Aramaic alphabet."
  2. См. «Сефер аАрахим Хабад», часть 1, 1971, «Кэат», Нью-Йорк (иврит)
  3. Книга Зоар. Буквы раби Амнона-Саба, пп.22-39 Архивйина 2019-05-18 — Wayback Machine