Жуьгтий

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Жуьгтий

Шен цӀе יהודים
Дукхалла 13,626[2]—13,855 млн[1]
ДIасакхалхар

 АЦШ: 5 425 000[1]6 814 000[2]
 Франци: 478 000[2][1]
 Канада: 380 000[2][1]
 Йоккха Британи: 290 000[2][1]
 Росси: 82 644[3]
 Аргентина: 181 500[2]
 Германи: 108 000[2]
 Австрали: 112 500[2]

 Бразили: 85 200[2]
Дин Иудаизм
Йукъабоьду Самхой[d]
Этносин тобанаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Жуьгтий, ЯхӀудий, Ӏебархой (ӏебар. יְהוּדִים‎ — «йехӀудим», идиш ייִדן/אידן — «(й)идн», Ӏаьр. يَهُود‎‎ — «яхӀуд», ЯхӀуде йиллина цӀе йу) — иза самхойх схьадалар долуш къам ду, ширачу Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхийн бахархойх схьадаьлла долу, дуьненан дуккха а мехкашкахь дехаш долу, амма 1948-чу шарахь дуьйна иштта йолуш йу жуьгтийн пачхьалкх Исраил. Уьш схьакъаьсташ бу жуьгтийн динна йа оцу динах схьайаьллачу культурина а, тӀаьхьалонна а тӀаьхьабазарца. Бабило йийсарбиначул тӀаьхьа уьш бекъабелла яхӀудашка а, самирихошка а. Жуьгтийн дукхалла 2018-чу шар чохь лерича 14,6—17,8 млн гергга адам ду, «Berman Jewish DataBank» ма-бохху; царах 44,9 % Исраилехь Ӏаш бу, ткъа 39 % Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бу.

Жуьгтийн дин дуккха а хийцамашкахула чекхдаьлла историн йохаллехь, къаьсттина ЯхӀудан пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа а, ШолгӀа килс йохийначул тӀаьхьа а, вайн эрин хьалхарчу бӀешарахь.

Ширачу весет чохь «яхӀуди» олучу терминан бух бевзаш бац. Амма и термин йалийна йу динан хьосташкахь а, Библин тептаршкахь а. Оцу хьосташа гойту «йахӀуди» олу термин ЯӀкъуб пайхамаран кӀанте ЯхӀуде йоьрзуш хилар.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 JEWISH POPULATION IN THE WORLD AND IN ISRAEL (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). cbs.gov.il (2013). — Statistical Abstract of Israel 2013 - No. 64 Subject 2 - Table No. 11. Теллина 2013 шеран 16 сентябрехь.
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 ANNUAL ASSESSMENT 2013-2014(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  3. Еврейское население России может сократиться вдвое. Независимая газета (2023, 20 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2023 шеран 22 июнехь. Теллина 2023 шеран 22 октябрехь.