Дингат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ласка
Дингат
Дингат
Ӏилманан классификаци
Дуьне: Дийнаташ
Тип: Хордови
Класс: Декха дийнаташ
Тоба: Акхарой
Доьзал: Куньи
Тайп: Дингаташ а пашбукъаш а
Куц: Дингат
Латинан цӀе
Mustela nivalis
Linnaeus, 1766
Ареал
сурт
ITIS 180554
NCBI 36239

нох. цӀецайоккхург (оьрс. Ласка) олу.Дингатах нохчаша "цӀецайоккхург" олу. "Дингат" аьлла цуьнан цӀе яьккхича иза кертара дӀайоьда олуш ду. Цундела иза кертара дӀа ца яхийта "кхобу" цуьнан цӀе. Иза кертахь хилар пайдехь хета адамашна. ХӀунда аьлча, цо мукадехкий а, дехкий а хӀаллакдо. Иза дехо дуткъа дегӀ а долуш, дехках тера жима экха ду. Луьстта ира цергаш ю цуьнан. Кегийра кхоьлина бӀаьргаш ду. Ша дайанчу дехкийн хье боу цо . Хье биъна дуьзчи а цаӀеш дехкий дойу цо, шена тӀаьхьало еш. Кхин дахка ца карош ша мацделчи юха догӀу иза, ша тӀаьхьалонна дитначу дехкашна тӀе. Цуьнан садоӀуш хан ян а яц. Буса а, дийнахь а толлу цо дехкашна. Цхьана дийнахь бусий 10-15 дахка боу цо ша оццулла жима доллушехь. Хаддаза уьдуш леларо мацдо иза. Цундела сих-сиха доу цо и пхьор. Герггарчу хьесапехь 2-3 эзар дахка боь цо цхьана шарахь. ГӀодмин такхорана кӀелахь карийна 450 дахка. Дингато дойуш гулдина хилла уьш. Дингат керта кхаьчначу меттехь дехкийн хӀу дов. Цхьанхьара ша уьш хӀаллакдича кхоьчахьа дехкий долчу дӀадоьду и жима экха. ХӀусам дехкашкара схьайоккху дингато. Дехкан Ӏуьрг шор а дой, цу чохь шена кӀеда мотт буьллу цо екъачу бецах я ша дайанчу дехкийн цӀокарчех.

  • Кхоъ, йиъ, иссанна тӀекхаччалц хуьлу дингатан кӀорни. Цо кӀорнеш шарахь моссазза йо хууш дац. Шеран цхьана заманчохь ца йо цо уьш. Ӏаьнан а, аьхкенан а, бӀаьстенан а, гуьйренан а, муьлххачу а баттахь карош хуьлу цуьнан кегийра кӀорнеш. Дингато бецан меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а доь гӀортантӀера цӀий лела пха а хадабой. ГӀиргӀано мӀарашца катоьхна дадийчи, шен и гӀорта яхъеш, дӀакхевдина цуьнан лаг а хадийна дингат цуьнца охьадоьжна меттигаш а хилла.
  • Цхьана таллархочунна пхьагал уьдуш, готуьйсуш, кхиссалуш карзахъяьлла гина. Цецваьлла иза пхьагало лелочух. Дукха хан ялале пхьагал йоьжна. Таллархо, когаш а хьоькхуш леш йоллучу пхьагална тӀевахча, цунна юххера дӀаедда дингат. Цо логах а тасаелла лаг цоьстуш холчу хӀоттийна хилла пхьагал. Дехкал бен доццушехь иштта шел йоккхачунна а кхераме экха ду иза.
  • Адамашна зиэделла хилла буьйсанна божли чохь говро мийраш бетташ, синтем байна деш дерг. Ӏуьйранна хьацар а долий, гӀеллой карош хилла говр. "ГӀам ду цунна и ницкъ беш дерг" олуш хилла говр йолчу дас.
  • Иштта говро сагатдеш хезчи, фонарь а буйнахь чувахча, говр йолчу дена говран кхесса юккъера хьала а яьлла дӀайоьдуш гина дингат. Иза кхеса юккъе яьлланчу меттехь, вортанах хьаладевлла цӀийн тӀадамаш гина говр йолчу дена. Говран синтем байна корзахъялар лаа ца хилла.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Вайн махкан акхарой

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]